Пашаев Абу

Суьрташдахкархочун Пашаев Абун цIе дика евза республикехь. Иза вина 1966-чу шеран июнь беттан 9-чу дийнахь нохчийн ширачу юьртахь Чечанахь. Дешна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь (хIинца Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет). 2002-чу шарахь дуьйна Россин Художникийн союзан декъашхо ву А.Пашаев. 1992-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь хилира цуьнан суьртийн дуьххьарлера гайтам. Шена тIе тидам бохуьйтуш яра ша автора гайтамна тиллина цIе – «Сан ненан атомни дог». Ненаца, доьзалца, гергарчаьрца, гуонахарчу адамашца йолу шен юкъаметтиг гойтура художнико гайтаме хIиттийначу белхашкахь. Ткъа «ТIеман юьхь» серирчу суьрташкахь хаалора къомана тIебогIучу боккхачу бохамах иза вогуш хилар.Художник Абу ПАшаев

   ХIетахь дуьйна 20 сов гайтамехь дакъалаьцна Абус. Царах ялх шен (персональни) гайтам бу: «Граждански тIеман хьу хааялар» – 1993 шо, «ТIамна дуьхьал тийна гIаттам» – 1996 шо, «Чевнаш хилла зезагаш» – 1997 шо, «Реквием» – 2003 шо, «ТIеман юьхь» – 2003 шо, «Дегайовхонца хиллачуьнга хьежар» – 2004 шо. Иштта кхиамца дакъалаьцна «Кавказана машар» (Соьлжа-ГIала), «Сочи – 2008» (Сочи), Пачхьалкхан Думехь нохчийн художникийн гайтам (Москва), «Искусствехь мохь-цIогIа» (Майкоп), «Россин Къилба» (Соьлжа-ГIала), Ерригроссин гайтам (Москва), иштта кхечу гайтамашкахь а.IMG_2633

Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, совгIаташ дина Россин Художникийн союзан а, Россин исбаьхьаллин академин а Сийлаллин грамоташца а, дипломашца а.IMG_2634

Тхуна (Даймохк газетан редакцина) Абу гергара веш ду нохчийн маттаца, литературица цуьнан цхьа шатайпа марзо хилар. Малхбалерчу поэтийн тоьлла говзарш нохчийн матте йохуш къа а хьоьгу цо. Кегийрхошца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь а хьалха доккхий хуьлу матте, къоман ламасталлин культуре безам кхиор. Вуьшта аьлча, къоман син дахаран лазамашца вехаш стаг ву. Тахана оха шун кхиэле дуьллу художникан масех сурт.

Хь.ДОВКАЕВ

 

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: