Яздархочун Усманов Iаьрбин цIе шуьйра евзаш ю Нохчийчохь. Дукха хан ю цо Нохчийн Республикин культурин хьаьттахь хьанал къахьоьгу. Къаьсттина уллора гергарло ду цуьнан вайн къоначу хьажархочун театраца. Усманов Iаьрбис язйинчу пьеси тIехь кест-кеста спектакль хIоттайой, берийн самукъадоккху цигарчу артисташа. ХIинца а ю Нохчийн Республикин театран труппа Усманов Iаьрбин «Къинхетаме таллархо» цIе йолчу пьеси тIехь керла спектакль хIоттош.
Театран режиссер Зухайраева Милана ю берашна и совгIат кечдешъерг. Билал ю коьртачу турпалхочун цIе. Иза таллархо ву. Амма цунна къахета акхаройх. Мел меца ша велахь а, цуьнга са ца даккхало Дала кхоьллинчу цхьана а дийнатан. Муьлххачу стага дина дика, лар йоцуш, ца дов бохучух ю театро хIоттош йолу керла спектакль. Цо бераш къинхетаме хила Iамор, цуьнца цхьаьна дикане, доттагIалле кхайкхар ду коьрта беркат. Дешархойн бIаьстенан каникулаш тIекхачале кийча хир ю «Къинхетаме таллархо» цIе йолу спектакль. Теша лаьа вайн республикерчу берашна спектаклах самукъане кхаъ хирг хиларх.
А.АРАПХАНОВА
№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо