(Ахмадов Мусан – 60 шо)
Бакъволу дешан пхьар
ДIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь нохчийн литературина юкъабаьхкинчу яздархойх цхьаъ ву Ахмадов Муса. Ткъе итт сов шо ду цо прозехь а, драматургехь а, поэзехь а эвсараллица болх бен. Цул сов, цо дуккха а литературин-критикин белхаш а язбина. Ахмадов Муса вина 1956-чу шеран 28-чу январехь, ГIиргIизойчохь. Лаха-Варандахь а, Шуьйтахь а школашкахь дешна. 1979-чу шарахь чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Язъян школехь доьшуш волчу шерашкахь волавелла, литературин новкъахь цуьнан дуьххьарлера кхиам а цу хенахь хилира – 1970-чу шарахь Шуьйтан кIоштан газетехь дIаяьхьначу литературин конкурсехь кхоалгIа меттиг яьккхира цо.
Къоначу яздархочун произведенеш кест-кеста арайовлура Шуьйтан кIоштан а, тIаьхьо – республикин а газеташкахь, «Орга» альманахехь а. 70-гIа шераш чекхдовлуш къоначу яздархойн прозин а, поэзин а гуларшкахь зорбане евлира цуьнан произведенеш («БIаьстенан хиш», «Сатийсамийн анайисташ»). «Пхьармат» цIе йолу литературни цхьаьнакхетаралла кхоьллинчарех цхьаъ вара Муса, масех шарахь цуьнан куьйгалхо а лаьттира иза.
Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа Ахмадов Мусас кIезигчу хенахь Лаха-Варандарчу школехь, Шуьйтан кIоштан газетехь белхаш бина.
80–90-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствон исбаьхьаллин литературин декъан редактор, къоман театран литературни декъан куьйгалхо, «СтелаIад» журналан редактор, «Орга» журналан коьрта редактор вара Муса.
1987-чу шарахь СССР-н яздархойн союзе дIа а ийцира иза.
Оцу шерашкахь къаьсттина йоккхачу эвсараллица дIабахара яздархочун кхоллараллин болх – прозехь, драматургехь, поэзехь алссам лакхара исбаьхьаллин мехалла йолу произведенеш арахийцира цо.
ТIаьххьарлера тIом балале Нохчийн пачхьалкхан университетехь литературин а, фольклоран а кафедрехь хьехархочун болх бира Мусас. ТIамо махках баьхначийн хьал девзира яздархочунна – масех шарахь Назранехь, Нальчикехь цаьрца Iаш а кхоллараллин болх дIа ца тесира цо. Назранехь Дуьненаюкъарчу Орцанан Комитетан гIоьнца цо кхуллу Нохчийн Культурин а, дешаран а кхерч, цуьнан куьйгалхо а хIоттаво иза. Оцу Кхерчо дика болх бира махках бевллачу вайн бахархошна юкъахь а, ханна Iачу меттигашкахь йолчу школашкахь а. 2004-чу шарахь «Вайнах» журналан коьрта редактор хIоттаво Ахмадов Муса.
Яздархочун дуьххьарлера («Десачу цIа чохь буьйса») книга араелира 1983-чу шарахь. Цу юкъадахнера масех дийцар а, «Воккха стаг Очча» повесть а. Оцу произведенеша довзийтира волалучу яздархочун дуьнене хьежар, тIетовжамаш, билгалдаьккхира кхоллараллин хатI.
Ахмадов Мусан кхоллараллин цхьа тIегIа хилла дIахIоьттира 1986-чу шарахь араяьлла «Сатоссуш, седарчий довш» книга. Цунна юкъаяхнера изза цIе йолу яздархочун хьалхара роман а, «Кхаа вешех туьйра», «Зама» дийцарш а.
Нохчийн литературина керла яра «Сатоссуш, седарчий довш» роман. Нагахь санна, цу хенахьлерчу кхечу яздархойн вайн заманхойн дахарх йолу проза, дукха хьолахь, идеологин лехамашка хьаьжжина елахь, Мусан романехь турпалхойх дийцар даима а мехаллех долчух дара. ХIора стаг, тIечIагIдора яздархочо, ваха волало адамийн декхарийн беза мохь а оьций, цхьаболчара и дIакхоьхьу, мел хала делахь а, кхечара дIатосу, шайна атта бахархьама… Романехь коьрта ойла, хууш ма-хиллара, «халкъан ойла» ю. Оцу шен романехь и ойла ма-ярра йовзийтира яздархочо: халкъан, мехкан хиндерг доьзна ду, ша хьанах схьаваьлла, мила ву, шен дахарехь хIун декхар ду хууш волчух. Аказ, цуьнан дай иза хууш хилла, ткъа цуьнан кIантана иза ца оьшу – цунна дуьненан истори евза, амма кIезиг киртиг тIехIоьттича а, ша лело дезарг ца хаьа. Бекхан, СаIидбек, Сада – кхо турпалхо – зуьй яздархочо, Зарааца церан йолчу юкъаметтигашца. Хьалхарниг, махках а ваьлла, шен лаамийн лай а хилла, дахар дагош ву; шолгIаниг, амалан цхьалла йоьхна, цIахь цхьана Iадаташца, махках ваьлча, уьш лардан хала долу дела, уьш диц а дой, вехаш ву; кхоалгIаниг, халкъ махках даьккхинчу шерашкахь байлахь висна, шен орамашка сатесна, цIа вирзина, дай баьхначу лаьтта тIехь ваха, и хаздан Iалашо йолуш ву. Яздархочунна герга и тIаьххьарниг ву…
1989-чу шарахь араелира яздархочун «МаьркIажехь дитташ» роман. Советски системин маьркIаже ю цу тIехь гойтуш, сатирин а, гротескан а гIирсех пайда а оьцуш. «Буьйсане доьдура хи» – яздархочун кхоалгIа роман – дуьххьара зорбане яьлла «Орга» журналехь (2002 шо, №№5,6; 2003 шо, №1).
Хууш ма-хиллара, вайн литература иттаннаш шерашкахь коммунистически идеологин лехамаш кхочуш беш кхиъна ю. И идеологи коьрта хилла лелар дIадаьлча, СССР йоьхначул тIаьхьа муьлха тIетовжамаш хила беза адамийн дахарехь коьрта боху, хаттар хIоьттира яздархошна хьалха. Мусас оцу шен тIаьхьарчу романехь дIахьедо шена хетарг: «Иза ду: болх Далла тIе а биллина, хьайн даге ла а доьгIуш, цо хьоьхучу новкъа дIавахар, хиллачунна Далла хастам а беш, Делан дикане са а туьйсуш, хьох я кхечу адамех дозуш дерриге а доцийла а хууш, хьайн декхар-нийят цIена латтор а, хьайга далург дар а, ткъа нийса жамI дар а, бекхам а Делехь бу. («Орга», 2003, №1, 26-гIа агIо). Иштта ву оцу романан коьрта турпалхо ИбрахIим а, иштта бу яздархочун тIаьхьарчу дийцарийн а, повестан а турпалхой Ашми а, («Мохехь богу чиркх а…»), ХIаваил а («Иштта, дIавоьдуш, цу некъах ца туьлуш, чекхвала…»), кхиберш а…
Оцу ойлане ша яздархо кхачар дика го цуьнан романашкахь. Муса даима а гIертара адамийн дахарехь коьртачух кхета, и дийца. «Сатоссуш, седарчий довш» романехь цо шен цу хенахьлера адамах болу кхетам бовзийтира: «Малх. Хьо бу-кха гуттар а къона, гуттар а сирла, гуттар а богуш… Эрна ма ца олу Лаьттах «Маьлхан дуьне». Хьо ца хилча, Лаьтта тIехь цхьа а шовда декар дацара, цхьа а суьйре цIийлур яцара, цкъа а гIаргIулеша шайн тийжаме аьзнаш а Iенор дацара стиглахула, гIаш санна. Малх, хьан суй бу-кха хIора стеган дагчохь. ХIора стеган дог а ду-кха хьох терра, амма хьол дуккха а жима, малх. Цундела церан таро ю вовшашна йовхо, марзо яла, вовшийн дахар къагадан, вовшех баккхийбен…» (Ахмадов Муса. Сатоссуш, седарчий довш. Соьлжа-ГIала, 1986, 31 агIо). «Еза йозалла» цIе тилла дагахь вара иза шен романна, амма тIаьххьара а, цIе хийцира. И язъечу хенахь, Дела хьахо я динца дерг хасто а, хууш ма-хиллара, аьтто бацара. Хетарехь, цундела дуьйцу цо Малхах… И роман къона волуш язйина ю, дахарна ша юкъагIоьртина, хIетахьлерчу Iедалца хуьлу юкъаметтигаш кIорггера йовзале. И «сирла» ю, тешамах юьзна…
«МаьркIажехь дитташ» романехь оцу тешамах хIумма а ца дуьсу. Iедало, цуьнан хьадалчаша массо а цхьана хорша верзаво, шайна оьшучу, ткъа ца луург – юьстах воккху, херво. Иштта ву Аьстамар, романан коьрта турпалхо. Дерриге а цуьнга хийца-м ца ло, амма ша ца хийцийта ницкъ кхочу цуьнан – ткъа оцу хьелашкахь иза а толам бу. «Буьйсане доьдура хи» – тIекхаьчча баьллачу бохамах ю. И бохам Iаламехь хилла ца Iа – (такхамаш), иза доьхначу Iедалехь а, мехаллех хеддачу адамийн кхолламашкахь а бу… Шатайпа язйина а, дахаран чолхе проблемаш хIиттош а ю Ахмадов Мусан повесташ: «Стагана анайист оьшу», «Мохк бегийча», «Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош…», «Зингатийн барз а ма бохабе…», «Иштта, дIавоьдуш, цу некъах ца туьлуш, чекхвала…»
Ахмадов Мусас дуккха а стихаш а, масех поэма а язйина («Сай», «Безам», «Соьлжа-ГIала»).
Алссам болх бина яздархочо драматургехь – тайп-тайпанчу жанрийн иттаннаш жима а, йоккха а пьеса язйина цо. «Мохк бегийча», «Барзанаккъий, кхибершший», «Ша тIехь йина гIала» нохчийн а, гIалгIайн а, кхечу а драмтеатрийн сценаш тIехь хIиттийна. «Берзалой» драма Францехь хIотта а йина, французийн маттахь ша ара а хецна. Яздархочун хаьржина проза арахецна Швейцарехь, немцойн маттахь…
Прозехь санна, драматургехь а вайн халкъан дахаран тайп-тайпанчу хиламашна шен тидам тIебохуьйту Мусас – масала, «Алдара Ушурма» трагедехь цо кхуллу XVIII-чу бIешарахь хиллачу халкъан гIаттамах, «Берзалой» драмехь – 1944-чу шарахь нохчий махках баьхначул тIаьхьа хиллачух, ткъа «Барзанаккъий, кхибершший», «Ша тIехь йина гIала» а хIокху тIаьххьарчу 15–20 шарахьлерчу гIуллакхех дуьйцуш ю…
Литературин массо а жанрехь бохург санна, къахьоьгуш ву яздархо. Муьлхха а ша язъен произведени цхьатеррачу жоьпаллица а язйо цо, хуьлийла иза театран сцени тIехь хIотто я дешархошна лерина.
Ахмадов Мусан берашна лерина йолу пьесаш тайнигийн театран репертуарехь лаьттира дуккха а шерашкахь. Цуьнан сценари тIехь яьккхина дуьххьарлера нохчийн мультфильм.
Яздархочун дуккха романаш а, повесташ а, дийцарш а, цхьайолу драмаш а, оьрсийн матте гочйина, Соьлжа-ГIалахь а («На заре, когда гаснут звезды»), Москвахь а («Ночь в пустом доме», «И муравейник не разрушай…) арахецна цуьнан шен гуларшкахь а, «Дон», «Костер», «Литературная учеба», «Вайнах» журналашкахь а. Шен хаьржина йозанаш шина жайнехь (оьрсийн маттахь) арахецна цо (2010 шо), нохчийн маттахь пхеа жайнехь гулдина йозанаш арахецна яздархочо.
ТIаьхьарчу шерашкахь дика, дукха болх бо Мусас нохчийн гIиллакх-оьздангаллин проблемашна тIехь. Цо 4–11-чуй классашна лерина программаш а хIиттийна, 2003-чу шарахь 10–11-чуй классашна йолу Iамат ара а хецна. И болх кхидIа а хьош ву иза, масех кхечу классашна а Iаматаш кечъеш.
Нохчийчоьнан дахаран тайп-тайпанчу проблемех, литературах, гIиллакх-оьздангаллах, искусствох, театрах, кест-кеста, радиохь а, телевиденехь а передачаш йо Мусас.
2005-чу шарахь «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо», ткъа 2006-чу шарахь «Нохчийн Республикин халкъан яздархо» цIерш а елла яздархочунна.
Иштта, къона волуш дуьйна ша юьхьарлаьцначу новкъа, ца туьлуш, схьавогIуш ву Ахмадов Муса.
Кху деношкахь 60 шо кхочу яздархочун. Шеко йоццуш, ала мегар ду, цо шен дерриге а дахар литературина дIаделла, аьлла.
Могашалла, ирс, аьтто хуьлийла цуьнан дахарехь, кхоллараллехь – керла кхиамаш а!
МИНКАИЛОВ Эльбрус,
Нохчийн Республикин халкъан яздархо
Яздархочух дош
Газиева Аза, Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист:
– Ахмадов Муса яздархо хилла Iаш вац. Иза иштта драматургехь а цхьа тамехь беркате къахьоьгуш ву. Нохчийн къоман эстрада серлаяьккхина дека дуккха иллеш ду цуьнан дешнаш тIехь даьхна. Масех шаре яьлла кхиамца цо дIахьош йолу «Хаарийн бIов» телепроект. Цо тексташ язъеш ю хIора шоьтан дийнахь вай ларъеш йолу «Даймехкан аьзнаш» телепередача. КIорггера ойла йича, кегийрхой кхетош-кхиоран Iаламат мехала болх бу иза. Цул сов, вайн махкахь цхьацца Дезденош билгалдохуш республикин концертийн программашна сценареш а язйо цо. Дуккха а ду Ахмадов Мусан хьанал къинхьегам бахьанехь хилла диканаш. Нохчийн меттан доь ца дайта гIаролехь лаьтташ ву и хьуьнаре стаг. Кхин хIумма ца хилча а, ненан меттан бакъволу говзанча ву Ахмадов Муса. Къомана оьшуш стаг ву, цхьана кепара шеко йоцуш. Дала дукха вахавойла иза халкъана а, махкана а!
Бексултанов Муса, яздархо:
– Муса аса а, кхечара а вийца оьшуш воцуш, вайн махкахь вевзаш а, лоруш а яздархо ву, шена Дала деллачуьнца – шен похIмица – хьанал рицкъа а лохуш, цунах тоам а беш, кху махкахь вехаш. Муса дика яздархо а ву, шен жайнашна тIехь вайн къоман масех чкъор кхиъна а, кхуьур долуш а йолчу произведенийн автор.
Тхан могIарехь болчу нахах, уггаре а дукха къахьегний-те аьлла, къахьегна а, шех тIаьхьайиса йоккха хазна йолу художник. Иштта вайн халкъана хьанал ваца Дала могашалла а, синкъерам а ма эшабойла-кх Мусана, яздан керл-керла жовхIарш хьоькъийла-кх цуьнан даг чохь!
Аболханов Хьаким, журналист:
– Мусана – стагана а, Мусана – яздархочунна а резахила а, ца хила а бакъо ю вайн. Массарна цхьатерра товш хир яц цуьнан амалш, вахаран куц-кеп, дахаре болу хьежамаш, цо кхоьллина произведенеш. ДоттагIий а хир бу цуьнан, доттагIий боцурш а хир бу. Иштта ду дахар. Амма шеко йоцуш дерг цхьаъ ду – Ахмадов Муса бакъволу дешан пхьар ву. КIезиг хуьлу пхьераш. Юьртахь цхьаъ-шиъ бен ца хуьлу дечиган пхьар а. Ткъа дешан пхьар – бIеннашлахь цхьаъ. Цо гойту – пхьар лаарх хуьлуш вац, иза Делера схьа похIма долуш хила веза. ХIаъ, Муса иштачех ву, и иштта дац бохучо хIуьттаренна олуш а хета. Ша дахарехь яьккхинчу хенахь стаг зиэн войур воцу дуккха а беркате гIуллакхаш дан кхиъна Муса. Хастаме ю цо шен кхоллараллина хьалха хIоттийна Iалашо-къилба а: нохчийн къоман син-дахаран орамаш дендар.
Арсанукаев Муса, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист:
– Ахмадов Муса литературе веана дIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь. ХIетахь дуьйна, таханлерчу дийне кхаччалц дашна тIехь хьанал къахьоьгуш схьавогIу иза. Муса яздархо санна вевзина ца Iаш, поэт а, драматург а санна вевза ешархошна. Цуьнан говзарш пхеа томехь арахецна. Литературехь йолчу массо а жанрашкахь кхиамца болх бо цо. Iаламат шуьйра ю цуьнан говзарийн тематика, амма царна юкъахь къаьсттина билгалъяккха мегар ду «даймехкан» тема. Даймахке шен болу безам, иза ларар, цунах дозалла ша дар ешархошна дIагайта хьожу Муса шен кхоллараллехь.
Телехьовсархоша, лаккхара мах а хадош, езаш тIеоьцу Ахмадов Мусас дIахьош йолу «Хаарийн бIов» цIе йолу передача. Матте а, халкъан культуре а, исторе а безам кхоьллина ца Iаш, доккха кхетош-кхиоран маьIна долуш а ю Мусас, ша кеч а еш, дIахьо и передача.
Иза даггара декъал а веш, лаьа цуьнан дахарехь а, кхоллараллехь а кхин шортта кхиамаш хуьлийла!
Такалашов Султан, Россин яздархойн союзан декъашхо:
– Ахмадов Муса нохчийн къоман литературехь йоккха меттиг дIалоцуш гоьваьлла поэт, яздархо, драматург ву. 1983-чу шарахь «Десачу цIа чохь буьйса» хьалхара книга арайолуш дуьйна а къоман литературе дешархошна везаш, шен керла хатI долуш веъна. Цуьнан ерриге а произведенешкахь къоман дахаран лазамаш а, кхиамаш а исбаьхьаллин басаршца къеггина гойтуш ю. Мусан шен кхоллараллехь боккха аьтто хилла дешархойн дегнашка кхача а, царна ша везавалийта а.
Дала аьтто бойла цуьнан кхидIа а, кхоллараллехь баккхий кхиамаш баха!
Декъалдар
Вина 60 шо кхачарца Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса декъалво Нохчийн Республикин яздархойн союзо.
Хьан кхолларалла вайн заманан нохчийн литературин мехала хазна хилла дIахIоьттина. Хьайн романашкахь, повесташкахь, дийцаршкахь говза хIиттийначу исбаьхьаллин васташца хьан ницкъ кхаьчна халкъан дахар ма-дарра гайта. Цунна ду дешархоша хьан исбаьхьаллин белхаш дика тIеэцар а. Иштта беркате къахьоьгу ахь нохчийн драматурги кхиорехь а. Хьовсархоша дика тIеэцна хьан пьесаш тIехь Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан театро хIиттийна спектаклаш.
Баркаллица билгалдаккха догIу Нохчийн Республикин яздархойн союзан балхахь а, Къилбаседа Кавказан литературин дахарехь а ахь жигара дакъалоцуш хилар.
Даггара лаьа кхоллараллин балхахь керлачу кхиамашка кхочуш, дахарехь ирс-аьтто нислуш, доьзалехь барт-беркат лаьтташ, Дала кхин дуккха а шерашкахь могаш-маьрша хьо вахавойла!
Нохчийн Республикин яздархойн союз
Декъалдар
Винчу денца Нохчийн Республикин халкъан яздархо, «Вайнах» журналан коьрта редактор Ахмадов Муса декъалво «Даймохк» газетан редакцин коллективо.
Прозехь, драматургехь, поэзехь ахь язйина исбаьхьаллин говзарш нохчийн литературехь шайна хьакъ йоллу меттиг дIалоцуш ю. Иштта маьIне хета нохчийн мотт, къоман гIиллакх-оьздангалла, литература йовзуьйтуш, яржош, ахь беш болу болх.
Даггара лаьа исбаьхьаллин керлачу белхашца нохчийн литературин хазнаш ахь дебайойла. Хьо тешна хила мегар ду хьан йозанаш нохчийн литературина а, нохчийн халкъана а оьшуш хиларх. Цуьнца оха хьо декъал а во, кхоллараллин балхахь а, дахарехь а хьайн даго ма-лоьхху, аьттонаш хуьлийла а лаьа!
«Даймохк» газетан редакцин коллектив
МАЬЖДИГ
Дуьненчохь хаза кхаъ баьржи:
Нохчийчохь схьадилли маьждиг.
Доккхалла, хазалла, боху,
Кхин маьждиг цуьнца ца догIу.
Цкъа мацах лаьттина цигахь
Кхин гIишло, аьшнаш еш стигал,
Къомана дихкина тешар,
Дихкина бакъ Iилма дешар.
И хилла лар а яц хIинца,
Цунах ца бисина цинц а.
Цу меттехь дIахIоьтти серло,
Цу меттехь синмаршо денло.
Дуьнене бIаьрг бетташ шийла,
Кху дийне сатуьйсуш гIийла,
Хийла да вирзи шен кхиэле,
Йоьхуш шен тIаьхьенаш Деле.
Казахийн, киргизийн лаьттахь,
Ца Iелуш жамIатех хаьдда,
Iенийначу вайнехан бIаьрхийх
Хилла-те и сирла маьждиг?
Схьавола бохамо хьаьшнарг,
Хададай балане тай.
Маьждиган серлонах хьаьрчаш,
ДоIийца дог делла хьайн.
Схьавола малх ца гуш хIинццалц,
Хьайн дагца лелийнарг хьагI,
Аьтто бу хьан ойла цIинъян,
Нисвала аьтто бу хьан.
ТIегулло самаьрша нохчий,
Маьждигехь шайн синош дохде!
ДIатасий бIешеран гIайгIа,
Декъалъе серлонан гIайре!
ТIегулло бусалба зуьрет,
ДIахIотта маьждиган нуьре.
ПаргIата дита аш бIаьрхиш,
Къинхетам синошца баьржаш.
…«Даймехкан дог ду и», – аьлла,
Халкъалахь даьржина даьлла.
«Делан цIа» дог лоручарах,
Къинхетам бойла-кха Дала!
Къинхетам бойла вайн Дала,
ДIатоттуш махкара бала,
ГIаьттинчух, Нохчийчохь яржош
Бакъ динан серлонан маршо!
НОХЧИЙЧОЬ
(илли)
Ламанца сай лелаш,
Хи йистехь къамелаш,
Суьйренца чуйоьрзу юрт… –
Хиллачу дахаран сурт.
Дайн оьзда марзонаш,
Аьрзонийн маршонаш, –
Дегнашкахь ду лелош тхо,
Яхалахь, Нохчийчоь, хьо.
Хьан ареш, ламанаш,
Сибаташ, аматаш
Тхоьца ду, Нохчийчоь,
Тхан ойла хьоьца тоь.
Хьан адмийн хазалла –
Дуьненан дозалла,
Тхан сийлахь маьрша мохк,
Бехийла ирсехь хьо.
Ахь хьегна баланаш,
Хьан иэгна гIаланаш,
Даьгначу дахаран чим,
Лайначу къахьонан стим,
Къонахийн доьналла,
Мехкарийн оьздалла –
И дерриг хьан сица го,
Нохчийчоь, яхалахь хьо.
Устазийн хьехамаш,
Муридийн лерамаш
Лаьттина къагабеш мохк,
Чехадеш бодане дохк.
Хьо йоьхуш доIанца,
Шайн сагIин мелаца,
Ца дайта серлонан хIу,
Къахьоьгуш дика нах бу.
***
Хийла некъаш,
Хийла урамаш,
Хийла дIасалела адамаш.
Эзар даг чохь – эзар синхаам,
Эзар коьртехь – эзар ойланаш…
ДIо цхьаъ вогIу, бIаьргаш доьлуш, го
Цхьа хIорд хазахетар царна чохь.
Адам, собардехьа, сих ма луо.
Хьайн ирс довза таро суна луо,
Хьайн йоI – безам болчу воьду хьо,
Я хьоьжуш ду хьоь доттагIийн той?
Мичча гIахь а, сан дог хьайца хьуо, –
Шина кхерчо йовхо алсам ло!..
Иза дIавай адмийн тобанехь.
Цуьнан метта кхин го урамехь.
Кхуьнан бIаьргаш дерриг дашийна…
Ала, ойла стен хьан йохийна,
Кхолламо хьох тоьхна аьрха ка,
Я хьан безам боьхна тахана?
Сингаттамо эшийна-те хьо –
Аса еший синкъераме байт!
Хьан даг тIехь бу бала – шийла ло? –
Ас сайн дагца иза-м башор бай!..
Иза дIаяй адмийн тобанехь,
Цуьнан метта кхин го урамехь…
Хийла некъаш,
Хийла урамаш,
Хийла дIа-схьа лела адамаш.
Эзар даг чохь – эзар синхаам,
Эзар коьртехь – эзар ойланаш…
***
Сан даг чохь безамца цабезам ийна,
Дахаро сан даг чохь Iай, бIаьстей хьийна.
Цкъа девлла зезагаш дорцалахь дайча,
Йолийнччохь язъянза йисна сан байташ…
Безам бу сан даг чохь бIаьстенан юьххьехь
Долучу синтаре вайн дахар токхдан,
Иллига, яздинчу вайн халкъан дуьхьа,
ЙоIе а, лардечу шен сий а, дош а.
Цабезам – цIеххьана тоьхначу ткъесе,
Дохадеш къоначу синтаран дахар,
Даше а, и хилахь мутт доцуш, деса,
ЙоIе а, ца хиънехь безамца яха.
Сан даг чохь безамца цабезам ийна,
Дахаро сан даг чохь Iай, бIаьстей хьийна,
Цкъа девлла зезагаш дорцалахь дайча,
Йолийнччохь язъянза йисна сан байташ.
***
Адамаш, шу хуьлу бIаьрзе наггахь,
Ца гуш бIаьста хотехь даьлла зезаг.
Иза-м шуна техка, шуна сетта,
Iаламо и кхоьллина ду деза.
Адамаш шу хуьлу бIаьрзе наггахь.
Адамаш, шу хуьлу къиза наггахь,
Хьоьшуш, бен ца хеташ, зезаг ховха,
Иза-м дуьйжи, йиш яц цуьнан кховда
Малхе, мохехь техкаш, хаза хьовза.
Адамаш, шу хуьлу къиза наггахь.
Амма даим къинхетам шун хуьлу,
Кхиош зазаш, хьоьстуш кегий бераш,
Аренашкахь хьекъош ялтин беркат,
Машарехьа къийсам латтош бертахь…
Адамаш шу къинхетаме хуьлу.
ДАЙМЕХКАН IАЛАМ
Со лаьтта лекхачу бердашна юккъехь.
Тийна ду, хаалуш детталун дог.
Меллаша шен тулгIеш ловзаеш, Iенаш,
Шийлачу шовдано етта шен ног.
ДIо стиглахь гIаьттина хьийзаш го аьрзу,
ХIаваэхь баржийна шен мокха тIам.
Ламанан хотешца цо ижу лоьху,
Бенарчу кIорнешна бан гIерташ там.
Генахь го, бацаца бос иэбан гIерташ
ЛадегIа хIоьттина лерг сема лу.
Со волчу агIор схьа сирла бIаьрг бетташ,
И додий чекхдолу, хадабеш гу.
Шовданан йистошца маргIал буц техкош,
Хьакхало бIаьстенан эсала мох.
Ламанийн бердашца шен белшаш гIертош,
Ийало Iаннашкахь Iиллина дохк.
АгIо кечйинарг – Л.ИБРАГИМОВА
№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо
