Нохчийн а, Кавказерчу кхидолчу къаьмнийн а дIадаханчу бIешерашкахь шайн къаьмнаш а, шайн мехкаш а лардаран Iалашонца, гуттар а бохург санна, мостагIашна дуьхьало латто дезна. Цхьа мостагI эшийча я юхатоьхча, кхин вогIуш, деба а, синтемехь даха а ларош ца хилла оцу хенахь кхузара къаьмнаш. МостагIчун дукхалла а, кхалхарш дукха хиларх а, тIамах а хIоьттина, Дела хьахон а, баха а маршо лоьхуш, дуккха а нохчийн доьзалш Хонкара дIабахана оцу муьрехь. Амма дIабаханчеран Iалашо шаьш кIелхьарадаьхна ца Iаш, вайн къоман культура а кIелхьараяккхар хилла. И нах мухIажарш бохучу цIарца билгалбевлла исторехь. Иштта историс билгалдаккхарехь, оцу муьрехь Хонкара дIабахнарг 5 эзар (25 сов эзар стаг) нохчийн доьзал бу. Цул тIаьхьа, Хонкарара нохчийн мухIажарш дIасабаьржина Герггарчу Малхбалерчу Iаьрбийн мехкашкахула (Шема, Урдун, иштта кхидолу мехкаш). Тахана оха дуьйцур ду тайпана гIордалой а болуш, 1865-чу шарахь мухIажарийн могIарехь Хонкара а, цигара 1882-чу шарахь Урдуне а кхаьчначу нохчийн Ассандран доьзалех лаьцна.
Оцу доьзалан декъашхо волчу МахIера дийцарехь, нохчийн дуьххьарлера мухIажарш Iаьрбаша реза боцуш, дуьхьалонашца тIелоцуш хилла, хийлазза цаьрца тIеман тийсадаларш а нислуш. ХIора буса, хийца а луш, мухIажарийн могIарерчу боьршачу наха шайн шахьарш ларъеш хилла, боданах шайна накъост а вина, Iаьрбий тIелатарна кхоьруш. Цул тIаьхьа, хан-зама яларца, цигахь нохчаша ярташ яхка йолийна, хенаца гIаланаш а хилла, дIахIиттина йолу: Заркъе, Сувейл, СухIне, Аль-Азракъ. Оцу хенахь Сувейл олуш йолу шахьар Iаьрбийн тIелатарх ларъеш МахIеран деда Iусман хилла, шегахь шаьлта а, тур а долуш.
Иштта, МахIера дийцарехь, Урдуне кхаьчначу мухIажаршна Iаьрбийн мотт атта Iемаш хилла. Цунна хетарехь, иза доьзна хилла, дукхахболчарна Къуръан деша хууш хиларца.
– Цкъа а со Нохчийчохь ца хиллехь а, Даймахке гуттар а сагатдо ас. Сан да Хани а, нана Наимат а 90-чу шерашкахь Нохчийчохь хилла. ИсраиловгIар олуш болчу тхан гергарчу нахе а, Соьлжа-ГIаларчу Мичуринан цIарахчу поселкехь вехаш хиллачу Ханин деваша МаьхьтахьаьжагIаьрга а, Ассандр доьзалан юрт йолчу Эвтара а кхаьчна хиллера и шиъ. Эвтарахь цу шинна тхан гергарчу Бизиева Дагманан доьзалехь хьошалла лелийна а хиллера. Иштта, мурд Ассандран зерате а дахана и шиъ. Иза, мурд Ассандр, сан дедеда ларалуш ву, – элира МахIера.
Ассандран доьзало шен Даймохк цкъа а ца бицбина, иштта ларбина шен къоман мотт а. Нохчийчу бала беача, цунна са а гатдеш, маршо хIоьттича, цунах баккхий а беш, баьхна оцу доьзалан декъашхой гуттар а.
МахIера дуьйцу шен да Хани гуттар а Нохчийчу юхаверза а, нохчийн мехкан а, халкъан а дуьхьа къахьега а лууш вара бохуш. Амма Дала яздина рицкъ кхачор бахьана долуш, халачу лазарх кхин метта ца вогIуш, кхо шо хьалха кхелхина иза (Дала гечдойла цунна).
– ТIаьхьарчу 100 шарахь, – бохуш, дуьйцу МахIера, – Урдунан паччахьийн гIаролехь гуттар нохчий а, чергазий а хилла. Масала, дIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь, Урдунан паччахь волу Хьусейн вен гIоьртича, гIаттамхойх-террористех паччахьан доьзал Ассандран цIийнехь лачкъийна латтийна. Ханис шен вежаршца бертахь мостагIех ларбина паччахьан доьзал. Ассандран доьзал а, хIинцалерчу паччахьан доьзал а зIенаш ца хедош, гергарло лелош бу.
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхарца доьзна, Нохчийчохь доттагIаллин визитца Урдунан паччахь Iабдул ШолгIаниг хилла. Къилбаседа Кавказе дуьххьара веана вара иза. Урдунерчу нохчаша чIогIа дозалла до оцу доттагIаллех, хIунда аьлча, цу шиннан доттагIалла бахьана долуш, Нохчийчоьно а, Урдуно а зIенаш тосур ю, – боху МахIера.
Урдунера нохчий гуттар а баьхна шайн къоман ламасташца. Сувейлехь болх беш «Джамъия Шишания» олуш йолу культурин туш ю. Цигахь баттахь цкъа вовшашкхета берриге а нохчий, шайца шайн доьзалш а болуш.
– Тхан доьзалехь а ду цхьа хаза ламаст. КIирнах цкъа тхо дерриге а цхьаьнакхета тхайн дай-нанойн хIусамехь. Оцу муьрехь оха нохчийн кхачанаш бен ца бо, – дуьйцу МахIера.
Ассандран доьзал боккха бу. МахIер Амманерчу (Урдунан паччахье) университетехь хьехархо ву. Цуьнан цхьа йоI бен яц. МахIеран йоккхах йолу йиша БарихIан «The Royal Aal-Al-Bayt Institute for Islamic Though Ammane» компанехь болх беш ю. Дуьненаюкъарчу конференцешкахь дакъалоцуш а, гIоьналлин юкъараллашца къахьоьгуш а ю иза. Ватиканехь Риман Папица шозза цхьаьна а кхетта. Цуьнан диъ бер ду. Ваша Раед «The Hashemita Royal Court, chief of staff and office Director of His Royal Highness Prince Ghazi Bin Muhammad» компанехь къахьоьгуш ву. Цуьнан кхо бер ду. Йиша Гада университет чекх а яьккхина, Пачхьалкхан къоман банкехь къахьогуш яра. ХIинца, цкъачунна, цIахь ю. Цуьнан а диъ бер ду. Йишас Димас коьртачу университетан юридически факультет чекхъяьккхина. Цуьнан кхо бер ду, иза болх беш яц. ТIаьххьарлерчу Данас дукха хан йоццуш бен чекх ца яьккхина университет, амма хIинцале болх беш ю «Modern American School» компанехь.
Иштта, цу хьокъехь дуьйцуш Iаш а долуш, МахIерна дагадогIу Урдуне делегаци а ялош, Нохчийчоьнан муфти Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) веана хилар. Иза хилла 1999-чу шарахь. МахIеран дас Ханис накъосталла а деш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхаьчна хилла Ахьли олучу лома тIера хьеха чу (Къуръанехь хьахийна ю хьех).
– Ханис (МахIеран да) Нохчийчуьра еанчу делегацина Урдунан дуккха а сийлахь меттигаш гайтира. Цуьнан теш вара со а. Ас дуккха а суьрташ дехира, видео а дIаязйира, шайна тIехь Ахьмад-Хьаьжа а, делегацин кхиболу декъашхой а болуш. Тахана а соьгахь ду и суьрташ. Цхьа лаам а бу сан: мацца а цкъа Нохчийчу, сайн Даймахка кхача а, ас хьахийна долу суьрташ а, видео а Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна совгIатана а, иэсана а дIакхачо, – шен ойланаш а, лаам а бовзуьйту МахIера.
Юха а къамел, Урдунерчу нохчашна тIедирзича, МахIера билгалдоккху цигара нохчий 33 тайпанан векалш хилар а, дукхахберш таханлерчу Нохчийн Республикин Нажи-Юьртан кIоштан а, Дагестанан Хасавюьртан кIоштан а латтанашкара хилар а. Царах дукхахберш бехаш бу Амманехь, Сухнехь, Сувейлехь, Заркъехь. Кхечу пачхьалкхашкахь а санна, Урдунехь а нохчий гулахь беха. Цигара нохчий къаьсташ бу бертахь хиларца, гулахь бахарца, социалан статусца, Iаткъаман барамца. Интернетан гIоьнца суна карийначу хаамашца доьзна а долуш, XX-чу бIешеран тIаьххьарчу шерашкахь нохчий къаьсттина дукха бехаш хилла Эз-Заркъа олучу гIалахь. Хаамаша чIагIдарехь, оцу муьрехь Урдунехь нохчийн 1 550 доьзал я 8,7 эзар стаг хилла. Эз-Заркъа гIала XX-гIа бIешо долалуш нохчаша а, дагестанхоша а йиллина. Ламаст а хилла, таханлерчу дийне схьакхаьчна, оцу гIалина урхалла нохчаша деш хилар.
Кхузахь билгалдаккха догIу нохчийн къоман векалш Урдунан паччахьан а, верасан элин а гонехь а, правительствехь а, парламентехь а болх беш хилар. Иштта, нохчаша дуккха а меттигаш дIалоцу МИД-н а, ницкъаллин структурийн могIарехь а. Хьалхо нохчий оцу пачхьалкхан генштабан а, Iилманийн Академин а куьйгаллехь лаьттина, гIалийн куьйгалхой тахана а лаьтта.
Урдунан Хьашимитийн Пачхьалкхан конституцица доьзна а долуш, оцу мехкан турпалхочун цIе цхьана стагана цкъа бен яла йиш йолуш яц. Амма Урдунан исторехь шен бух а болуш хIума ду, нохчичунна Урдунан Турпалхочун цIе шозлагIа а яларан хьокъехь, леррина паччахьан указ арадаьккхина хилар.
Нохчи Iалавдин Ахьмадан Арслан, Урдунан спецназан хилла волу командир, цхьаъ бен воцу Урдунан шозза Турпалхо ву. Меттигерчу бахархоша Яким олуш хилла цунах. Шен майраллица гIараваьлла а хилла иза. Цуьнан цIе, Арслан, нохчийн матте гочйича, «лом» хуьлу. Iалавдин Арслан а хилла Кавказан тIом чекхбаьллачул тIаьхьа Хонкара баханчу нохчийн мухIажарийн тIаьхьенах. Арслана цкъа а дицдина ца хилла ша нохчи хилар а, шен къоман мотт а, ламасташ а. Тахана иза вайца вацахь а (Дала гечдойла цунна), шел тIаьхьа баха цо битина шен кIентий. Уьш а бу, шайн да санна, яхь а йолуш, шаьш нохчий хиларх дозалла а деш, мацах шаьш тIелаьцначу мехкан дуьхьа хьанал къахьоьгуш.
Iалавдин Ахьмадан Арслан 1967–1973-чуй шерашкахь лаьттинчу Iаьрбийн-жуьгтийн тIемийн дакъалацархо ву.
Цул тIаьхьа, цо дуккха а зен-зуламах кIелхьарабаьхна Урдунан, Мароккон, Оманан паччахьаш. 1979-чу шарахь террористаша дIалаьцна йолу Макка схьаяккхарехь доккха дакъа а лаьцна. Иза кхелхина 2014-чу шеран 17-чу ноябрехь.
Тхайн дийцар дерзош, тхуна хаийта луур дара Урдунан парламентехь нохчашна гуттар а ши меттиг луш хилар а, нохчийн дебаран барам (5,7 процент) Iаьрбийн дебаран барамел лакхара хилар а (4,6 процент). Урдунерчу нохчийн социалан статус а ю лакхара. Иза доьзна ду оцу пачхьалкхан куьйгалло нохчашца гергарло а, зIенаш а латторца.
ХАСАХАНОВ ИСЛАМ,
АБУБАКАРОВ РАМЗАН
№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо