ДIадаханчу шеран финансийн-экономикин жамIех

Нохчийн Республикин финансийн министра Рассуханов Iусмана республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашна ша еллачу интервьюхь дийцира дIадаханчу шеран финансийн-экономикин жамIех а, 2016-чу шарна йолчу Iалашонех а лаьцна.image57729765

    – Iусман, дIадаханчу шеран жамIаш деш, 2015-чу шарна билгалъяьхна, республикин бюджетаца йоьзна хилла йолу Iалашонаш муьлхачу барамехь кхочушъян аьтто баьлла?

– ДIадахана долу 2015-гIа шо, финансийн агIо йийцича, Нохчийн Республикин финансийн министерствона данне а атта дацара, амма пачхьалкхан декхарш а, гIуллакхаш а кхочушдарехь баккъал а чулацаме а, беркате а дара. Россина дуьхьал санкцеш юкъаялор а, махкахь финансийн-экономикин кризис хилар а бахьанехь, дуккха а халонаш кхоллаеллера. Россин Федерацин субъекташна (царна юкъахь вайн республика а) тIеIаткъам ца беш ца йисира и халонаш. Амма, дотацеш дIахадоре а, бюджет хаъал лахъяре а хьаьжна доцуш, кхолладеллачу хьолехь эшамаш ца хилийта, нийса некъаш каро ницкъ кхечира тхан. 2015-чу шарна йолу Нохчийн Республикин бюджет кхочушъярехь, дика жамIаш долуш, дукха белхаш бина министерствос.

Цу юкъахь бу республикин бюджетан система чIагIъярехь а, налогийн база шоръярехь а, республикин бюджетан системин налогийн а, налогийн доцу а тIедогIу ахча (пайданаш) алсамдаккхарехь а, Россин Федерацин Президентан 2012-чу шарахьлерчу цхьадолчу Указаша билгалдаьхначу пачхьалкхан социальни политикин дакъошкахь бюджетера ахча лелоран эвсаралла лакхаяккхарехь а бина белхаш.

Билгалдаккха деза, оцу берриге а белхашкахь Нохчийн Республикин Правительствос финансийн министерствона доккха гIо-накъосталла дина хилар а, иштта Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тхан белхан леррина терго еш хилар а. Цундела, дIадахана шо хала хиллехь а, цхьаьна къа а хьоьгуш, хьалха  хIиттийначу Iалашонашца ларийна тхо, керлачу шарна хIиттийначаьрца а ларориг  хиларх тешна  ду.

 – Ахь ма-аллара, вайн махкахь финансийн-экономикин кризис ю, махкахь хала мур бу, цундела 2015-гIа шо Россина атта дацара. Оцу халонаша Нохчийн Республикин бюджетана хIун тIеIаткъам бина?

– Россин экономика, баккъал а халачу хьолехь ю, ткъа иза Россин Федерацин бюджетан системина тIеIаткъам база ца дуьсу. Цу юкъахь ю вайн регионан республикански а, консолидированни а бюджеташ. 90-чу шерашкахьлера тIеман хиламаш бахьанехь, цул тIаьхьа догIучу шерашкахь экономикин, финансийн, налогийн таронаш  кхио а, уьш кхачаме хилийта а ца ларийна республика. Россина  дуьхьал санкцеш юкъаялочу хенахь вайн республика федеральни бюджетера уггаре а дукха ахча (дотацеш) кхочучу регионех цхьаъ яра.

Федеральни бюджетан таронаш лахъеллачул тIаьхьа, регионийн а, муниципальни а бюджеташна деш долу гIо а лахделира. Цундела, федеральни бюджетера ахчанца кхачо еш хиллачу субъектийн бюджеташкахь къаьсташ ду тIебогIучу пайданел харж алсамйовлуш хилар.

Изза проблема Нохчийн Республикин бюджетехь а ю. Цу хьолах дуола вайна хала ду, хIунда аьлча, экономикин, финансийн, налогийн таронаш республикехь хьалха хилла йолу мехкадаьттан, газан, химин предприятеш а, промышленностан, производствон дакъош а метта ца хIиттийча, кхуьийла дац.

 – Нохчийн Республикин 2016-чу шарна йолчу бюджетан проект муха кечйина, тIеэцна ю? Цхьацца финансийн лахдарш хила тарло аьлла, къамел даьржинера шуьйрачу хаамийн федеральни гIирсашкахь. Таханлерчу дийнахь къастийна билггал терахьаш дуй?

– «2016-чу шарна йолчу республикин бюджетан хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законан проект республикин Правительствос хьалххе магийна а, Парламентехь тIеэцна а ю.

Билгалдаккха деза, и проект, федеральни бюджетан проект  санна, цхьана шарна бен хIоттийна цахилар, тIаьхьарчу хенахь кхаа шарна бюджетан проекташ хIиттош, кхочушъеш  хиллехь а. Цуьнан бахьана ду  Iамарко а, цунна тIетайначу пачхьалкхаша а Россин Федерацина дуьхьал  юкъаялийначу санкцеша махкахь цхьана шарахь бюджетан декъехь сиха гIуллакхаш дан дезаш хьал хIоттийна хилар.

Шуьйрачу хаамийн федеральни гIирсашкахь бюджетан харжаш лахъян тарлуш хиларан хьокъехь  баьржинчу хаамех лаьцна дийцича, Нохчийн Республикин бюджетан харжаш 2015-чу шарахь а хаъал лахйинера (цу декъехь кхин а алсам болх бина 2016-чу шарна бюджетан проекташ хIитточу хенахь). Харжаш лахъяран бахьана дара 2015-гIа шо доладелчахьана  Нохчийн Республикина федеральни бюджетера луш долу ахча жим-жима лахдан долийна хилар.  Федеральни бюджетера вайна хуьлуш долу финансийн гIо, 2018-гIа шо кхаччалц (иза юкъа а лоцуш), шарахь пхиппа процент а деш, лахдийр ду аьлла дара. Амма, ма-дарра дийцича, тIедогIучул а харж алсам хилар (дефицит) бахьанехь, 2015-чу шарахь Нохчийн Республикина федеральни бюджетера къастош долу ахча 10 процентал сов лахдинера. ХIетте а, бахархошна хьалха пачхьалкхан долу социальни декхарш (бахархойн хьашташ) кхочушдарна лерина ахча дIадаханчу шарахь лах ца динера. Лахдийр дац иза карарчу шарахь а. Цхьадолчу, социальни маьIна долчу, дакъошкахь 2015-чу шарахь хиллачу тIегIанехь юьсур ю харжаш, ткъа цхьадолчу дакъошкахь кхин а алсамйохур  ю уьш. Ма-дарра аьлча, бахархошна хьалха пачхьалкхан долу социальни декхарш дуьззина  кхочушдийр ду 2016-чу шарахь.

Нохчийн Республикин 2016-чу шарна йолчу бюджетан проектана юкъадогIу терахьаш хIинцале а хууш (билгалдаьхна) ду, ткъа законца чIагIдинарш гергарчу хенахь довза таро хир ю. Цу хьокъехь болу берриге а хаамаш Нохчийн Республикин финансийн министерствон официальни сайта тIебохуш бу шен-шен хенахь, «Гражданашна лерина бюджет» аьлла агIо а ю цу тIехь, цу агIонехь бахархошна кхета атта хирдолчу кепара бовзийтина бу хаамаш. Цул сов, 2016-чу шеран бюджетан проект а, цу бюджетан хьокъехь долу закон а «Вести республики» газетехь зорбатоха дезаш ду.

 – 2016-чу шеран бюджетехь коьрта тидам стенна тIебохуьйтур бу?

– Нохчийн Республикин финансийн министерствос 2016-чу шарахь дан деза гIуллакхаш республикин Правительствон сацамца тIечIагIдинчу «Нохчийн Республикин бюджетан а, налогийн а политикин коьртачу дакъошкахь» билгалдаьхна ду.

Коьртачу декъана республикин бюджетан системина хьалха лаьтташ йолу Iалашонаш ю: макроэкономика чIагIъяр а, пачхьалкхан хьашташца (бахархошна) дика кхачоярна хьелаш кхоллар а, социальни декъехь адамийн дахаран хьелаш тодарна лерина йолу харжаш коьртачех хилар чIагIдар а, бюджетан процесс ма-хуьллу цIена а, йиллина а хилийтар а.

Цул сов, карарчу хенахь кхочушъеш йолчу республикин а, ведомствон а программийн структура Нохчийн Республикин социальни-экономикин кхиаран стратегин Iалашонашца а, тIедилларшца а йогIуш, нисъян еза; карарчу хенахь кхочушъеш йолу республикин Iалашонан программаш цIинъян, карлаяха еза; иштта, керла программаш кхолла а еза (цу юкъахь – пачхьалкхан программаш а).

Республикин бюджет вовшахтохарехь беш болу болх бюджетан системин чIагIо латторна, карарчу хенахь экономикехь а, социальни декъехь а долчу гIуллакхийн бюджетерчу ахчане хьашт хиларе хьаьжжина, оцу гIуллакхашна бюджетан тIаьхьалонаш  тIехьовсор нийса дIадахьарна а лерина бу. Цу юкъадогIу оьшуш йолу финансийн тIаьхьалонаш кхоллар, экономикин ледарчу агIонашна  урхалла даран кепаш юкъаялор, пачхьалкхан программашна ян езачу харжийн лаккхара барам билгалбаккхар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а цхьадолчу тIедахкаршна лерина бюджетера ахча къастор. Изза Iалашонаш тидаме а оьцуш, вовшахтоха еза Нохчийн Республикин муниципальни районийн бюджеташ а.

 – ТIаьхьарчу масех шарахь республикин куьйгалло боккха болх бина Нохчийн Республикин инвестицийн хьал тодарехь. Вайн регионе инвестицеш юкъаозоран хьал муха ду тахана?

– Нохчийн Республикин Правительствос регионе инвестицеш юкъаозоран Iалашонца цхьамогIа тIеэцна нормативни кехаташ ду. Нохчийн Республикин Правительствон 2015-чу шеран 28-чу апрелехьлерчу № 104-р йолчу тIедилларца чIагIйина Нохчийн Республикин хьалххе кхочушъян езачу инвестицийн проекташ (цу юкъа йогIу инвестицийн 54 проект).

Бюджетан инвестицеш кхочушъярна 2015-чу шарахь Нохчийн Республикин бюджетера хьажийнарг 10 758 656 917 сом ду.  Инвесторшна гIо-накъосталла даран Iалашонца 916 141 600 соьман барамехь тIеэцна Нохчийн Республикин пачхьалкхан гарантийн программа. Иштта, Нохчийн Республикин бюджетера 423 955 400 соьман барамехь гIо лоцу кредитийн организацешкара даьккхинчу ахчанан (кредиташ) проценташ дIаяларехь. Цул сов, 344 826 439 соьман барамехь жимачу а, юккъерчу а предпринимательствона деш гIо ду,  цу юкъадогIу гранташ, микрозаймаш, кредиташкахула йолу гарантеш ялар.

Нохчийн Республикин финансийн министерствос вайн регионехь болх бечу инвесторшна гIо-накъосталла дарехь, кхул тIаьхьа  а ницкъ  кхочург дийр ду.

  – Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикехь финансийн-экономикин юкъара хьал муха ду?

Нохчийн Республикехь, шо-шаре мел долу, цкъа хьалха экономика а, социальни дакъа а меттахIотторехь, цул тIаьхьа – уьш кхиорехь дуккха белхаш баре хьаьжна доцуш, тахана Нохчийчохь долу финансийн-экономикин хьал атта дац.

Кегийчу гIулчашца экономикин бакъйолу сектор кхуьуш ю ала мегар ду, рынкан юкъаметтигаш ледаро ю, бахархойн декхарш (ахча) такха таро хилар хила деззачу тIегIанехь дац. Цхьацца экономикин кхерамаш хилар бахьанехь кхачам боллуш кхуьуш предпринимательство а яц. Финансийн системин дерриге а дакъошкахь хаалуш капиталан дефицит ю, регионан шен банкаш яц, банкан-кредитийн декъехь конкуренци вуно лахара ю. Страхованин рынок ледара кхиъна ю, мехалчу кехатийн рынок янне а яц.

Бакъду, и ерриге проблемаш юьйцучу хенахь, Нохчийн Республика лаьттаца дIашарйинчуьра, дисина цхьа а хIума доцучуьра меттахIотта йолаелла хилар а, таханлерчу тIегIане кхаччалц, исторехь цкъа а гина доцчу кепара, сиха кхуьуш схьаяр а тидаме эцча, дегайовхо хила меттиг ю вайн.

Цундела,  хьалхо хьахийначу Iамаркин санкцешка а, махкахь йолчу кризисе а, вайн ерриге проблемашка хьаьжна а доцуш, тхо совца дагахь дац. Сайна ма-хетта эр ду ас шуьга, республика кхиаран болар лаккхарчу тIегIанехь дуьсург хиларх а, вайн ерриге проблемаш (финансийн-экономикин декъехь ерш а) дIаевриг хиларх а чIогIа тешна ву со.

Иштта чIогIа дог тешна хиларан бахьана ду республикин куьйгалла вайн гIоленаш, тоьлла агIонаш евзаш, царах кхеташ хилар. И агIонаш оха кхиош а ю, гергарчу шерашкахь кхиор йолуш а ю. Оцу тоьллачу агIонашна юкъайогIу хьалхалерчуьнца дуьстича, дика кхиъна а, кхидIа кхуьуш а йолу транспортан система а, зIе а; дика демографи а; девзинчу а, довзаза долчу а  маьIданийн тIаьхьалонаш; массо а кепара йолу энерготIаьхьалонаш шаьш санна дерш кхин доцу Iаламан-хенан-хIоттаман хьелаш; яккхий хьаннаш, юьртан бахаман латтанаш; иштта вайна Дала делла долу кхин а шортта диканаш а. Ша и диканаш вайна даларе терра, гIоле  хир йолчу агIор царах пайдаэца а, тIехIиттинчу проблемех хьакъ ма-дду чекхдовла а Дала ницкъ лур бу вайна.

 

Интервью кечйинарг – А.СУЛИМАНОВА

Суьрта тIехь: Нохчийн Республикин финансийн министр – Рассуханов Iусман

 

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: