Бинчу белхан жамIаш дира училищехь

    2015-гIа шо историна юкъадахана, шен бакъонашка дирзина керла, 2016-гIа шо. ХIора шарахь хIокху муьрехь предприятешкахь, организацешкахь хьакъ боллу мах хадош, юхахьовсу белхан коллективаша кхочушдинчуьнга, билгалдоху тIейогIучу ханна хьалхалаьтташ долу декхарш, белхан коллективийн кхеташонашкахь, гуламашкахь дуьйцу и декхарш кхочушдаран некъех лоций. ХIокху деношкахь иштта кхеташо хилира Россин МВД-н Грозненски Суворовски тIеман училищехь а. Цигахь жамIаш дира училищо стохка бинчу белхан.В СВУ подвели ежегодные итоги деятельности

     Кхеташонехь дакъалецира Россин МВД-н Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Р.Алхановс, Россин ФСБ-н урхаллин хьаькама А.Сережниковс, Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министра И.Байхановс, республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра М.Тагиевс, Республикин адамийн бакъонаш ларъяран Векала М.Нухажиевс, Россин МВД-н Суворовски училищен кхечу хьаькама Р.Лечиевс, училищен кхечу куьйгалхоша, белхахоша, курсанташа.

Училищен коллективо дIадаханчу шарахь бинчу белхан жамIаш дира кхеташонехь. Учрежденехь дешаран балхах  лаьцна доклад йира дешаран отделан хьаькама, чоьхьарчу службин майора Бахаев Лом-Iелас. Цо билгалдаьккхира училищен курсанташна дешар Iаморехь а, церан хаарш лакхадахарехь а цигахь дуккха а гIуллакхаш дина а, деш а хилар. Цуьнга кхача таро хилла училищехь курсанташна хьоьхуш белхан доккха зеделларг долу хьехархой а, говза хьехамчаш а хилар бахьана долуш. Оьшуш долу дерриге а хьелаш кхоьллина курсанташа дешар Iаморна. Училищен куьйгалло а, хьехархоша а шайна хьалха декхар хIоттийна курсанташа дешар Iаморехь кхин а лаккхарчу гайтамашка кхачарна ерриге а таронех а, гIирсех а пайдаэца.

2015-чу шарахь бинчу белхан жамI деш, иштта докладаш йира училищен комендантски отделенин а, курсийн кхечу дакъойн а куьйгалхоша.

Кхеташонехь гулбеллачара иштта ладуьйгIира училищехь финансово-экономически отделенин хьаькаман, чоьхьарчу службин лакхарчу лейтенантан Ахматов Эльбрусан докладе. Цо дийцира училищо 2015-чу шарахь бинчу финансово-экономически балхах лаьцна.

Кхеташонан болх берзош, къамел дира училищен хьаькама Лечиев Руслана. Цо дийцира дIадаханчу шарахь училищен куьйгалло а, белхан коллективо а бинчу балхах лаьцна. Билгалдаьккхира оцу балхана ша резахилар.

– Тхо кхеташ дара тахана республикина лаккхара корматалла йолу кадраш оьшуш хиларх. Училищехь доьшуш болу курсанташ декхарийлахь бу дешна бевлча, юкъараллин, мехкан хьашташ лардан а, кхочушдан а. Цундела оха дан тарлуш дерг дерриге а до курсанташна кхачам боллуш хаарш даларна а, уьш шайн декхарш хьакъ ма-дду кхочушдарна кечбарна а, – элира Р.Лечиевс.

С.МАЛАЕВ

 

№7, шот, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: