«Кадыров Рамзан – Россин дозалла!»

   Зорбанан цIенна хьалха республикин газетийн а, журналийн а, хаамийн агентствийн а белхахоша шайна хьалхаваьлла Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а волуш, дакъалецира «Кадыров Рамзан – Россин дозалла!» цIе йолчу флешмобехь.IMG_9886

   Журналисташа «Кадыров Рамзан – Россин дозалла!», «Кадыров Рамзан – Россин патриот!» тIехь яздина долу кехаташ а, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а, байракхаш а яра каралаьцна.

Дагалецамна сурт даьккхинчул тIаьхьа, республикин журналистийн юкъаралло «Кадыров Рамзан – Россин дозалла! АллахIу Акбар!» олуш, мохь тухуш, жима видеокийсик дIаязйира.

Шайн цхьаьнакхетар дIадерзош, хIора а журналиста тIелецира оцу флешмобехь даьккхина  сурт шайн социалан сеташкарчу агIонашка хIотто а, оцу флешмобна лерина «Кадыров Рамзан – Россин дозалла!» аьлла, хэштег язъян а.

«Кадыров Рамзан – Россин дозалла!» цIе йолу флешмоб йолийнарг  ву Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель  Гудаев Лоьма. Цо Instagram олучу социалан сетачуьра шен агIон тIехь билгалдаьккхинера, шена оцу тайпа флешмоб дIакхайкхо лаар – Кадыров Рамзана мехкан дуьхьа хьегна къа массарна а дIадовзийтар а, цуьнан цIе кхин а айъа  лаар а дара, аьлла.

Цул тIаьхьа Россин дуккха а гIаланашкахь, кхечу пачхьалкхашкахь, тайп-тайпанчу учрежденешкахь  дIаяьхьира Л.Гудаевс дIакхайкхийна йолу «Кадыров Рамзан – Россин дозалла!» флешмоб. Цу юкъахь дакъалоцуш нохчий а, бусалбанаш а хилла а ца Iаш, иттаннашкахь къаьмнийн а, керстанийн а, жуьгтийн а динийн векалш а бара.

И.ХАСАХАНОВ

 

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: