2015-чу шарахь бакъонаш ларъяран органаша бинчу оперативно-гIуллакхийн белхан жамIаш дира Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствехь.
Республикин МВД-н коллегин кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитела Савенков Александра, республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, кхечара а.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, бакъонаш ларъяран органийн белхан коьрта жамI республикехь цхьанаэшшара дика хьал лаьтташ хилар.
«Иза республика кхидIа а кхиоран чIогIа мехалчу хьолех цхьаъ ду», – билгалдаьккхира цо.
Цо дийцарехь, кхиамца совцош ду экстремизман а, терроризман а гучудийларш.
«ХIаллаквина 19 боевик, царна юкъахь церан цхьа куьйгалхо а. Кегийрхошца дIахьо кхетаме профилактически болх», – элира цо.
Республикин Куьйгалхочо иштта билгалбехира республикин МВД-с дика болх беш хиларна тоьшалла деш болу цхьамогIа гайтамаш.
«ДIадаханчу шарахь 25 процентана гергга лахбелла къаьсттина даккхийчу зуламийн барам. 19 процентана лахбелла некъийн-транспортан бохамийн барам. Дина зуламаш гучудахар 6,6 процентана алсамдаьлла», – хаам бира цо.
Дика болх барна а, лаккхара корматалла гайтарна а Кадыров Рамзана баркалла элира бакъонаш ларъяран органийн белхахошна. Республикин куьйгалхочо дийцарехь, республикин полицейскеш муьлхха а чолхе декхарш кхочушдан хьуьнаре бу.
Савенков Александра билгалдаьккхира, республика цхьанаэшшара дика кхуьуш хилар. «ХIоразза а кхуза веача, суна го регионехь баьхна керла кхиамаш», – элира цо.
«Шеран дохаллехь республике цкъа веана ца Iа со. Суна го кхузахь хуьлуш болу дика хийцамаш. Цара воккхавево», – элира цо.
Министран заместитела билгалдаьккхира Нохчийн Республикин бакъонаш ларъяран органаш дика болх беш хилар.
«Дагна хьаам беш ду вешан оперативно-гIуллакхийн балхахь дика кхиамаш а болуш, вай жамIаш деш хилар. Вайн долуш ду республикин халкъе ала хIума. Вайн долуш ду дийцаре дан хIума а», – билгалдаьккхира цо.
Цо дийцарехь, республикехь дина зуламаш гучудахаран барам 86 процентал а лакхара бу.
«Иза Россин Федерацехь уггаре а лакхара гайтам бу», – элира цо.
Савенков Александра билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин МВД-с дика болх беш хиларна уггаре а мехала тоьшалла некъашкахь бохамаш хилар а, нах кхалхар а лахдалар хилар.
Автомобилийн барам алсамболуш боллушехь, хаддаза лахлуш бу некъийн-транспортан бохамийн а, бахархоша шайн транспортах пайдаоьцучу хенахь адамаш кхалхаран а барам», – билгалдаьккхира цо.
Цо дийцарехь, дIадаханчу шарахь республикехь лахъелла террористически жигаралла.
«Ткъа иза шашаха хилла дац, иза республикин а, МВД-н а куьйгалхоша сацам боллуш гIуллакхаш дар бахьана долуш хилла ду», – элира цо.
Министран заместитела дIахаийтира тIедеанчу шарахь республикин бакъонаш ларъяран органаша кхерам цахилийтар а, юкъараллин бакъонан къепе а ларъяран декхарш дика кхочушдийриг хиларх ша тешна хилар.
«Со тешна ву, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра хьалхахIоттийна йолу план, дуьйцийла йоццуш, кхочушйийриг хиларх», – билгалдаьккхира цо.
Республикехь закон а, бакъонан къепе а чIагIъярехь лаккхарчу гайтамашка кхачарна, кхеташонехь Савенков Александра республикин МВД-н цхьамогIа белхахошна баркаллин кехаташца а, дагалецаме а совгIаташ дира. Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран омрица «Терроризмаца къийсам латторехь билгалваларна» цIе йолчу знакаца иштта совгIат дина Нохчийн Республикин Парламентан Председательна Даудов Мохьмадна а, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочунна Кадыров Исламна а, Россин Федерацин МВД-н Къилбаседа Кавказан федеральни округан Коьртачу урхаллин сихха гIуллакх даран леррина йолчу «Терек» тобанан командирана Висмурадов Абузайдана а, кхечарна а.
С.ЛАЛАЕВ
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо