Вайн лулахой болчохь

Мах тIекхетар бац

НАЛЬЧИК. Иштта сацам бина ГIебартойн-Балкхаройн Республикин Лакхарчу суьдо бахархошна газах пайдаэцарна мехаш тIетохийтар доьхуш «Газпромо» бинчу лехамна. Регионан бахархошна нормативаш лакхаяха хилла цуьнан ойла кхочуш ца хуьлуш юкъахйисина, хаам бира республикин энергетикехула, тарифашкахула, хIусамашна тIехь таллам латторехула йолчу комитетехь. 

Компанис лоьхура Минэнергос бина сацам йовхо латторан мур болабелчхьана дуьйна бакъо йоцуш ларар. Къамел ду газах пайдаэцаран нормативаш чIагIъярх. «Газпроман» Iалашо яра шайн хIусамашкахь хIинццалц счетчикаш хIоттоза волчу 30 эзар абонентана газах луш болу мах лакхабаккхар.

ХIинца болуш болу мехаш хийца оьшуш цахиларан хьокъехь комитетан векалша динчу хьесапаша Iаткъам бира суьдо тIеэцначу сацамна.

 

 

Онкологин керла диспансер

ЧЕРКЕССК. Кхузахь еш ю онкологин цамгар йолчарна лерина йолу дарбалелоран учреждени. Федеральни «Юг России» программин гурашкахь республикин а, федеральни а бюджеташкара къастийна иза ярна лерина долу ахча.

ХIара шо чекхдолуш схьаелла бигалдо диспансер. Цуьнан чоьнашкахь карарчу хенахь дIахьош бу чохь бан беза белхаш, дIахIиттош ю инженерни сеташ. Кхаа декъах лаьтташ хир ю иза – стационарах, шен диагностикан туш а йолуш йолчу поликлиникех, операцеш яран блоках. Царна чохь дIахIоттор бу медицинин кхузаманахьлера гIирсаш.

 

 

25 гIат долу цIенош

НЕСАРЕ. Керла шо даздечу хIокху деношкахь, дагна там хиларца тIеэцна, гIалин бахархоша шаьш долчохь ГIалгIайн Республикехь дуьххьарлера 25 гIат долу цIенош дан тIеэцна сацам. ГIали юккъехь хиндолчу цунна чохь премиум-классан 280 хIусам хир ю, ткъа 25-чу гIат тIехь – ресторан, вертолетана лерина а, хьажаран а майданаш.

Проектаца нийса а догIуш, цунна уллохь йийр ю 220 меттигна берийн беш, дарбалелоран туш, махлелоран йоккха туш, паркан зона. Иштта билгалдеш ду насосни станци, тIаьхьалонан электроподстанци, лаьтта тIехула а, лаьтта бухахь а паркингаш яр. 34 эзар квадратни метр майда чулоцур ю цо. ЦIенош деш иштта билгалдина 800 миллион соьманал сов шайн долахь йолу инвестицеш юкъаяхкар.

 

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: