ХIокху деношкахь Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшехь нашидаш аларан конкурс хилира. Цигахь дакъалецира вайн республикин районашкарчу Берийн кхоллараллин цIеношкахь Iемаш долчу бераша.
Жюрин декъашхой бара: Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран гIоьнча Ирасханов Мохьмад, «Некъ» телерадиокомпанин директоран заместитель Батаев Мохьмад, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон говзанча Вазаралиев Висади.
«Нийса а, хаза а нашид алар» номинацехула дIаяьхьира конкурс. Иза дIаяхьар мехала гIуллакх хилар билгал а доккхуш, вистхилира Батаев Мохьмад: «Культурин декъехь тайп-тайпана дуккха а конкурсаш дIахьо вайн республикехь. Нашидаш аларан конкурс вовшахтохар къаьсттина мехала хета суна. ХIокху тайпа конкурсаш кест-кеста вовшахтухуш хилча дика хир дара», – элира цо.
Конкурсан дакъалацархоша нашидаш олучу хенахь цаьрга лерина ладуьйгIира жюрин декъашхоша а, хьовсархоша а. Цхьамма вукхул а нашид хаза а олуш гайтира цара шайн хьуьнарш. Гуш дара конкурсана цара лерина кечам бина хилар.
Цул тIаьхьа жюрин декъашхоша билгалбехира нашидаш аларан конкурсан толамхой. Уьш бара: Нажи-Юьртарчу Берийн кхоллараллин цIийнехь Iемаш йолу Сайтамирова Зарета а, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районерчу Берийн кхоллараллин цIийнехь Iемаш йолу Солтаева Тамила а, Ленински районерчу Берийн кхоллараллин цIийнехь Iемаш йолу Асланбекова Раяна а, Хьалха-Мартан районерчу Берийн кхоллараллин цIийнера «Зарзар» вокальни тоба а, Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшахь Iемаш йолу Межидова Рукъет а. Толамхошна дипломаш а, совгIаташ а делира. Цу тIехь берзийра конкурсан болх.
З.ИСАЕВА
Авторан суьрта тIехь: конкурсан дакъалацархой
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо