Вайн лулахой болчохь

Пайдехь цхьаьнакхетар

МАЙКОП. Адыгейн Куьйгалхо Тхакушинов Аслан Правительствон цIийнехь цхьаьнакхийтира Адыгей республикин гуманитарни талламийн институтан (АРИГИ) директорца Т.Керашевца а, институтан коьртачу говзанчашца а. Регионан Iилманан векалшца цхьаьнакхетарехь иштта дакъалоцуш вара премьер-министр Кумпилов Мурат, республикин дешаран а, Iилманан а министр Хуажева Аминет. Дийцаре дира Iилманан декъана юкъа хийцамаш балоран гIуллакхаш.

Iилманчаша регионан куьйгалхошна баркалла элира институтан балхана иштта боккха тидам тIебахийтарна, Iилманан талламаш дIабахьарна дика хьелаш кхолларна. Дийцира шайн балхах а, талламаш барехь тIаьххьарчу хенахь баьхначу кхиамех а лаьцна.

Цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира Iилманчийн Iилманан а, кхоллараллин а тIаьхьало регионан юкъара хазна хилар. Адыгейн Куьйгалхочо тидам тIебахийтира Iилманан хаарш кхидIа а кхиорехь, керлачу темашна талламаш барехь Iилманан учрежденешна хьалха тахана керла, кхин а даккхий декхарш лаьтташ хиларна.

 

   Автовокзал керлачу    меттехь хир ю

НЕСАРЕ. Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккха хинйолу кхузара автовокзал кестта гIали йистехь болх бан йолалур ю. Иза схьаеллар билгалдина ГIалгIайн Республикин Дийнахь – 4-чу июнехь.

Транспорт алссам шена чуйогIуш а, цигара дIайоьдуш а центр ю гIала. Юххехь тIехболуш бу «Кавказ» федеральни некъ, гена яц регионан коьрта шахьар, аэропорт. Иза  кхечу метте яккхаро адамаш дIасалелочу транспортах дикка паргIатйоккхур ю гIалин юкъ.

Коьртачу декъана йина яьлла автовокзал. Чекхбаьхна чохь бан безаш болу белхаш а. Корпус чохь некъахошна лерина йоккха, сирла, шена чохь ерриге а бегIийлаш билгалйина зал ю, нанна а, берана а лерина чоь, водительшна  садаIаран чоь, уллохь кафе, билгалйина махлелоран меттигаш. Аьлча а, хьесапе эцна автовокзалехь адамашна аьттонна хила дезаш долу дерриге а хьелаш.

 

Алсамдер ду хIусамаш яр

МАХАЧКАЛА. Карадеанчу шарахь Дагестанехь билгалдеш ду 1 миллион 800 эзар квадратни метр чохьIен хIусамаш яр, хаамбира республикин гIишлошъяран, архитектурин, ЖКХ-н министерствехь. Иза дIадаханчу шарна хIиттийна хиллачу декхарел 3,4 процент алсам хуьлу. Ведомствехь билгалдаьккхина ма-хиллара, стохка а    тIехкхочушдира гIишлошъярхоша шайна хьалха хIиттина декхарш. ГIуллакхана юкъаялийнарг 1 миллион 860 эзар квадратни метр яра.

Иштта билгалдаккха догIу республикехь хIусамаш коьртачу декъана долахоша шаьш еш хилар. Динчу дерриге а цIенойх 75 процент дуьххьалдIа царна кхочу.

 

Къоман дешар кхиоран Iалашонца…

ВЛАДИКАВКАЗ. ХIирийн мотт бовзар шордаран а, школашкахь иза Iаморан а гIуллакхаш дийцаре дира хIокху деношкахь гIалин администрацин куьйгалхо Хадарцев Махарбек волчохь.

Кхеташонехь тидам тIебохуьйтура кхечу регионашкахь къаьмнийн меттанаш Iаморна гIоленаш еш цахиларна, цигахь къоман мотт массара а Iамош хиларна. Цундела декхар лаьтта тIекхуьуш долчу чкъуре хIирийн мотт лаамца Iамабайтарна хьелаш кхоллар.

ГIалин куьйгаллехь сацам бина къоман мотт Iамор кхиорехула долу «некъан карта» хIотторна хIирийн меттан а, лингвистикин а бевзаш болу говзанчаш юкъаозо. Иштта дийцаре дира гIалин берашна лерина хIирийн а, оьрсийн а меттанашкахь хиндолу журнал арахецаран гIуллакх.

 

Хонкарна ялта дохкар сацор дац

СТАВРОПОЛЬ. Россехь билгалдеш дац Хонкарна буьртиган ялта дохкар. Иштта, дIахьедар дира Россин юьртан бахаман министерствехь.

Крайн юьртабахаман ведомствон куьйгалхочо Ситников Владимира бечу хаамца, крайхь гIуллакх деш болчу трейдершна хьалха декхар хIоттор ду ялта кхечу мехкашна дохка.

Билгалдаккха деза хIора шарахь крайра Хонкарна ши миллион тонна гергга буьртиган ялта духкуш хилар. Иза кхузахь гулдеш долчух доьалгIа дакъа ду.

 

Поселкехь интержигара телевидени

ЭЛИСТА. Хьалхахьа яккхий гIулчаш яьхна прогрессо. Ког мел баьккхинчохь а карор ду  иза чIагIдеш долу бакъдерш. Хьовсал шу. Меттигерчу радиоезархочо Василец Владимира  ай-пи технологеш юкъаялор бахьанехь тахана таро хилла ГIалмакхойн Республикин коьртачу шахьарахь гойтуш болчу хаамашка аренан регионан уггаре а генарчу юьртахь ладогIа а, хьажа а.

Цунна къеггина тоьшалла ду туьшана Iаламат генахь йолу Городовиковски районера Розенталь поселок. Интержигара телевидени юкъаялор бахьанехь цигахь тахана Россин хьалхарчу канале а хьажа таро ю. Оцу жимачу меттигерчу 40 доьзалан хIинца аьтто хилла шайн регионан керлачу хаамашка ладогIа а, хьажа а.

Тахана республикерчу ай-пи телевиденин абонент хилла дIахIоьттина ши эзар стаг. Цуьнан гIоьнца хаамашка хьажа таро ю райцентрашкахь санна, адамаш дехачу кхин а 30 меттехь.

 

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№7, шот, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: