ЕГЭ-на кечам бо

   Соьлжа-ГIалин Ибрагимов Хьамзатан цIарахчу №1 йолчу математикин школехь «Ас ЕГЭ дIалур ю!» аьллачу проектан координаторшна лерина кхеташо хилира. Уьш, коьртачу декъана, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтан белхахой бу. ЧИПКРО-н ректор йолчу Г.Эльмурзаевас а, Iилманан-методикин белхан декъехула проректор йолчу Р.Эльмурзаевас а гулбеллачарна дийцира  Нохчийн Республикехь «Ас ЕГЭ дIалур ю!» аьллачу проектан Iалашонах лаьцна.

   Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон т1едилларца берриге а координаторш 25-чу январехь дуьйна шайн декхаршна тIебирзина болх беш бу.

Карладаккха лаьа, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерство а, дешаран учрежденеш а лакхахь хьахийначу проектаца леррина болх беш хилар, ткъа оцу проектан автор Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан ву.

«Проектах долучу беркатах аьлча, дуьххьала дIа экзамен дIалучаьрга шаьш бан безачу кечамна тIехь къахьега само йойту, ткъа хьехархошна хьехаран методика тIечIагIъярехь гIо а до», – элира ЧИПКРО-н ректора Эльмурзаева Гангас.

З.ХИЗИРОВА

№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: