Бераллехь-м вай ца кхета а тарло вешан Бабас (ненананас а, денанас а) вайн дахарехь дIалоцучу меттигах. Амма, жимма воккха хила воьлча кхета волало цунах вайх хIора а. Доьшучохь а, балхахь а девдда-хьаьвдда лелачу хенахь бабица къамел дан а, цуьнца цхьа сахьт мукъане а хан яккха а хьаьгна хуьлу вай. Цуьнца йоккхучу цхьана минотан мах бан а бац. Мукъачу деношка са а тосий Iа хьоме баба йолчу кхача.
Ша йолчу тхо даьхкича хазахетий хьаьвза тхан баба. ХIора дийнахь аьлча санна ларйо цо шен телефон, шен берийн берийн аьзнаш хазаре сатуьйсуш. Телефон тохаза цхьа-ши де даьлча а: «Ма дукха хан яра ахь телефон тохаза?», – бохуш, дегабаам бо. Шега телефон ца тухуш даьккхина цхьа де а иштта дахло бабина. Ша йолчу тхо хьошалгIа догIур ду аьлла де лардо.
Шатайпа кечам а бо цо. Цуьнан кечам стенца боьзна бу: нохчийн тайп-тайпана мерза даарш кечдарца. Жижиг-галнаш а, довха худар а дой Iаш хуьлу иза тхо дIакхаьчча. Цхьаболчарна-м тамашийна хета а тарло тхан бабас тхуна стоьла тIе юург ша охьаюьллу аьлча. «Баба, оха охьаюьллур ю юург, оха дуттур ду чай, паргIат хилахь», – аьлча а ца Iа иза, стол ша кечъяан лаьа цунна. Шен берийн берашна чай дуттуш а самукъадолу-кх цуьнан.
Иштта, хIоразза а иза йолчохь яахIума яа хиъча, «Бепиг шортта ду вайгахь…» олу бабас. Ткъа оха и даима а беламе доккхура. Стол юьззина мерза даарш доллушехь, «Бепиг шортта ду вайгахь, даалаш шайна ма-дезза» цо хIунда олу-те олий хетара. Иштта, даима санна а тхаьш гулделлачохь, цо юх-юха а изза аьлча, оха хаьттира цуьнга: «Баба, иштта хIунда олу ахь?» – аьлла. Цо деллачу жоьпо ойлане дехира тхо. Оха шега хаттар дича, цкъа саца а елла, тIаккха дийца йолаелира баба: «Ас иштта аьлча шун-м деладала дог догIур ду. Шу къона ду. ХIинца ца кхетахь а, хан-зама яьлча кхетар ду…», – иштта дIадолийра цо шен къамел. «Цхьана чолхечу киртигех чекхваьллачо хIора хIуманна а шатайпа ойла йо. Со Казахстанехь дуьнен чу яьлла ю, цундела хаьа суна бепиган цхьана цастаран мах а. Бепиган цастаран дуьхьа тхан дай-наноша хьегна къа а дагадогIу суна. Тхан дас 600 грамм бепиг даккхархьама Iуьйранна сарралц хала белхаш бора. Цо цIа вогIуш бепиг дохьур дуй хууш, иза ларвеш Iара тхо. Бепиг массарна а ца тоьара. Тхо дуьзча а вузура тхан да. Шена юуш ерг кхоам хетара цунна. Цул тIаьхьа дуккха а шераш дIаихна, амма и хан йицъелла цхьа де а ца даьлла. Иштта, со стоьла хьалха моссазза хуу сан бIаьргашна дуьхьалхIутту хIетахьлера сурт. ТIаккха ойла йо ас: «Ма доккха хIума ду-кх хIара бепиг шортта долуш, вуззалц даа и йиш йолуш», олий. Цундела, вайнаха иштта хала хан текхна хилар шуна диц ца далийта, шуьга бепиган цхьана цастаран а хама байта олу ас шуьга иштта. Дала ма дохийла вай хIокху рицкъанан шортонах», – дерзийра шен къамел бабас.
З.ЛОРСАНОВА
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо