Атта дуй гоьваьлла хилар? Иштта хаттар кест-кеста до цIеяхханчу спортсмене, паргIатчу кепара охьатохархлатарехь Олимпийски кхузза чемпион, дуьненан а, Европин а йолхазза чемпион, Россин доьазза чемпион волчу Сайтиев Бувайсаре. Оцу хаттарна жоп луш, цо доцца олу ша цуьнан кхин дIора тидам беш цахиларх лаьцна. Эхь-бехк, гIиллакх хиларца къаьсташ волу иза кхечу могIарера стаг ву аьлла а ца хетало. Оцу ойланехь тхо, «Серноводск-Кавказский» санаторин базехь доьшуш хилла профсоюзийн юьхьанцарчу организацийн председательш, чIагIделира Бувайсар цига веача.
ЦIеяххана спортсмен варе, гаре чIогIа сатесна дара тхо. Иза чоьхьа ма велли зала чуьра хьал хийцаделира. Шен эхь-бехкаца, гIиллакхца, оьздангаллица, башхачу хьекъалца адамийн лерам бан хаарца шена тIе тидам бахийта, шена адамийн ойла тIеозо хьуьнар долуш ву Б.Сайтиев. Ларамаза дацара къоналлин шерашкахь цунах философ алар. Дахаран, белхан хьокъехь йолчу цуьнан ойланашка ладоьгIча, кхета хьо цунах иза нийса аьлла хиларх.
– Спортехь Iамар юкъарчу дешарца цхьаьна дIадахьа дезаш ду. Тренерш а изза кхетош-кхиорхой а, хьехархой а бу, – бохура Бувайсара. Цундела хьехархойн коллективехь ша хийра стаг ца хета цунна. Кхузахь вовшахкхеттачеран дуккха а хаттаршна жоьпаш а луш, Бувайсара дийцира шен бераллех, спортехь баьхначу кхиамех, спорт йитинчул тIаьхьа долчу шен дахарх лаьцна.
Лаккхарчу кхиамашка кхачархьама ша-шен вовза веза
Бувайсарна хетарехь, тахана берийн яккхий таронаш ю шайн спортехь болу сатийсамаш, лаамаш кхочушбан. И таронаш царал хьалха хиллачеран ца хилла. Спортехь гIуллакх дан йолу берийн таронаш де-дийне алсамйовлуш ю. Дера, шайн тренершца советийн школа гIолехь ма яра. Цу тIехь церан боккха аьтто хилла, спортсмена дийцарехь. ХIунда аьлча, дика тренер ца хилча спортехь баккхий кхиамаш бахалур бац. Спортсмен похIме хила тарло. Амма и похIма нийса кхио а хаа деза. Бувайсаран ирс хилла похIмечу дуккха а тренершца цхьаьна болх бан. Делахь а цуьнан уггаре а коьрта спортан хьехамча хилла, шеко йоццуш, гоьваьлла тренер Миндиашвили Дмитрий. Бувайсар ган ма гиннехь хиира цунна цунах воккха спортсмен хирг хилар. ТIаьхьуо цIеяхханчу хьехамчас дагалоьцура: «Даго хьийхира суна со волчу кхаьчнарг похIме кIант хилар». Билгалдаккха деза Сайтиев Бувайсар бахьанехь Д.Миндиашвилис ша дIатесначу тренеран балха юха аравала 1992-чу шарахь сацам бина хилар. ВерхIитта шо долчу спортсменан башхачу технико цецваьккхинера иза.
– Тоьлларг хила лууш велахь, кхиберш санна хила ца веза, – боху Б.Сайтиевс. – Шога амал, боккха лаам, доккха собар хила деза, юха ца вала а, хьалхахьа гIерта а хаа деза. Цхьа а кхиам ца хуьлу ахь хьайн берриге а ницкъ, ойла, хьекъал, кхетам тIе ца бахийтича. Спортсменна ша-шена вовза веза, ма-варра. Йовза еза шен дика а, вон а, тоьлла а, ледара а агIонаш. И ерриге а агIонаш тоьлла ян хьажа веза. Ткъа иза Iаламат беха а, хала а некъ бу. Цундела чIогIа мехала ду жима долуш дуьйна бер къахьега а, деша а Iамор.
«Онда ши спортсмен вовшех летачу хенахь тIехIутту дог а, пха а сиха бетталуш, садаIар ца тоьаш, гIора эшна доьдуш киртиг. ТIаккха хьан кхетам кхитIе а ницкъаш, гIора леха болало. И гIора, и ницкъ каро шегахь доллург хаа деза, шен таронаш йовза еза, спортехь зеделларг хила деза, яхь хила еза. Нагахь санна ша Iемаш волчо спортан ерриге а къайленаш кара ца ерзийнехь, баккхийчу кхиамашка кхачаре сатийса а ца оьшу», – чIагIдо Бувайсара.
Дика спортсмен дешна хила веза
Школехь дика доьшуш вара Бувайсар. Классехь староста а вара. Дас-нанас кхоьллира цуьнгахь дешаре безам. Дешарх догдаларх ларвеш кхиа а вира цара. Иза тешна ву бер кхиоран, цуьнан хьашт-дезарийн, мехаллийн бух доьзалехь кхуллуш хиларх. Дукхах болчу спортсменашна моьтту спортаца доьзна хилча шайна светски дешар оьшур а дац. Иштта моьттуш берш чIогIа галбевлла бу аьлла хета Б.Сайтиевна. Спортсмена жимчохь дуьйна Iамо деза шена хезначунна хьесапдан, мах хадон. Спортсменна мехала ду керлачу хьолах сихха вола Iамор. Иза кхета веза ша тайп-тайпанчу гIаланашкахь, залашкахь къийсадаларшкахь дакъалаца дезаш хиларх, дуккха а адамашна хьалха хIитта везаш хиларх, ондачу спортсменашца латта везаш хиларх. Цуьнан кхетам сиха болх беш хила беза, бIаьрнегIар тухучу юкъана хIуманан хьесап дан, нийса некъ харжа хууш хила веза. Цу тIе муьлххачу хьолехь сапаргIат хила Iама веза. Нагахь санна бер къийсадаларшкахь синтем боьхна, сакарзах делахь, цуьнга толам баккха бохуш лехамаш бар эрна хир ду.
Хаарийн гуо шорбарца, уьш алсамдахарца цхьаьна спортсмен Iама веза шен ойла йовзийта, хьекъале къамел дан, динчу хаттаршна кхетош жоьпаш дала. «Тхо, масала, сборашкахь книгаш еша дезаш хуьлура. Тхан тренерша леррина тидам латтабора школехь оха дешарна тIехь, зIе латтайора хьехархошца, тренировашкахь тхан дневникашка хьовсура. Нагахь санна хьо Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь велахь, хьуна тIехь дара дика дешар, хьайн хаарш кIаргдар», – бохура Сайтиев Бувайсара.
Иштта къахьегар эрна ца дов, Бувайсара чIагIдарехь. Спорт бахьанехь берехь чIагIло тIехдика амалш: низаме хилар, доьзална а, юкъараллина а хьалха жоьпалле хилар. Цо ца ледадо шен могашаллина зене долу хIуманаш. Спортехь бохучу кхиамаша беран дог-ойла гIаттайо, чIагIдо шен ницкъах а, таронех а тешар. Иза бIаьргашна а гуш хийцало. Iаламат мехала ду и дикаллаш шегахь ларйина ца Iаш, шен дерриге а дахарехь кхиор.
Толаман мIаьргонаша
къонво
Хьайна дезаш долчу гIуллакхо хьан дагна хьаам бар хьо кхиаме кхачаран уггаре а коьрта агIо ю. Толамо кIеззигчу ханна бен там ца бо, дагна хьаам ца бо, Бувайсара дийцарехь. Юьхьарлаьцначу некъан юьххьехь моьтту цкъа толам баьккхича хьо дерриге а дахарехь ирсе хир ву. Амма толаман терхи тIера охьавоьссина кхо минот яьлча оцу хазахетарх хIумма а ца дуьсу. Цундела толамашка а, эшамашка а куралла а, догдалар а доцуш хьажа Iама веза.
«Адамаш кханалерчу денца, кхана хIара хир ду, важа дийр ду бохуш даха Iемина. Цул а мехала ду тахана, хIинцца долчух (балхахь, цIахь…) кхетар, кхана лун долчу а белхан алапе а, йоккху йолчу мидале а са а ца туьйсуш. МIаьргонехь толам хиларе хьежа ца веза, толаман мIаьргоно къонвахь а, иза дахаро луш ма ю. ХIаъ, летта ваьлла ши спортсмен. Эшнарг хьала ца гIаттало. Ткъа тоьлларг, цул чIогIа кIадвелла ву, амма иза сеца а ца ло. Толамо гIаттош йолчу дог-ойлано спортсменна боккха ницкъ ло, дегIана меттIахIотта гIо деш», – дуьйцу Б.Сайтиевс.
Ламасташ меттахIиттор
Нохчийн Республикин охьатохархлатаран федерацина коьртехь ву Бувайсар. Цуьнан куьйгалли кIел ду ткъеитт эзар бер а, ялх бIе сов тренер а. Цуьнан дуккха а ю спортаца йоьзна мехала планаш. Б.Сайтиевн коьрта Iалашо ю паргIат кепара охьатохархлатаре хьалха хилла сий-ларам меттахIоттор. Цо дийцарехь, Россин спортивни охьатохархлатаран Федераци дийцаре деш ю спортан и кеп Нохчийчоьнан школашкахь физически куьлтурин программан юкъаялоран хьокъехь долу гIуллакх.
Тахана, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца цхьаьна и гIуллакх кхочушдарна 35 школа ю схьакъастош. Цигахь дIахьур ду бераш охьатохарх лата Iаморан программа юкъаялоран зераш. Оцу гIуллакха тIехь шена профсоюзийн агIонгахьара, уггаре а хьалха дешаран профсоюзийн организацин председателера Герзелиев Хизирера гIо хирг хиларх ша тешна хилар хаийтира Бувайсара.
ЦIеяхханчу спортсменца хилла цхьаьнакхетар дерзош, цунна даггара баркалла элира хIусамдайша а, профсоюзийн белхахоша а цо чулацаме къамел дарна, шайн дог-ойла гIатторна, шайна дика Iаткъам барна. Юха, цуьнца цхьаьна дIа а хIиттина, безамна суьрташ дахийтира.
Э.ЛОРСАНОВА
№7, шот, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2016 шо