Даймохк ларбархочун денца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

1Лараме  махкахой! Декъалдо шу Даймохк  ларбархочун  денца!

Россин уггаре а  мехалчех а, къегинчех а  цхьа деза де ду хIара. ХIокху  дийнахь вай базбо вайн  гражданийн маьрша  къинхьегам ларбеш  берш, шайн сийлахь декхар – вайн  Даймехкан  бозуш  цахилар а,  цхьаалла а ларъяран  декхар кхочушдеш  берш.

Иштта хилла даима а – бакъболчу къонахаша шайн мохк а, шайн халкъ а  лардина церан маршонна тIекхийдачарах, Iожалла  йохьучара, тIеман  цIе   туьйсучарах, мохк чIанабоккхучарах.

Шен са, дахар дIадаларца вайн Даймехкан бозуш цахилар  лардинчех  цхьаъ  ву  Нохчийн Республикин  хьалхара  Президент, Россин Турпалхо  Кадыров  Ахьмад-Хьаьжа. Ерриге а Россина, нохчийн халкъана  уггаре а  хала еанчу  минотехь цо, шен  тешамечу бIанакъосташца  цхьаьна, буьрса тохар  дира  дуьненаюкъарчу терроризмана. Оцу тасадаларехь турпалхой санна   ийгира, майрра  Iожалла  тIеийцира бакъонаш ларъяран  органийн  эзарнаш белхахоша.

Даймохк ларбархочун  дийнахь вай  дозалла дарца  дуьйцу Россин  эскарехь  гIуллакхдеш  болчарах, вайн  Даймехкан  сийлахь дозанаш  лардеш  болчарах. Вай  декъалбо, базбо  Даймехкан  сийлахь-боккхачу  тIамехь толам баьккхина болу вайн  ветеранаш, тIемалой-интернационалисташ, кегий   къийсаамаш дIабахарехь  дакъалаьцнарш, Россин пачхьалкхан  хьашташ  кхочушдеш  хилларш  берриге  а. Цара лаккха  айбина  Россин  Федерацин  Герзашца Кечбинчу  Ницкъийн  бIаьхойн   цIе.

Дайн а, дедайн а ламасташ  тIедузуш, дебаш ю  Даймохк ларбархойн  керла  тIаьхье. Царна  юкъахь  бу  Нохчийн Республикин бакъонаш  ларъяран  органийн белхахой  а. Цара тешамца а, хьанал а гIуллакхдо  Россина. Иза дийнахь а, буса  а ларйо террористически  кхерамах. Уьш  бакъболу  говзанчаш, зеделларг  долу, доьналла  долу  адамаш ду, республикехь   кхерамазалла а, синтем  а хилийта  хьуьнар долуш долу.

Даймехкан  берриге а мохкларбархойн могашалла, ирс, маьрша  дахар, аьтто  хуьлийла  лаьа. Кхиамаш   хуьлда  шун  вайн  сийлахь-боккхачу  Даймехкан – Россин  дуьхьа  дечу  гIуллакхашкахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: