Вайн цхьаалла цхьаьнгга а йохалур яц

 Iаламат боккхачу хиламан теш хилира вайх хIора а хIокху деношкахь. ДIадаханчу пIераскан дийнахь пачхьенан коьртачу майданахь дIаяьхьначу дерриге халкъан митингехь  Нохчийчоьнан бахархоша кхин цкъа а гайтира шайн цхьаалла, тайп-тайпанчу эладитанчашка шаьш Iехалург цахилар. Жимма хьалхо регионан профсоюзашна коьртехь лаьтташ волчу Солтагериев Хьусайна билгалдаькхина ма-хиллара, оцу гIуллакхан коьрта Iалашо яра экономикин хIокху чолхечу хьелашкахь махкахь кхолладелла хьал талхо гIертачарна ондда дуьхьало яр. Цунна ондда тIечIагIдар а карийра.4D055C92-C4F8-4C4B-BE8A-13D5DC4CE3A3_w640_r1_s_cx0_cy9_cw0

 Адамаш доьлла махкахь а, дуьненахь а хуьлуш болчу муьлххачу а хиламан мах хадош, шуьйрачу хаамийн гIирсашна хетарг муха ду хьовсуш хиларх. Цундела тахана а хьовсур вай цара Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу митинган  хадийначу мехе. ХьагI йоцуш, мел бакъ гайтира иза, шайн, журналистийн, цуьнца хилла юкъаметтиг.

Билгалдаккха деза, дукхах болу гIирсаш хиламан чулацам ма-барра гайтарца шайн коьртачу принципашна тешаме хилла бисина хилар. Дестор доцуш, шайн векалийн бIаьргашца дуьненна ма-дарра дIагайтира цара хиллачун сурт.

Царах цхьаъ яра беш болу хаам шалхонаш йоцуш гайтарца, цуьнан кхетаме мах хадош хиларца  билгалйолуш йолу хаамийн REGNUM агентство.  Митинг чекхъяьлла масех сахьт а далале Интернетехь иштта хаам бира цо: «Тахана Соьлжа-ГIалахь хилира патриотийн йоккха митинг. Цуьнан декъашхойн карахь яра иштта плакаташ а, лозунгаш а: «Тхо Россигахьа ду!», «Тхо Путин Владимирехьа ду!», «Тхо Кадыров Рамзанехьа ду!», «Цхьааллехь бу вайн ницкъ!»… Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIолацаран митинге гулвеллера цхьа миллион гергга стаг. Цигахь дакъалецира регионан организацеша, бахархоша санна, Россин кхечу областашкарчу хьешаша а. Дозанал арахьара векалш а бара цигахь. Шен цигахь цхьа миллион стаг гулвина йолу уггаре а яккхийчарах митинг яра иза».

Меттигера йолчу шен репортажехь РИА НОВОСТИ агентствос шен дешархойн тидам тIебохуьйту гIалин коьрта майда а, цунна тIедогIу урамаш а адамаша дIадуьзна хиларна. Иштта билгалдоккху церан карахь Россин а, Нохчийчоьнан а байракхаш, транспаранташ, лозунгаш, «Шуна оьшу баккхий гIаттамаш, тхуна оьшу сийлахь-йоккха Росси!» аьлла, системехь йоцчу оппозицина критика еш йолу плакаташ хилла хилар.

Юьстах ца йисира оцу хиламна 1-ра Канал а. «Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Республикин куьйгаллин гIолацаран митинге гулделлера бIеннаш эзарнаш адамаш. Тайп-тайпанчу къаьмнех долу уьш тайп-тайпанчу меттигашкара даьхкинера: бара цигахь студенташ а, хийцамаш бан болийна а, паргIатчу дахаре бина беха некъ дика дагабогIуш болу а доккхах долчу чкъуран векалш а. Iуьйранна бархI сахьт даьлчхьана дуьйна схьаэха буьйлабелира уьш гIалин коьрта маьждиг долчу майдане… Республикин МВД-с бечу хаамашца, демонстраце баьхкинчеран барам 800 эзар стагал кIезиг бац». ТIе тидам бохуьйту меттигерчу бахархоша Дудаева Тумишас, Хамурзаев Iийсас, ГIебартойн-Балкхарерчу Халакоев Мурата динчу дIахьедаршна. Тележурналисташа   билгалдоккху митинг масех сохьтехь дIаяьхьна хилла хилар, цигахь дакъалоцуш ца хиллехь а, митинг чекхъяьллачул тIаьхьа цуьнан берриге декъашхошна республикин куьйгалхочо баркалла аьлла хилар.

KAVTODAY сайта тIехь, масала, билгалдаьккхира «Россин Федерацин  Президентан Путин Владимиран некъан гIолоцуш, тахана Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу йоккхачу митингехь Дагестанера 10 эзар вахархочо дакъалаьцна» хилар. Сайтан журналисташа чIагIдарехь, митинге араваьлларг цхьа миллион сов стаг вара. «Цхьааллехь бу вайн ницкъ!» аьлла йолчу митинге  гулбеллачара дIахаийтира «пхоьалгIа колонна» шех олуш йолчо вайн махкана дуьхьал дIаболийначу хаамийн тIамна шаьш сацам боллуш дуьхьал хилар.

Ткъа INTERFАХо хаам бо, Госкомстатан Нохчийн Республикехь йолчу органан сайто 2015-чу шеран 1-чу декабрана долчу хьолаца регионехь вехаш 1 млн 393 эзар стаг хиларан хьокъехь хаамаш балош хиларх лаьцна. Агентствос иштта тидам тIебохуьйту митинг вовшахтоьхначарна хетарехь, иза Россин юкъара амал йолуш хилла дIахIоьттина хиларна. «Ша аьлча, Нохчийн Республикин профсоюзийн федерацин председатела Солтагериев Хьусайна журналисташна хьалха дIахьедира Генарчу Малхбалера Калининграде а, Мурманскера Дербенте а кхаччалц йолчу регионашкарчу векалша митингехь дакъалаьцна хиларан хьокъехь», яздо цо.

Сайта тIехь иштта хаам бо: «ХIокху кIирнах соцсеташкахь дIахьош ю «Кадыров Рамзан – Россин дозалла» аьлла флешмоб. Р.Кадыровн гIолоцуш, шайн суьрташ зорбатоьхна Пачхьалкхан Думин цхьаболчу депутаташа, сенаторша, актераша, яздархоша, музыканташа.  Иштта долуш ду Вашингтонехь КIайчу цIенна хьалха а, Европин пачхьенашкахь а, Стамбулехь а, Анкарахь а даьхна суьрташ».

ЦхьамогIа агентствоша тидам тIебохуьйту Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, регионан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, бусалбан а, керстан а дийнийн векалша, юкъараллин векалша, тайп-тайпанчу регионашкара баьхкинчу хьешаша митингехь  шаьш динчу къамелашкахь. Россин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а гIолоцуш хиларан, вайн мехкан мостагIийн ойланаш кхочуш ца хуьлуш, юкъахъюьтург хиларан хьокъехь дIахьедина хиларна. «Суна дIахаийта лаьа шуьга, – элира, масала, Ерригроссин «Буьйсанан берзалой» мотоклубан куьйгалхочо Залдостанов Александра «Хирурга», – Россин Президентана гонаха ваьштатаьIна хиларца, вешан цхьаалла хиларца бен вайга мостагIашна хьакъ доллу жоп далалург цахилар. Цундела хьалха лаьтташ бу паргIатонехьа, Iамаркан демократина дуьхьал болу машаре боцу къийсам».

Вайн республикин куьйгалхочун жигара гIолаьцначарна юкъахь вара Крым        Республикин Куьйгалхо Аксенов Сергей а. «Суна хетарехь, Кадыров Рамзан Ахматовича къеггина гайтина дуккха а дукхах болчу россихойн мехкан бакъонан дозанел арахьа йолчу системина юкъайогIуш йоцчу оппозицица йолу юкъаметтиг. Кхета аттачу дешнашца довзийтина цо долуш долу хьал».

Ишттачохь догIуш а ма-хиллара, Соьлжа-ГIалахь йоккха митинг вовшахтоьхначара хьакъ боллу кхайкхам бина хиларан хьокъехь хаамаш а бо цхьайолчу агентствоша. Ша аьлча, цу тIехь билгалдоккху: «Шуьйрачу халкъийн митинган дакъалацархоша дIахьедо арахьарчу Россина дуьхьал болчу цхьаболчу политически ницкъаша гIо а лоцуш,  либеральни шуьйрачу хаамийн гIирсаш шайх олуш болчаьргахь махкана дуьхьал эладитанаш даржор жигарадаларо шайн синтем байъина хиларан хьокъехь. Нагахь тахана «системина юкъайогIуш йоцу оппозици» Россин юкъараллина Iаткъам бечуьра ца сацаяхь, цо тIедало тарло махкахь социальни бохамаш хиларна. Цхьа а дуьхьал вац Iедална нийсонан критика ян оппозицин бакъо хиларна. Амма «системина юкъайогIуш йоцу оппозици» вайн юкъараллехь къаьмнашна, динашна юкъахь болу барт бохо гIерта». Митинган дакъалацархоша хьалха хIоттийра пачхьалкхана дуьхьал эладитанаш, зуламе гIуллакхаш лелорна деш долу таIзар чIагIдаран хьокъехь РФ-н Федеральни Кхеташоне дехар дар.

Нийса хир дацара халкъо шен лаам оцу кепара дIахаийтар массарна а тайна аьлча. Кхузахь а кирхьанна тIехьа ца бисира махкана «диканиг лууш берш». Шен Iалашонна тешаме хилла йисира митингехь йийцина йолу оппозици митингаца доьзна долчунна а. Царалахь хьалхе махкахь массарна а бохург санна марахваьллачу Навальныйгахь яра. Митингана  ша дуьхьал хиларан хьокъехь дIахьедина ца Iаш, РБК агентствос шен сайта  тIехь билгалдоккхуш ма-хиллара, Россин Талламан комитетана  таллам бар а хьалха хIоттийра цо. Доллучул беламе ду дерриг халкъан митинг Соьлжа-ГIалахь вовшахтоьхнарш  коррупци лелорна бехке бан гIертар.

Митингана дуьхьало яран «хазна» юкъайилла гIоьртира «Яблоко» партин куьйгалхой а: Москван мэре дийхира шайга Нохчийчоьнан векалаллина хьалха митинг дIаяхьа бакъо ялар. Цунах гIуллакх ца хилира. Шен дIаьвшо алссам лазам мичхьа боккхур бара-техьа бохуш халкъашна юкъахь туьйсуш долчу шен питанца дика евзачу «ЭХО МОСКВЫ» радиостанцин обозреватела Латынина Юлияс кегайо яккхий чалхаш, хIуъу дина а мехкан Iедал а, вайн регионан куьйгалхо а бехкеван гIерта тахана махкахь кхолладеллачу хьолана.

Цхьа миллион гергга стаг  вовшах а кхетта, дIаяьхьначу Iаламат йоккхачу митингах лаьцна шайн «дош» аьлла дозанал арахьарчу цхьайолчу агентствоша а. Церан могIарехь ю дика евзаш йолу  REUTERS а (Великобритани). Цуьнан журналистийн бала ца кхаьчна оцу митингехь дийцаре динчу гIуллакхийн, системина юкъайогIуш йоцчу оппозицис лелош йолчу ямартлонашна ондда дуьхьало хIоттор доьхуш,  адамаша беш болчу лехамийн. Церан сагатдеш дерг кхин дара – оццул халкъ вовшахкхетар муха хилла: лаамца я лаамаза. Миллионна юкъахь шиъ кара а вина,  бертаза митинге вахар тIедожийна. Цхьа а тайпа бух болуш дац пачхьалкхан учрежденийн белхахошна митинге бахкар тIедожийна бохург а. ХIун дер-ткъа, журналисташ шайн «демократина» тIетийжина-кх. Бакъдерг ма-дарра дIа ца гайтар ю-кх церан коьрта принципаш.

Оцу Iаламат боккхачу хиламан маьIна гойтуш  билгалдоккхур вай: Нохчийчоьнан пачхьенехь ерриге а Россерчу бIеннаш эзарнаш адамаша дакъалоцуш хиллачу митингехь нехан стоьлаш тIера гулъеш йолчу цуьргех тоам хилла лелачу тобанашка сацам боллуш дIахаийтира цара махкана дуьхьал лелош йолу ямартлонаш чекхйовлуьйтург цахилар, законна тIетийжаш, цаьрга жоп доьхург хилар. Делахь-хIета, цхьана ханна летийта шайна цергаш йоцу жIаьлеш. Вай тешам боллуш хьалхахьа дIаоьхур ду. Цхьаьнгга а эшалур яц вайн цхьаалла!

Л.МАГОМАЕВ

 

№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: