Ло дIадоккхучу машенаша шайн болх ца сацабо

   Нохчийн Республикерчу некъаш тIехь долчу хьолана Iуналла до автомобилийн некъийн министерствос.

  «ХIокху деношкахь деанчу лайно кхин баккхий бохамаш ца бина», – хаам бо Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон векалша.

Шен хеннахь амал бина автомобилийн некъийн министерствона чуйогIучу ерриге а ведомствоша. Республикерчу ерриге а районашкахь ша бинчу некъаш тIе таса гIум хьалххе кечйина хиларна, паргIат дIахьо белхаш.

Дерриге а некъаш тIехь болх беш ло дIадоккху машенаш ю. Республикерчу массо а юьрта вахалуш, лайх цIандина некъаш.

Иштта туристийн «Къоьзан Iам» комплексана тIе боьду некъ а бу дарцо тIехьоькхучу лайх ло дIадоккхучу техникица хаддаза цIанбеш.

Хь.БАХТАЕВА

 

№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: