Вайна уггаре а маьIне де…

2

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраца Жамалдаев Шаидца а, республикин дешаран, Iилманан министраца Байханов ИсмаьIалца хиллачу цхьаьнакхетарехь а дийцаре дира Даймохк ларбархочун де даздарна кечам баран гIуллакхаш.

Р.Кадыровс хаийтира и деза де лакхарчу тIегIан тIехь билгалдаккха дезаш хилар.

«Вайн дуккха а бу тайп-тайпанчу хенашкахь Даймохк ларбина болу турпалхой. Цундела вайн декхар ду 23-гIа февраль мехкан берриге а бахархоша санна даздар. Иза Россин эскарехь гIуллакх деш болчеран,  Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман ветеранийн, махкана хьалха долу шайн интернациональни декхар хьакъ ма-дду кхочушдинчу тIемалойн, дуьненаюкъарчу терроризмаца къийсам латтийначеран деза де ду», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.

Цуьнца цхьаьна Р.Кадыровс билгалдаьккхира 23-гIа февраль нохчийн халкъан исторехь бохаме агIо а хилар. Оцу дийнахь нохчий а, гIалгIай а махках баьхна, Казахстане а, Юккъерчу  Азе а дIабахийтира. Цо дагадаийтира нохчийн халкъан исторехь хиллачу дерриге а бохамечу гIуллакхийн билгало хир йолу цхьа юкъара де республикин денойн календарехь къасто 2011-чу шарахь сацам бина хилар.

«И гIуллакх дийцаре дарехь дакъалецира яздархоша, культурин, искусствон деятельша, историкаша, Iилманийн академин декъашхоша. Вайн халкъан исторехь дуккха а хилла бохаме денош: Сталина вайнах махках бахар, шина тIеман компанешкахь кхелхина бIеннаш эзарнаш маьрша бахархой, 2004-чу шеран 9-чу майхь Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бохамехь кхалхар. Республикин гоьбевлла болчу деятельша сацам бира 10-гIа май Нохчийн Республикин халкъийн иэсан а, лазаман а де санна билгалдаккха. Белларш дагалоцуш, оцу дийнахь республикин ерриге а гIаланашкахь а, ярташкахь а мовладаш доьшуш, зуькарш деш, саг1анаш дохуш г1уллакхаш дийр ду. И де тIекхочуш цунна лерина «горга стоьлаш», семинараш, конференцеш дIаяхьа еза аьлла хета суна. Вайн тIекхуьуш долчу чкъурана йовза еза шайн истори, довза деза вайн бохамийн бахьанаш,  тIейогIучу царах лардала хаийтархьама», – элира республикин Куьйгалхочо.

Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Ш.Жамалдаевс хаам бира 23-чу февралана лерина республикехь цхьамогIа семинараш а, «горга стоьлаш» а дIахьош хиларх лаьцна. Цигахь маь1наш до нохчийн халкъан исторехь хиллачу бохамечу гIуллакхийн.

«Оха дIахьо конференцеш, «горга стоьлаш», семинараш, говзанчаш юкъа а узуш, цигахь оха дуьйцу Нохчийчоьнан исторехь хиллачу бохамечу гIуллакхех лаьцна, тIейогIучу хенахь уьш кхин ца хилийтархьама, уьш хиларан бахьанаш адамашна довзийтархьама», – билгалдаьккхира Ш.Жамалдаевс.

И.Байхановс хаам бира дешаран учрежденешкахь Даймохк ларбархочун де даздаран программа кечйина хиларх лаьцна.

«ДIахьо къонахаллин урокаш. Цигахь оха берашна дуьйцу вайн хIинцалерчу турпалхойх лаьцна, Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман ветеранашца иштта цхьаьнакхетарш дIахьо. Вовшахтуху нохчийн халкъ махках, даккхаран, цул тIаьхьа цуьнан бакъонаш меттахIитторан а хьокъехь дийцарна лерина йолу схьайиллина урокаш», – билгалдаьккхира И.Байхановс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,

Правительствон пресс-служба

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: