Цхьа-ши дош…

   Дерригдуьненан экономикин форум дIаяьхьира Швейцарерчу Давос шахьарахь. БIе сов пачхьалкхерчу векалша дакъалаьцначу оцу форумехь дийцаре дира дуьненан экономика кхиаран боларш лахдаларан бахьанаш.

***

   Пакистанерчу цхьана университетана тIелатар дира веа террориста. Цигахь лаххара а 26 студент а, хьехархо а вийра, 50 сов стагана чевнаш йира цара. Полицица хиллачу тасадаларехь виъ зуламхо хIаллаквина.

***

   ОвгIанан пачхьенехь Кабулехь йолчу Россин посольствон гIишлонна хьалха ша а эккхаш, машен эккхийтина «Талибан» боламан декъашхочо. Оцу бохамехь 8 стаг кхелхина, 60 гергга стагана чевнаш хилла.

***

   Шемарчу Дейр-эз-Зор провинцехь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша хьалха амалтана дIалаьцна хиллачу маьршачу нахах хIокху деношкахь  дIахецна 270 стаг. Царах дукхахдерш бераш ду, зударий, къаной бу.

***

   Россин тIеман-космосан ницкъийн кеманаша тIаьхьарчу деношкахь, Iаламан бегIийла доцчу хьелашца доьзна, лахдина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна тохарш дар.

***

   Чинин Председатель Си Цзинь Пин хIокху деношкахь официальни визитца Мисарехь хилира. Иза цхьаьнакхийтира оцу мехкан куьйгалхошца.

***

   Эрмалойчоьнан а, Евросоюзан а куьйгалхоша йийцаре йира цхьаьна гIуллакхаш даран декъехь йолу таронаш.

***

   Иранан кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министра дIахьедина Иранний, СаIудийн Аравиний юкъахь тIом хиларна цхьа а кхерам цахилар, цунна бахьана цахилар.

***

   Россин а, Финляндин а правительствон куьйгалхой цхьаьнакхета лерина бу 29-чу январехь. Цигахь дийцаре дан билгалдина шина пачхьалкхан юкъаметтигаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

   Россин Президента В.Путина дIахьедина экономикин дерриге а дакъошкахь чолхе хьал хаалуш хилар. Делахь а иза тешна ву цунах вай кхиамца хьалхадевриг хиларх.

***

   Россин арахьара декхар чекхдаьллачу 2015-чу шарахь 14 процентана лахделла. Шо чолхе деана хиларе хьаьжча дика кхиам бу иза.

***

   Цюрихехь кху шарахь дуьххьара цхьаьнакхийтира США-н госсекретарь Дж.Керри а, Россин МВД-н куьйгалхо С.Лавров а. Цара дийцаре дира Шемара, Украинера хьал.

***

   ХIокху беттан тIаьххьара цхьа-ши кIира алссам ло дуьллуш, дарц хьийзош деана Московски а, Рязански а, Курски а, цхьамогIа кхечу а областашкахь.

 

№7, шот, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: