ТIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь а, могаш а хилийтархьама дуккха а гIуллакхаш ду вайн республикехь деш. Царна юкъахь ду спорт кхиор а. Оцу декъехь шайн ницкъаш зиэн луучарна дукха аьттонаш бина. Массо гIалахь а, юьртахь а ю спортан залаш, шайна чохь къахьоьгуш кегийрхой а болуш.
Нохчийн Республикин спортан министерствон пресс-службо бинчу хаамашна тIе а тийжаш, оха боцца бовзуьйту министерствос дIадаханчу шарахь бина болх а, вайн спортсменийн хилла кхиамаш а.
Де-дийне алсамйовлуш ю Нохчийн Республикехь спортан объекташ. Таханлерчу дийнахь уьш 1 179 ю. Царна юкъахь 1500 меттигна лерина 13 стадион, 30 000 меттиг йолу «Ахмат-Арена» спортан комплекс, 693 спортан гIишло, 439 спортан зал (юккъерчу дешаран школашкахь ерш цхьаьна), 6 бассейн, 3 кхийсархойн гIишло, искусственни ша болу 2 дIакъевлина спортан зал. Нохчийн Республикехь кхиъна яьлла ала мегар ду футбол, дзюдо, бокс, греко-римски кепара а, паргIатчу кепара а охьатохархлатар. Кхуьуш ю волейбол, баскетбол, теннис, жIаккеш, шашканаш. Республикин бахархойх 31 процент (43 4764 стаг) ву шовзткъа спортан кепехь къахьоьгуш.
Россин а, Дуьненаюкъарчу а къийсадаларшкахь дакъалаца лаккхара говзалла йолу спортсменаш а, федеральни тIегIанан кхузаманан лехамашна жоп луш йолу физически культура а, спорт а кхиоран Iалашонца Нохчийн Республикин Правительствос тIеэцна «2014–2018-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь физически культура а, спорт а кхиор» программа. Цу декъехь дан дезачу гIуллакхашна оьшург, чIагIдинчу нормативни акташца нийса а догIуш, 2563,165 млн. сом ду. Федеральни бюджето лур ду аьлларг ду 223,659 млн. сом, республикин бюджето къасто дезарг – 2 339, 506 млн. сом. Царех 1958,608 млн.соьмана белхаш бина (76,4 процент). Уьш, федеральни бюджето гIо ца дина аьлла ца Iаш, республикин бюджетера къастийначу харжех (1 958,608 млн. сом) бина белхаш бу. 2014-чу шарца дуьстича дIадаханчу шарахь бина белхаш 326,832 млн. соьмал кIезиг бу. Курчалойн районерчу Гелдаганахь, Нажи-Юьртан районерчу Нажи-Юьртахь, Грозненски районерчу Чечанахь физкультурин-спортан комплексаш ян йолийна. Иштта оццу программин гурашкахь, Соьлжа-ГIаларчу «Республикин берийн-кхиазхойн спортан «Россин къоналла» школехь, «А-Хь.Кадыровн цIарахчу лаккхарчу спортан говзаллин Республикин спортан комплекс-школехь» могашалла ледара йолчаьрца спортан мероприятеш дIахьо.
«2016–2020-чуй шерашкахь Россин Федерацехь физически культура а, спорт а кхиорна» Федеральни Iалашонан программина юкъадахна. 2016-чу шарахь Теркан районерчу ЧIуьлга-Юьртахь физкультурин-спортан комплекс яр, 2017-чу шарахь Курчалойн районерчу ЦIоьнтарахь (1 100 меттигна стадион а йолуш) физкультурин-спортан комплекс, 2018-чу шарахь Гуьмсан районерчу Бена-Юьртахь физкультурин-спортан комплекс йийр ю.
2015-чу шарахь республикин тIегIанехь 196 къовсам дIабаьхьна. Цигахь дакъалаьцна 32399 спортсмена. Ерригроссин къийсадаларшкахь дакъалаьцна 2837 спортсмена, царах 817 спортсмена толам а баьккхина. Дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь толамаш баьхна 396 нохчичо, царна юкъахь 133 чемпион ву. 160 стаг спортан мастеран кандидат хилла, Россин спортан мастер цIе тиллина 54 спортсменна. Дуьненаюкъарчу классан спортан мастер цIе тиллина 3 спортсменна. Спортан хьакъволу мастер цIе тиллина 8-нна. Россин вовшахтоьхначу Олимпийски командина юкъавахийта билгалваьккхина вайн10 кандидат. Россин Федерацин вовшахтоьхначу командашна юкъахь вайн 74 спортсмен ву.
Нохчийн Республикин спортан министерствон берийн-кхиазхойн спортан школин вуьрхIитта филиал ю болх беш. Цигахь къахьоьгуш ву 4053 стаг. Виллина спортехь шайн ницкъаш зуьйш 14–30 шераш долуш 21100 стаг ву, 30–35 шераш долуш – 731 стаг. Дика ламаст хилла схьадогIу нохчийн спортсменаша ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а къийсадаларшкахь дакъалацар. ДIадаханчу шарахь дзюдохь, боксехь, езачу атлетикехь, самбохь толамаш баьхна цара. Iамаркехь езачу атлетикехула дIадаьхьначу Дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь 3-гIа меттиг яьккхина Аухадов Аптис. Гуьржийчоьнан Тбилисехь езачу атлетикехула дIаяьхьначу Европин чемпионатехь Могушков Чингиза 3-гIа меттиг яьккхина. Малигов Адама Президентан Кубок (Соьлжа-ГIала, еза атлетика) яьккхина. Россин чемпионатехь тоьлла Аухадов Апти (еза атлетика, 1-ра меттиг), греко-римски кепара охьатохархлатарехула Тамбовехь дIаяьхьначу Россин чемпионатехь Аюбов Алихана 1-ра меттиг яьккхина.
2011–2015-чуй шерашкахь спортан министерствос Россин Федерацин «Доступная среда» программин гурашкахь боккха болх дIабаьхьна могашалла ледара йолу кегийрхой спортана юкъаозоран декъехь. И бахьана долуш лакхахь хьахийначу министерствона чуйогIучу ведомствошкахь къахьоьгуш кхузткъа стаг ву. Церан лаккхара кхиамаш а бу.
Спортан министерствос боккха тидам тIебохуьйту кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорна. Кест-кеста тренершца а, цара Iамочу кегийрхошца а цхьаьнакхета Iеламнах кхойкху, коьртачу декъана терроризмах а, экстремизмах а долучу зуламах лаьцна хуьлу церан хьехамаш.
Л.ДАУТОВА
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо