Юкъаралла питанашна, эладиташна дуьхьал ю

    ХIокху деношкахь мехала кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Дадаев Ризвана. Цигахь дакъалоцуш вара граждански юкъаралла кхиоран а, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу адамийн бакъонаш ларъяран а Советан Председатель Алиев Тимур, Нохчийчоьнан къанойн Советан Председатель Ахмадов Сайд-Iабдулла, ткъа иштта коммерчески йоцчу организацийн жигархой, кхиберш.pravoz

    Кхеташонан юьххьехь Дадаев Ризвана довзийтира кхузахь дийцаре дан лерина гIуллакх а, вовшахкхетаран бахьана а. Цо аьлла ма-хиллара, социальни сеташкахь доккха эладита даржийна, харцдерг дуьйцу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана системни йоцчу оппозицин хьокъехь аьллачуьнца доьзна. Вайн къоман тхьамда лар а веш, и харцо яржош болчарна хьакъ доллу жоп дала деза Нохчийчоьнан юкъаралло.

«Махкахь долчу хьолах пайда а эцна, цхьаболу нах шайн ницкъ ма кхоччу и хьал карзахдаккха, питана даржо гIерта. И деш берш бакъдерг бен дийца дезаш боцу нах бу. Амма уьш Iедална лен а, махкахь долчунна харцдерг кхолла а Iемина бу. И болх барна царна луш ахча ду», – бохура Дадаев Ризвана.

Цо дийцарехь, хIокху хьолехь шайн ондда дош ала декхарийлахь бу нохчийн бакъонашларъярхой. Царна тIехь доккха жоьпалла ду. «Халкъан бакъонаш ларъеш болчеран коьрта декхар ду юкъаралла цхьаьнатохар, цуьнан барт бар, галморзахаллаш  юкъара дIаяхар. И юкъаралла  екъа а, хьал карзахдаккха а, Iедална а, юкъараллина а юкъа питана таса а ца гIерташ, царна юкъахь барт бан хьажар ду бакъонашларъярхойн коьртачех цхьа декхар», – чIагIдира департаментан директора.

– Нохчийн халкъалахь цкъа а сий-ларам ца хилла юкъараллехь питана даржош болчу, адамаш карзахдохуш болчу нехан, – дIадолийра шен къамел Ахмадов Сайд-Iабдуллас. – Вайна дика дагайогIу нохчийн халкъ Iазапехь латтийна хенаш. ХIетахь цхьаьннан а дош ала, шена хетарг довзийта йиш яцара. Тахана республика когаяхана Нохчийчоьнан Куьйгалхочун хьуьнар бахьана долуш. Цундела халкъ цунна гуонаха ваьштатаIа деза, цхьаьна а кхетта, харцонна, питанна, эладиташна дуьхьал гIатта деза, – бохура цо.

Ткъа шен къамелехь Алиев Тимура тидам тIебахийтира и питанаш, эладитанаш даржош, юкъараллехь резадацар кхолла гIерташ берш, либералийн кхайкхамашна тIехьа а лечкъаш, шайн хьал-бахам стамбан лууш болу нах хиларна. Церан бала бац махкахь хуьлуш долчун а, хила тарлучун а.

– Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, вайн республикина а дуьхьал либералаша долийначу питанашна, эладиташна, харцонашна реза цахилар дIахаийта бакъо ю нохчийн халкъан, иза дIахаийта а деза. Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) карикатураш яхкарна реза цахилар хоуьйтуш, дIадаханчу шеран 19-чу январехь боккха гулам дIабаьхьира нохчийн халкъо. Цхьа миллион сов стаг вара цигахь вовшахкхеттарг. ХIетахь вай дуьненна а гайтира вайн барт хилар, вай цхьаъ хилар. Вай вовшахкхета дезаш бахьана ду хIинца а, – дIахьедира цо.

Кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу юкъараллин кхечу организацийн векалша а даррехь дIахаийтира Нохчийчоьнна дуьхьал хаамийн тIом дIахьош хиларна шаьш чIогIа реза цахилар а, республика а, цуьнан куьйгалхо а ларван, цунна тIаьхьахIитта шаьш кийча хилар а.

Уьш оцу ойланехь ца хуьлийла а дацара. ХIунда аьлча Кадыров Рамзан шен мехкан а, халкъан а бакъволу патриот хиларна, цо иза дуьненна а дIа а гайтина. ТIаккха цунна тIаьхьа хIиттар, иза ларвар нохчийн юкъараллин декхар ду.

 

С.ХАМЗАТОВ

 

№7, шот, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: