Къоначу спортсменийн кхиам

ХIокху деношкахь Лягань гIалахь (ГIалмакхойчоь) дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь хьалхеяккхаран регионашна юкъара турнир. Цигахь дакъалоцуш яра 13 команда, верриге а 180 дакъалацархо.

   Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Кхиаме хилира цигахь дакъалацар нохчийн къоначу спортсменашна. Иштта, шайн-шайн йозаллин барамашкахь хьалхара меттигаш ехира: Дадаев Илеса (22 кг.), Исмаилов Ислама (25 кг.), Закриев Аьрзус (27 кг.).

ШолгIачу меттехь бара: Кудузов Iабдул-Малик (27 кг.), Газиев ИсмаьIил (32 кг.), Амаев Абубакар-Сидикъ (35 кг.). КхоалгIа меттигаш кхечира Магомадов Имамана (29 кг.), Яшуркаев Зеламхина (54 кг.). Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу церан тренерш: И.Исраилов, Б.Тулаев, А.Хамзаев, А.Магомадов.

Билгалдаккха деза вайн тренерна Тулаев Бесланна, турнирехь суьдхочун болх дика дIабаьхьна хиларна, леррина совгIат дина хилар.

З.ШИШХАНОВА

№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: