Электроэнергех пайдаэцарх ахча дIадала деза

Электроэнергех пайдаэцарх  ахча д1адаларан гIуллакхаш дийцаре даран Iалашонца кхеташо  д1аяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

    Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, республикин министерствийн, ведомствийн, гIалийн, районийн куьйгалхоша.

    Кхеташо дIайолош, Кадыров Ислама хаам бира, Нохчийчоьнан бахархоша шаьш пайдаэцначу электроэнергех дерриге а ахча д1аделла хиларан хьокъехь.

«ДIадаханчу шеран декабрь баттахь ахь ахча д1адала дезаран  хьокъехь тIедиллар динчул тIаьхьа, республикин Iедалан белхахоша дукха болх бина бахархошца. Цуьнга хьаьжжина, вайн бахархоша электроэнергех д1адалаза дисина мел долу декхарш дIатекхна», – элира И.Кадыровс республикин Куьйгалхочуьнга.

Кадыров Рамзана районийн а, гIалийн а куьйгалхошна баркалла элира бахархошка декхарш дIатакхийтарехь дика болх барна: «Къаьсттина билгалбаккха лаьа районийн а, гIалийн а куьйгалхоша бина болх. Цара шайна хьалха хIиттийна Iалашонаш жоьпаллица кхочушйина. Цо гойту, нийса болх бича, уггаре а хала гIуллакхаш а сиха а, дика а кхочушдалуш хилар.

Вайн бахархойн интернетехула хIусамийн-коммунальни бахаман хьаштех пайдаэцарна ахча д1адала таро хир йолуш, керла система а кхоьллина, иза юкъаяло еза вай. И система гуттар а дика хир ю, хIунда аьлча дийнахь а, буса а болх бо цо, цул сов, раьгIнашкахь латта а ца безаш, масех минотехь шайн ахча д1адала таро хир ю бахархойн», – элира республикин Куьйгалхочо.

Билгалъяьккхина йолу хIусамийн-коммунальни бахаман хьаштех пайдаэцарна  ахча д1адаларан электронни система юкъаялор а, коммунальни хьаштех пайдаэцарна ахча д1адаларехь  гIоленаш хила езачу абонентийн бух цIанбар а тIедиллира Р.Кадыровс.

«Газах а, электроэнергех а, хих а пайдаэцарна ахча дала  таро йоцуш нах бу вайн. Вай, хьалха санна, царна гIо дан деза. Коммунальни хьаштех пайдаэцарна ахча даларехь гIоленаш оьшуш болу берриге а хьаштахой билгалбаха  беза», – элира цо. Цу т1ехь шен болх берзийра кхеташоно.

А.ВАХАЕВА

 

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: