Р.Кадыров: «Ас цхьанна а тIе ца дожийнера митинге вар»

    Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана журналисташна дийцира Соьлжа-ГIалахь хиллачу митингехь ша дакъа цалацаран  бахьанех лаьцна.

    Ша митингехь цахиларан бахьанех дуьйцуш, Р.Кадыровс элира: «Цкъа-делахь, дакъалацархойн тидам сайна тIехь соьцийла ца лаьара суна. ШолгIа-делахь, митинг дIаяхьар долийнарг а, иза вовшаштоьхнарг а республикин Куьйгалхо вацара. И гIуллакх вовшахтоьхнера юкъараллин векалша а, парламентареша а. Бакъду, дагца со цаьрца вара».

Митингехь дакъалоцуш иштта дукха адам хилар (800 эзар сов стаг) доьзна ду системин йоцчу оппозицин цхьаболчу векалийн питанечу дIахьедаршна адам чIогIа оьгIазе хиларца, билгалдаьккхира цо. «Хабарш дара, митингехь дакъалацар бахархошна Р.Кадыровс тIедожош ду,  бохуш. Ас цхьана а стаге ца аьлла митинге вола, сайн доьзалшка а. Цул сов, цхьана а кепара митинг вовшахтохаран а, дIаяхьаран а гIуллакхашна юкъа а ца гIиртина. Деккъа цхьаъ ду ас динарг – МВД-н векалшца цхьаьна а кхетта, цаьрга кхерамазалла ларъяр дехар. Селхана а, тахана Iуьйранна а митинган дакъалацархой бохамах ларбар Деле доьхуш-м Iийна со, вайн мостагIий стенна а кийча буйла хууш», – элира Р.Кадыровс.

Цуьнан дешнашца, республикин куьйгалло нах митинге кхайкхина хиллехьара, цуьнан дакъалацархойн барам кхин а дуккха а алсам хир бара.

Ткъа системин йоцчу оппозицин векалийн цхьана а маьIне а, бух а боцу дIахьедарш, деса хабарш бен, кхин хIумма а дац, билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.

Хь.АБАЕВ

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: