Тахана алссам иллиалархой бу Нохчийчохь. Зевне дека церан аьзнаш. Сцени тIехь товш, тайна, куц-кеп долуш бу царах дукхахберш. Церан дукхалла бахьанехь, наггахь цхьаъ вукханах къаста а ца ло. И дацара ткъех шо хьалха. Пхи-ялх стаг вара вайн махкахь илли олуш. Амма, церан хIораннан шен хатI дара, кхечаьрца иэлур доцуш, шатайпачу башхаллица къаьсташ тамехь аьзнаш дара. Уьш массарна дукхабезара. ЛадогIархошна церан массеран а цIерш хаьара: Усманов Iимран, Абдулкаримов Илес, Токаев Сулейман, Дидигов Билухьаьжа (Дала геч дойла цунна), Дудаев Зеламха. Бакъду, Зеламха тIаьхьо юкъавеара иллиалархойн тобанна, амма къегинчу похIмица, тайначу озаца, йоццачу хенахь, ладогIархойн дегнаш йийсаре лаца ницкъ кхечира цуьнан. Кхоллараллехь иллиалархочо йохучу хьалхарчу гIулчашца гуш дара вайнехан эстрадехь керла, хьуьнаре артист хилар. Цуьнан зевнечу иллеша лерса хьоьстура, ойлане воккхура, дахаре безам чIагIбора. 40 шо сов зама ю артист нохчийн мукъамаш дезачарна синойн веза хьаша хилла схьавогIу.
Шен нийсархой санна, вайнах махках баьхначу муьрехь, Казахстанехь Джамбулан областан Ворошиловка олучу юьртахь 1951-чу шеран 25-чу ноябрехь дуьнен чу ваьлла ву Дудаев Зеламха. Школе вахале, Делан къинхетам хьалха баьлла, вайнахана Даймахка цIаберза бакъо елира. Шен доьзалш балош Соьлже цIавирзира Зеламхин да Дудин Мохьмад а. КIорггера дешна Iеламстаг вара Мохьмад. ЦIадерзарца доьзна юьртхоша доьшуьйтучу мовладе кест-кеста кхойкхура иза. Къасттина моллин аз хазахетара юьртахошна. Мохьмад валийна мовлад доьшуьйтуш ду аьлла хезча, урамера массо зуда йоьдура цига, Дудин Мохьмада назма олуш ладогIа. Наггахь, гулделлачу адамашна вас ца хилийта буьйса юкъал тIех яьлча а назма олуш Iара молла, дIа ца воьдуш. Бакъду, цу муьрехь, гIан-набаршкахь, цхьанна а дагадеана дацара цуьнан кIантах Зеламхех иллиалархо хир ву бохург. Школехь доьшучу заманахь а, илли ала говза хиларца кхин билгал ца велира Зеламха. Ерриге а говзалла эскаре гIуллакх дан вахча гучуяккха латтийча санна, хьуламехь яра цуьнан, юьртахошна хIун ду а ца хууш. 1970-чу шарахь дара Соьлжера юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина ваьлла Дудаев Зеламха эскаре гIуллакх дан вахча. Белоруссерчу Бобруйск гIалахь вара иза Даймахкана декхар дIалуш. Цигахь гучудевлира иллиалархочун хьуьнарш а. Гарнизонан ансамблехь илли олуш вара бIаьхо. Цигарчу эпсарийн цIийнехь дIахьочу ерриге а мероприятешкахь дакъалоцуш вара. 1972-чу шарахь Белоруссехь дIаяьхьира эстрадни иллийн фестиваль. Цуьнан лауреат хилира вайн махкахо. Эскарехь даьккхинчу шина шаро, цу муьрехь илли аларехь баьхначу кхиамаша гайтира Дудаев Зеламхин зевнечу мукъамашца гергарло тасаделла хилар.
Эскарера цIавирзича къона иллиалархо Соьлжа-ГIаларчу Химикийн культурин цIийне вахара, цигарчу говзанчашца кхоллараллин уьйраш дIатаса, корматалла шаръярехь, эскарехь гулдина зеделларг тIедуза дагахь. Ларамза дацара Дудаев Зеламха цига кхачар а. Цу муьрехь Соьлжа-ГIалахь тоьллачарах цхьаъ эстрадни оркестр яра, Химикийн культурин цIийнехь. КIезиг бацара къона иллиалархой а, уьш Iамош кIорггера хаарш, лаккхарчу тIегIанехь говзалла йолу исбаьхьаллин куьйгалхой а. Кест-кеста концерташ лора эстрадни тобано белхахошна хьалха. Бакъду, дукха хан ялале, шен тайначу озаца ладогIархой йийсаре лаьцна, тоьллачу иллиалархойн могIаршка дIахIоьттира Дудаев Зеламха. Нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а олура цо иллеш. 1973-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан филармоне балха кхайкхира иза. Иштта дIадоладелира тахана Нохчийн Республикин халкъан артист, ГIалгIайн Республикин халкъан артист волу Дудаев Зеламха халкъана, махкана вовзар. Нохч-ГIалгIайн халкъан артист хиллачу Эдисултанов ШитIина (Дала гечдойла цунна) Iаламат чIогIа хазахетара Зеламхин аз. Цуьнца доьзна хила там бу иллиалархочо дIуьххьара йоккхачу сцени тIера дIааьллачу иллин дешнаш а, мукъам а цкъа а вайн вицван амал доцчу артистан Эдисултанов ШитIин хилар:
Вайн лаьмнашкахь къена юрт ю.
Къона хеташ даима ю.
Цу юьртахь сан мерза безам.
Iайшат бохуш хаза йоI ю.
Тамашийна, баккъал а массара а хазахетарца тIеийцира и илли. Дукха кехаташ догIура радио и илли хазийтар доьхуш. Генна дIаяхара цу иллин гуонаха йолу кхиаман гIовгIа, «Седа» цIе йолу керла илли Дудаев Зеламхин репертуарехь гучудаллалц. И илли дара Эдисултанов ШитIин дешнаш тIехь даьккхина. Иллин мукъам Зеламхас ша баьккхина бара.
Седа, Седа
Сан деган безам Седа…
Седа, Седа
Дуьненан ирсан седа…
1975-чу шарахь дуьненахь а цIе яхначу, «Вайнах» ансамбле солистан болх бан дехьаволу иллиалархо. Ансамблехь болх бинчу кхаа шарахь, концерташца иза цакхочуш меттиг йисина яц. «Эчиган кирхьанца» пачхьалкхан дозанаш дIакъевлина делахь а, «Вайнах» ансамбль кест-кеста хуьлура Европехь а, кхечу континенташкахь а. Цуьнан концерташ дуьненан массо а маьIIехь боккхачу кхиамца чекхйовлура.
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 80-чу шерашкахь цIеххьана эстрадни тобанаш деба юьйлаелира вайн махкахь. Уггаре а хьалха кхоьллинарг «Ритмы гор» цIе йолуш яра. Филармонехь и ансамбль вовшахтохаран къамелаш дIадоладелчахьана «Вайнахехь» болх беш волу Дудаев Зеламха цига дIавоьхуш вара. Мелла эстрадех ойла хьерчаш волчу цунна тайра и хабарш. Цул сов, мукъамийн исбаьхьа дуьне кIорггера девза говзанчаш бара цигахь болх бан кхайкхина.
Алссам кегирхой бара ансамбалх дегайовхо йолуш, цунна тIегIерташ. Эххар а Зеламха реза хилира цига дехьавала. Бакъду, хIорш цхьаьна болх бан дIабуьйлабелла ах шо далале ансамблан цIе хийцира. Цунах «Ичкери» хилира. Хетарехь, хиллачу Советийн Союзехь кIезиг гIаланаш ю вокально-инструментальни «Ичкери» ансамбль, цуьнца цхьаьна, Дудаев Зеламха концерташца кхачаза. Уьш БАМ-хь хилла, цунах тера йогIучу массо а комсомолан гIишлошъяран майданашкахь хилла. Заманан лехамашна жоп луш хуьлура цуьнан иллеш, муьлххачу сцени тIера илли дIаала товш артист вара хIара. Леларца, духарца, дечу къамелца, цкъа а ша нохчи хилар дицдеш вацара. Цундела, белхан накъосташна, нийсархошна дукхавезара. Сий-ларам болуш, кхуьнца доттагIалла леладора. Баьхначу кхиамех цкъа а тоам беш вацара иза. Цунна къегина тоьшалла ду, уггаре а кхиамийн зIаьнаршлахь ша волуш Дудаев Зеламха Соьлжа-ГIаларчу культпросвет училище деша вахар. Мел дика аз делахь а, хаарш доцуш говзаллин лакхене ша кхачалург цахиларх кхеттал ира, сема хьекъал хилар дара иза. Атта дацара балхана юкъара ца волуш деша. Цул сов, хIара училище деша воьдучу 1982-чу шарахь доьзал бара кхаба безаш, цIахь, ков-кертахь дан гIуллакх доцуш ца вуьсура. Зеламха массо метте лара-м вора. 1981-чу шарахь дуьйна иза «Седа» ансамблехь болх беш вара. Ткъа и ансамбль хаддаза Къилбаседа Кавказехула гастролашкахь яра. Доьшуш вара аьлла Зеламхин цкъа а юкъара волийла ца хилла. 1982-чу шарахь вайн пачхьалкхан коьртачу шахьарехь Москва гIалахь шуьйра дIахьош дара «Нохч-ГIалгIайн культурин денош». Цу «деношкахь» жигара дакъалаца дийзира артистан. И «денош» Iаламат беркате хилла ала мегар ду Зеламхина. Дуьненна вевза, вайнехан къоман дозалла хилла дIахIоьттина, СССР-н халкъан артистаца Эсамбаев Махьмудца гергарло тасаделира цуьнан. 1985-чу шарахь дуьйна цуьнан концерташкахь дакъалаьцна ву Дудаев Зеламха. Эсамбаев Махьмуда дакъалоцучу концерташкахь дуьненна девза Россин эстрадин «седарчий» нислора: Г.Хазанов, В.Винокур, Л.Лещенко, С.Ротару, В.Мигуля, иштта дуккха а кхиберш. Царах дукхахболчаьрца уьйр-марзо латтайо вайн махкахочо хIинца а.
ХХ-гIа бIе шо чаккхене доьдуш, Дудаев Зеламха Къилбаседа Кавказехь гIараваьлла вевзаш иллиалархо вара. Цуьнан репертуарехь нохчийн поэтин дешнаш тIехь даьхна иллеш дара. Къаьсттина дукхадезачарех дара, Ахматова Раисин дешнаш тIехь даьккхина «Тешнабехк» цIе йолу илли:
Тешнабехк бина хьо муха лов латто
Ткъес муха ца тоьхна, ца лекъна хи
Хьуна а хьоьжу-те массарна санна,
Генарчу стиглара нур дашо малх…
Иштта, дезаш ладогIархоша тIеэцначарех дара иллиалархочо дIаолу «Со ву лаьмнийн кIант» цIе йолу илли. Махкана, халкъана Iаламат хазахийтира иллиалархочун хьанала къинхьегам, цуьнан къегина похIма тидаме эцна 1990-чу шарахь, цунна «Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъволу артист» сийлаллин цIе елча. Дудаев Зеламхина баккъал а хьакъяра иза. Цу дикане кхача цо алссам къахьегнера. Кхин хIумма ца хилча а, 1987-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста Эдисултанов ШитIас вовшахтоьхначу «Самукъане сахьт» ансамблехь болх беш, цара цхьаьна вайн махкахой самукъадаккхар тоьар дара ,царна муьллха а сийлахь цIе яла. «Самукъане сахьт» тоба болх беш йолчу муьрехь цуьнца вара Дудаев Зеламха. Бакъду, и тоба дIасаяьлча «Деган аз» цIе йолу керла тоба вошахтоьхна, болх бечуьра цхьана денна сецна-м вац иза. Къилбаседа Кавказан ерриге а республикашкахула концерташ луш чекхъяьлла «Деган аз» цIе йолу кхоллараллин тоба. Нохчийн къоман культура йовзуьйтура оцу концерташа, кхечу къаьмнашца йолу доттагIаллин зIенаш чIагIйора, керла гергарлонаш тосура. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчоь буьрсачу тIамо къинхетамза ягош а, болх беш вара Дудаев Зеламха. Хьайн дагна Iаьткъина гIайгIа яйлуш санна хетара цо Даймахках долу илли дIаолуш хезча.
Сайн Даймохк, сан безам, сан серло,
Хьоьца ду сан дахар, малх санна лепа.
Дагчохь хьо мел бу сан, евзаш вац шело,
Ахь меттиг битна бац цхьаннах а хьега.
2000-чу шарахь дIаволавелла 2003-гIа шо чекхдаллалц Россин гIаланашкахула, СНГ-н гIаланашкахула концерташ луш чекхвелира иллиалархо, ша куьйгалла дечу кхоллараллин тобанца. Массанхьа а езаш тIеоцура кхеран концерташ. Ша дIаолу иллеш нахана дезаро, кхин а чIогIа болх бан дог доуьйтура Зеламхин. ТIаьхьарчу хенахь иза илли дIаьалла Iаш вацара. Хьалххе дуьйна, мукъамаш дахарехь шен ницкъаш зуьйш хилла артист, хIинца тIевирзинера оцу мехалчу гIуллакхана. 30 сов илли ду цо мукъам баьккхина. И дерриге а тидаме эцна, Нохчийн Республикин куьйгалло Дудаев Зеламхин хьанала къинхьегам билгалбоккхуш, 2006-чу шарахь деза совгIат дира цунна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а луш. 2010-чу шарахь зорбане яьллачу «Россин тоьлла адамаш» энциклопедина юкъахь ю артистан цIе. Цундела, вай массара цIеначу даггара шех дозалла дан хьакъ долуш стаг ву иза. 2012-чу шарахь дуьйна «Илли» ансамблан куьйгаллехь ву артист. Дудаев Зеламха куьйгалле хIоттийчахьана хаъал лакхаяьлла оцу божарийн вокальни тобанан кхолларалла. Деккъа цхьа халкъан иллеш дIааьлла Iаш яц хIинца тоба. Вайн къоман поэташца массаьрца, кхоллараллин зIе тесна ансамблан куьйгалхочо. Церан дешнаш тIехь даьхна иллеш ду тобанан репертуарехь. Духарца, низамца тоелла «Илли» тоба. И беркате хийцамаш куьйгалхочун хьуьнарца боьзна бу аьлла а хета. Нохчийн Республикин искусствон колледжехь вокал хьоьхуш ву Дудаев Зеламха. Цо Iамийна алссам къона артисташ бу нохчийн эстрадехь болх беш. Шен 60 шо кхачар а, нохчийн сцени тIехь къахьоьгу 35 шо кхачар а билгалдоккхуш, Дудаев Зеламхас вовшахтоьхначу кхоллараллин суьйренехь, Нохчийн Республикин халкъан артист волчу цунна, «Нохчийн Республикин искусствон хьакъволу гIуллакххо» аьлла кхин а цхьа цIе елира. ПохIмечу артистан сирла кхолларалла мел езачарна цунах Iаламат боккха кхаъ хилира. Хазахета, каде уьдучу заманна къарцалуш Дудаев Зеламха тахана а хьанал къахьоьгуш воллуш а, кхоллараллин керлачу анайисте цуьнан синтем боцу ойланаш уьдуш а. Цо дегайовхо кхуллу кхул тIаьхьа а кест-кеста халкъана, махкана дукхавезачу артистан иллеш вайна хезарг хиларх.
Дала латтавойла иза шен зевнечу иллешца, еххачу ханна вайн дегнаш хьеста!
А.ГАЗИЕВА
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо