Кхиазхошца мехала къамел

     С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь жигара дIахьош бу берашца кхетош-кхиоран болх.20160119_153757

     Иштта, хIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу №7 йолчу школин 8-чу классийн дешархошца цхьаьнакхийтира библиотекарь  Балатбиева Мадина. «Уголовни а, административни а бакъонаш талхийча догIу жоьпалла» аьллачу темина лерина яра цо дешархошца дIаяьхьна урок. Профилактика яран Iалашонца вовшахтоьхна дара и гIуллакх.

Бакъонаш талхийча хуьлучу зуламех а, иза жоьпалле хиларх а лаьцна дийцира дешархошна Балатбиева Мадинас. «Бакъонаш талхор хIун ду?», «Административни бакъонаш талхорна юкъа хIун догIу?», «Бакъонаш талхийначунна хIун таIзар до?» хаттарш хIиттийра цо, ткъа дешархоша, вовшашлахь дийцаре а деш, жоьпаш делира.

Цул тIаьхьа урок ловзаран кепехь дIаяьхьира. Арахь воьдуш-вогIуш я некъаца нисдала тарлуш долу суьрташ а хIиттош, шаьш динарг административни бакъонаш талхорна юкъадогIу я ца догIу билгалдаккха дийзира дешархойн. Циггахь билгалделира оцу темех уьш кхетта хилар. Гуш дара цара цунах дикка пайдаэцна хилар. Дешархошца иштта мехала урок дIаяхьарна библиотекарна баркалла а олуш, дерзийра и гIуллакх.

З.ХАСИЕВА

Суьрта тIехь: Балатбиева Мадина а, дешархой а

№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: