2016-чу шеран январь-февраль беттанашкахь Росси «Калифорнис», «Швейцарис», «Пхукета», «Брисбена» дIалоцур ю.
Иштта цIерш йолуш ю кху муьран «штаммин» (цIеначу вирусийн, бактерийн тайпа) гриппан цамгарш. И билгалдоккху Дуьненаюкъарчу могашалла Iалашъяран организацис.
Россин 47 регионехь даьржина гриппан ун. Карантинна дIакъевлина 800 юкъарадешаран а, 600 школал хьалхарчу дешаран а учреждени. Россин Федерацин коьртачу санитарни лоьро Попова Аннас дийцарехь, кхин шина-кхаа кIиранах лаьттар ю гриппан эпидеми. Цо дийхира бахархошка, шайна гриппан симптомаш хаа ма елла, шаьш цIахь дарбанаш лело ца гIерташ, лоьрана тIе дахар.
Ткъа и грипп муха йовза еза а, муха ларвала веза а, муьлха дарбанаш лело деза а дуьйцу оха лахахь.
Грипп вирусни инфекцин цамгар ю, адамийн дIегIана кхераме а ю. ХIаваэхула дIасаяьржа цуьнан вирусаш. Грипп кхеттачу дархочунна кхо метр юххехь волчунна а тIе яла там болуш ю, иштта гриппан дархочо лелийна йийбар лелийча а тIеяларна кхерам бу. Гриппан цамгаро уггаре хьалха садаIаран пехаш дукъдо, цуьнца цхьаьна иммунитет а лахло (иммунитет лахъелча кхийолу цамгарш атта тIе йовлу, хенахь товелла ца волу). Грипп кхераме ю шекаран диабет йолчарна, иштта ЛОР органийн цамгарш, жаннашца цамгарш йолчарна а. Грипп-цамгарх къаьсттина лардан деза кегий бераш, бакхий нах, хIунда аьлча, берийн иммунитет кхоллаелла яланза ю, ткъа къанойн иммунитет де-дине мел дели а лахъелла йоьду.
ХIокху эпидемин муьрехь коьртан хьех кхета тарло цамгар (масала, энцефалопатия), цундела шайн могашаллина тIехь дика терго ян еза, шайн дIегIан дан догIучу кепара дола дан деза.
ХIоранга шен дегIана накъосталла далур ду прививка ярца. Прививка ца еш вакцинацин хан чекхъяьллехь, цомгашчу нахана юкъахь ца лелаш, нах болчу меттигашкахь медицински масканаш лелош хилахь, вирус тIеяларан проценташ лахара хир ю.
Соьлжа-ГIаларчу больницин терапевта Гучигова Алисас дийцира гриппах муха ларвала веза, грипп кхеттехь хIун дан деза а.
– Арара чувеача уггаре а хьалха довха хиций, сабанций куьйгаш дила деза. ХIокху муьрехь вирусна дуьхьало еш долу молханаш мелча дика хир ду. Грипп хIинцале хьакхаеллехь, лоьрана тIе ваха веза, цо яздина дарба лело деза. Иштта, хIора дийнахь 4 литр мела хи мелча, цIен комарца, лимонца чай мелча дика ду дегIана, – дийцира цо.
Пачхьалкхехь долу хьал кхин кхераме ларалуш дац боху медицинин белхахоша. N1N1 вирусна дуьхьал дика Iаткъам беш ю антивирусни препараташ. Уьш массо а регионашкарчу стационаршкахь лелош ю. Цундела хIора вахархочо, шена грипп хааелча, больнице вахана, шена дан догIу дарба дайта деза.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо