Дуккха а ду Нохчийчохь похIме бераш. Тайп-тайпанчу дакъошкахь кхиамаш бохуш схьадогIу уьш. Царах ю Чуьйрин-Эвларчу №1 йолчу юккъерчу школин 11-чу классан дешархо Арсанукаева Хьава. Жигара дакъалоцу цо школехь а, районехь а дIахьочу гIуллакхашкахь.
Хьалхарчу классе деша йоьдучу хенахь пхи шо бен дацара Хьаван. Школе яхале дас Мусас Iамийна, гIеххьачул нохчийн, оьрсийн, ингалсан меттанашкахь деша а, яздан а, иштта оцу кхаа маттахь байташ а хууш яра иза. Цу хенахь дуьйна, дешарна тIе а йирзина, пхеаннаш дохуш схьайогIуш а ю. Къаьсттина дика хаьа цунна биологи а, литература а. «Юьллучу оценкина а доцуш, хаарийн дуьхьа деша деза. Баьхначу толамашна тIехь ца соьцуш, кхин а дешарна тIеерза еза» бохуш, дас дина хьехарш пайде хилла йоIана. Хьал долуш бу цо буьйцу мотт.
Дешарна тIаьхьа ца кхуьуш болчарна гIо до Хьавас. Цунна хаьа царна гIо дарца шен хаарийн тIегIа а ша лакхадоккхий. ХIокху дуьненахь дерриге а ахчанца дустуш цахиларх тешна ю иза.
Школин директоран кхетош-кхиоран декъехула заместитела Н.Исламовас сценареш а хIиттош, школехь а, районехь а дIахьочу гIуллакхашкахь дакъалоцу Хьавас.
Массо а хенахь деладелла-декхаделла а долуш, хьеша-дена комаьрша шун хIоттош, нахаца лело еза юкъаметтиг а хууш, гIиллакхе а, оьзда а долчу ден-ненан АрсанукаевгIеран Мусан а, Регинин а йоI ю Хьава. Иза эхь-бехк долуш, эсала а, цIахь дечу гIуллакхана нанна дика накъост а ю. Цкъа а шена луург хьалха даьккхина «суна хIара хIунда ца эцна, хIара езара суна» бохуш, къамелаш дац цуьнан. Цкъа аьлча тоьаш, тIедиллина долу муьлхха а гIуллакх, хуьлда иза цIахь я школехь дийриг, дика кхочушдеш а ю. Дешархошна дукхаезаш а ю. Цунна тоьшалла ду «Муьлхарниг президент хила хьакъ ву аьлла, хета шуна?» хаттарна жоп луш, массара Хьаван цIе яккхар. Иштта тIедехкина цунна школин президентан декхарш.
Районни а, республикин а олимпиадашкахь толаман меттигаш яьхна Хьавас. Масала, дукха хан йоццуш Нохчийн пачхьалкхан университето дIаяьхьначу биологин олимпиадехь 3-гIа меттиг яьккхира цо. Иштта, литературехула дIаяьхьначу районни олимпиадашкахь шозза 1-ра меттиг яьккхина.
Таханлерчу дийнахь ЕГЭ-на кечам беш, лерринчу тесташна тIехь болх беш ю Хьава. Ерриге а ворхI экзамен хаьржина йоIа. Иза тележурналист хила лууш ю.
Шен дена-нанна хетарг деза ду йоIана. Цара массо а хIуманна тIехь гIо лоцу цуьнан.
Даг чохь сирла ойланаш йолуш, хIокху дуьненан гIайгIанаш ца евзаш хаза хан ю Хьаваниг. КхидIа а иштта мерза йоккхийла цо а, кхидолчу вайн дерриге бераша а хIокху дуьненахь йоккху хан.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан суьрта тIехь: Арсанукаева Хьава
№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо