Бехкенаш жоьпе озийна
Чубоьхкинарш Iалашбарехь федеральни законодательство кхочушдар муха дIахьо хьожуш регионан терго латторан органан векалша товаран №2 йолчу колонехь таллам бича, гучуделира таIзар динчара шайна тоьхна хан яккхаран рожан лехамаш талхош хилар. Ша аьлча, цара кхочуш ца дора санитарин, гигиенин бакъенаш ларъярехь, чоьнаш, тIера бедарш, дуьйшу меттигаш, тумбочкаш цIена латторехь шайна тIехь долу декхарш. Иштта карийра Iалашъян магош йоцу хIуманаш а.
Хьакъ ма-дду вовшахтоьхна бац хан тоьхначарна юкъахь бакъонаш талхорна дуьхьал латтош болу болх а. Тоьхна хан яккхарна хIоттийна къепе талхош болчарна чохь бахкоран кепаш хийцарна тIехьажийна гIуллакхаш ца дина. Законан лехамаш талхабо санитарно-эпидемиологин цхьадолу гIуллакхаш кхочушдарехь, дарбалелоран-профилактикин гIо дарехь. Буьззинчу барамехь дIахьош дац хан тоьхначеран къинхьегам ларбарна тIехьажийна дан дезаш долу гIуллакхаш.
Таллам баран жамIашкахула хан тоьхначарна бакъо йоцуш гIоленаш ярна 3 протест язйина. Ткъа санитарно-эпидемиологин а, къинхьегаман а законодательство талхорна ведомствон гIуллакхехь волчу кхаа белхахочунна дуьхьал административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакхаш долийна. Дийнна схьаэцча низаман жоьпе озийна колонин гIуллакхехь волу 8 стаг, цу юкъахь учрежденин хьаькамна луьра выговор а деш.
Талхораш дIадахар лехна
Республикин прокуратурехь теллина РФ-н УК-н 159-чу статьян 4-чу декъаца а, 285-чу статьян 1-чу декъаца а догIуш долу зуламаш дарца доьзна Россин СК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллин талламхочо толлуш долу уголовни гIуллакх. Иза долийна регионан цхьана муниципальни районан администрацин гIуллакхехь долчу адамаша дахаран хьелаш тодарна гражданашна дала билгалдина хилла 1 миллион 121 эзар соьман барамехь долу ахча лачкъийна хиларца доьзна.
ГIуллакх толлучу хенахь, гучуделира дан дезаш долу талламан а, кхин процессуальни а гIуллакхаш дина цахилар. Бахьана доцуш яхйина талларан хенаш. Цо эшам хиллачеран таро ца хуьлуьйту законо билгалйинчу хенашкахь шайн бакъо лаха.
Гучудевллачу бакъдолчарна тIе а доьгIна, законан талхораш дIадахар а, талларан болх дIабахьар жигарадаккхар а тIедожийна талламан урхаллин куьйгалхочунна.
ТIепаза вайнарг лохур ву
Талламан материалашца нийса а догIуш, 2003-чу шеран июлехь Соьлжа-ГIаларчу Пятигорски урамехь девзаш доцчу адамаша лачкъа а вина, дIавигира Латаев Зелимха. Цуьнца доьзна 2013-чу шарахь уголовни гIуллакх долийра, хьалххе барт а бина, стаг лачкъийна хиларан билгалонашца. Бакъду, дукха хан ялале Россин СК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллехь долу и гIуллакх толлучуьра сацийра.
Регионан прокурора адамаш тIеоьцучу хенахь иза волчу ваханчу Латаев Хьамита Абдул-Кадыров Шарпуддига дийхира шен кIант Зелимха волу меттиг билгалъяккхарехь шена гIо дар. Прокуратуро тIедилларца кху баттахь гIуллакх юха талла долийна. Цул сов Соьлжа-ГIалин Заводской районан прокуратуро теллина тIепаза вайнарг лахаран Iалашонца долийна хилла оперативни хьесаплелоран гIуллакх. Гучудаьлла «Оперативно-талларан белхан хьокъехь» долчу федеральни законан цхьамогIа лехамаш талхийна хилар. Талхораш нисдар тIедиллина Россин МВД-н Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллина.
Лехамаш кхочуш ца бина
Муниципальни хьашташ кхочушдарна кхачоярхьама товарашна, балхана, хьашташна закупкаш яран декъехь контрактни системин хьокъехь долу законодательни акташ Соьлжа-ГIаларчу талларан-хьесаплелоран палатехь муха кхочушдо хьаьжира Ленински районан прокуратурин векалш. Талламо гайтира 6 закупкех долу документаци лехамашна жоп луш цахилар: контрактийн проекташна тIехь билгалдаьхна дацара шина агIоно шайн декхарш хьакъ ма-дду кхочуш ца дича билггалчу барамашкахь тоха дезаш долу гIуданаш.
Цуьнца доьзна районан прокуроран заместитела Джамбулатов Тамерлана РФ-н КоАП-н 7.30 статьян 4.2 декъана тIе а доьгIна, административни бакъонаш талхоран хьокъехь 6 гIуллакх долийна. Оццу хенахь гIалин талларан-хьесаплелоран палатин председательна тIедожийна гучудаьхна талхораш дIадахар.
Миграцин хьокъехь закон лар ца дича…
Кхечу пачхьалкхийн гражданаш хьесапе эцаран хьокъехь долу закон кхочушдар муха дIахьо хьовсучу хенахь Гуьмсан районан прокуратурин белхахошна гучуделира иза чохь Iайта Iалашо а йоцуш, Азербайджанан гражданин Ганбарчаев гIалин вахархочо Барзаков Мохьмада ша Iаш волчохь учете хIотто бакъо елла хилар. Цигахь тIаьххьарчо цхьа а де ца даьккхинийла а хиира таллам бечарна.
Цуьнца йоьзна йолу материалаш районан полице яхьийтира прокуратуро Барзаков уголовни жоьпе озоран хьокъехь долу гIуллакх къастадайта. Иза талларан жамIашца РФ-н УК-н 322.3 статьяца (кхечу пачхьалкхийн гражданаш харц учете хIиттор) билгалдина таIзар дайта уголовни гIуллакх долийна бехке веш волчунна дуьхьал.
Бер кхио йолу ненан бакъо ларйина
Республикин Лакхарчу суьдехь къастийра ноналлин бакъонаш дIаяхаран хьокъехь 2015-чу шеран 10-чу ноябрехь Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски районан суьдан сацамна дуьхьал Хадиева Любас яздина хилла апелляцин арз.
ГIуллакх къасточу хенахь йоьIан да чIагIдан гIертара нанас шен бер кхиорехь дакъа ца лоцу бохург. Амма, бина лехам чIагIбеш далийна дацара билггал бакъдерш. Цу тIе нанас доьхура ша ноналлин бакъонех цаяккхар.
Прокурорана хетарг хьесапе а эцна, къастийначу гIуллакхан духе а кхиъна, суьдо ненан гIо лецира.
Уголовни гIуллакх суьде дIадахьийтина
Бехкевар чIагI а дина, РФ-н УК-н 111-чу статьян 4-чу декъаца билгалдина зулам дарна Чабдарханов Iелина дуьхьал долийна гIуллакх суьдехь къастадайта дIадахьийтина Грозненски районан прокуроран заместитела Пушкова Галинас.
Бинчу юьхьанцарчу талламо гайтира вовшашна юкъахь цабезам хилар бахьанехь вовшех леттачу хенахь, ша Хацуев Эйлина могашаллина боккха эшам бийр буйла хуъушехь, цунна коьртах мосуьйттазза аьчган хIума тоьхна хилар. Йина чевнаш бахьанехь Хацуев кхелхира.
Иштта зулам дарна законо билгалдо чохь яккха 15 шо хан а, шина шаре кхаччалц цуьнан паргIатонна доза тохар а.
Берийн-заьIапхойн бакъонашна гIаролехь
Гуьмсан районерчу юкъарадешаран учрежденешкахь заьIап бераш социальни лардаран хьокъехь долу законодательни акташ кхочушдар теллина районан прокуратуро. Оцу декъехь цхьадолу талхораш а карийна. Ша аьлча, учрежденийн сайташ тIехь бац бIаьрса ледара долчеран могIаре хIитта бакъо хиларан хьокъехь хаамаш.
Цунна тIе а доьгIна, юкъарадешаран 40 учрежденин куьйгалхочунна тIедиллина законан и тайпа талхораш дIадахар.
Галморзахаллаш дIаяхийтина
Республикин прокуратуро боккха болх дIахьо бакъо йоцу нормативни акташ тIеэцарна дуьхьало еш. Иштта, дIадаханчу шарахь теллина законийн 82 проект. Регионан Парламенте 22 хаам бина законопроекташ тIехь федеральни законца галморзахаллаш хиларан хьокъехь билгалонаш еш, я законодательни техникехь тIеэцначу юкъарчу бакъенашца ца йогIуш меттигаш хиларан хьокъехь.
Цул совнаха, теллина республикин кхочушдаран Iедалан органийн нормативни бакъонан актийн 398 проект. Царах 114 лехамашна жоп луш цахилар гучу а даьккхина. Оцу кепара гIуллакхаш дар бахьанехь таро хилира законан лехамашна жоп луш доцу нормативни бакъонан 136 акт, тIе ца оьцуьйтуш, юкъахдита.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг– Л.БАКАРОВ
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо