Дарц а хьоькхуш, доккха ло диллина Iамаркан къилбаседа-малхбалехь. И бахьанехь 28 стаг кхелхина, цхьа эзар сов стаг электросерло йоцуш висина. Iаламан бохамо, юьхьанцарчу хьесапашца, цхьа миллиард долларна зен дина.
***
Iаьнан хIара денош шийла даьхкина Японехь а. Шелонна 9 стаг велла кхузахь, ког-куьг дахьийна, больнице охьавиллина 200 сов стаг.
***
«Иблисан пачхьалкхан» 7 декъашхо схьалаьцна Малайзин бакъонаш ларъяран органийн белхахоша. Уьш теракташ ян дагахь хилла кхузарчу масех гIалахь.
***
Шеман Iедалан эскарша хIокху деношкахь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара схьаяьккхина Латакин провинцера Бария гIала. Цигара лаьхкина террористаш, бевдда, махкара арабовла гIерташ бу.
***
Чинин коьртачу шахьарахь, нах чохь Iаш болчу цIийнах цIе яьлча, лаххара а 8 стаг кхелхина, багийнарш шозза алсам бу. ЦIеяларан бахьана цкъачунна довзуьйтуш дац.
***
Бразилин набахтера бIе гергга зуламхо ведда. Уьш лохуш бу полицин белхахой. Уьш бовдаран бахьанаш толлуш ю талламан органаш.
***
Никарагуан бердайистошкахь доьхна Iамаркан туристаш тIехь болу хIордакема. Цу тIехь хиллачу пассажирех 18 кхелхина. Бисинарш кIелхьарабаьхна.
***
Европин дукхахйолу пачхьалкхаш мигранташ тIеэцарна дохкоевлла. Царна юкъахь ю Германи, Чехи, Бельги, Франци, Нидерландаш, кхиерш.
***
Мисаран МВД-с Хонкаран куьйгалле лехам бина шайн пачхьалкхан гIуллакхашна юкъа цагIертар тIедожош.
***
Дуьненан экономика кхиоран боларш 2016-чу шарахь 3,4 процентан барамехь хирг хиларан хьокъехь хаам бина дуьненаюкъарчу экономикин форумехь.
***
Молдавехь йоккха митинг дIаяьхьира. Урамашка арабевллачара лоьху правительство отставке яхийтар, керла парламент харжар. Амма церан лехамаш кхочушбан дагахь дац Iедал.
***
«Свиной грипп» цамгаран ун шуьйра даьржина Украинехь. Оцу цамгарх хIинцале 72 стаг кхелхина цигахь, могашалла Iалашъяран министерствехь бечу хаамашца.
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо