Хууш ма-хиллара, вайн республикехь кегийрхой кхетош-кхиорехь а, уьш гIиллакх-оьздангаллех хер ца балийтарехь а, ВИЧ-инфекцих ларбарехь а жигара дIахьош белхаш бу. ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу №15 йолчу школехь лакхарчу классийн дешархошца хилла цхьаьнакхетар а оцу могIарера дара. Цигахь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон, могашалла Iалашъяран министерствон СПИД-ана профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а туьшан, «Феникс» кхиазхойн социальни реабилитаци яран туьшан векалш.
Семинар дIайолош, дешархошна гайтира корта бахош долчу маларша а, тонка озаро а дечу зенех лаьцна видеоролик. Цуьнга хьаьжначунна гуш дара цу харц новкъа ваьллачу стага шен дахар хIаллакдеш хилар а, къаьсттина кегийрхой цунах Iехабалар а.
Цул тIаьхьа СПИД-ана профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а республикин туьшан психолога Абдулкадырова Залинас дешархошна дийцира могашалла ларъярх лаьцна. Иштта, шен къамелехь цо билгалдаьккхира, психотропни молханаша а, корта бахочу маларша а, тонка озаро а адамашна вуон тIеIаткъам беш хилар а, царах кегийрхой ларбан безар а.
Дешархошна дуккха а пайдехь дерг девзира, иштта шайн дуккха а хаттаршна жоьпаш а карийра.
З.САГАЕВА
№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо