Нохчийн Республикин бахархошна

H1N1 вирусан кхерам бац, боху республикин могашалла Iалашъяран министерствехь

     Таханлерчу дийнахь дуьненахь а, Россин пачхьалкхехь а  кхераме хьал хIоьттина H1N1 вирус яржарца доьзна. Москвахь а, Саратовски, Калужски, Пензенски, Тюменски, Ивановски областашкахь а, иштта вайн луларчу республикашкахь а гучуяьлла и вирус. Цунах кхелхинарш а бу. Итт эзар стагах 7 стаг кхелкхаш ву оцу цамгарх. Иштта хIоьттина долу хьал вайн республикин бахархойн сагатдеш гIуллакх ду.

     Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министра Ахмадов ШахIида дийцарехь, бакъ дац H1N1 вайн республикехь хааелла бохург. И гIуллакх Нохчийн Республикин медицински учрежденеша лерринчу тергонехь латтош хилар а билгалдаьккхира цо. Амма вайн республикин бахархой сема хила беза, цара Iалашъян еза шайн а, шайн берийн а могашалла.

ХIун дуьйцу лоьраша оцу вирусах? Цуьнан симптомаш ю: дегIан температура лакхара хилар, йовхарш еттар, легаш, корта лазар, садеIар сиха хилар, энаша хьийзор, дог керчар. Цо уггаре а хьалха нервни системина тIеIаткъам бо, пехашна а ницкъ бо. Иштта и гена яьлча цунах стаг кхелха.  H1N1 ца кхетийта уггаре а гIолехь дерг вакцинаци яр ду. Прививка йина берш мелла а сиха толур бу оцу цамгарх.

Лакхахь хьахийначу билгалонех цхьаъ шайгахь хааелларг, адамашна юкъа ца волуш, ларвала веза. Нагахь санна ца тору гIуллакх хилла ша араволуш велахь, масала, лоьрана тIеваха, ларваларан леррина йолу маска ехка еза.

Иштта лоьраша ца магадо шаьш дарба лелор. Цундела сихо ян еза дархо лоьрашна тIекхачо. И цамгар кхеттачо сих-сиха куьйгаш дила деза. Хьоршам тухуш, йовхарш етташ, бетана, мерана дуьхьал йовлакх лаца деза.

Л.ИБРАГИМОВА

 

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: