20-чу январехь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь экстремизман а, терроризман а зуламех дуьйцуш кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутата Дарчиев Нохчос а, блогашталлархочо Сардалов Джамбулата а, малхбалеталлархочо Зубайраев Юсупа а.
Цхьаьнакхетаран Iалашо яра терроризмо а, экстремизмо а деш долу зулам эфирехь радиоладогIархошна довзийтар а, оцу зуламечу тобанашна хьалхаваьлла мила ву хаийтар а, гергга Малхбалехь долу хьал довзийтар а. Иштта радиоладогIархойн аьтто хилира эфирехь цу зуламийн хьокъехь долу шайн хаттарш говзанчашка дала.
Цхьаьнакхетар дIадолош, дош делира Зубайраев Юсупна. ДIадаханчу кIирнахь «Иблисан пачхьалкх» (ИГ) бахьана долуш хилла зенаш довзийтарца дIаволавелира Юсуп. 18-чу январехь Хонкарарчу Кили поселке Шемара яккхий тоьпаш тоьхна, уьш школа йолчу кхетта, масех бер лаза а дина, масех дала а делла. Царна дуьхьало еш, Хонкаран эскаро тоьпаш а тоьхна. Иштта, Россин эскаро Шемахь яккхий тоьпаш а тоьхна, герз эцна йоьду кхо машен эккхийтина, 60 сов террорист а вийна.
Сардалов Джамбулате хаттар дира, «муха тIеоьцу Россин юкъаралло Шемахь долу хьал», аьлла.
Д.Сардаловс иштта жоп делира: «Социальни сеташ чохь ла а дугIуш, цара дуьйцург бакъ а хеташ лелаш болчеран дегнаша тIе а ца оьцу цигахь долу хьал, цу хьокъехь эладиташ а дуьйцу цара, масала, В.Путин Россехь тIом баккха гIерташ ву, бохуш. Делахь а, нийса кхеташ берш а бу. Террористийн тоба кхин а яржале, вайн кегийрхой цара кхин а шайна юкъаозоле, бехк боцу нах цара хIаллакбале лелош ду Россин Президента а, вайн республикин Куьйгалхочо а лелориг.
Ала деза, «Иблисан пачхьалкх» (ИГ) тоба политикица йоьзна ю, динца йоьзна яц. Ислам динах волчу стага бехк боцчу нехан цIий Iенор дац. Дин цу балхана хьалхара лелош йолу «байракх» ю, кегийрхойн кортош хьовзорхьама. Халахетахь а, цхьаболу кегийрхой ца кхета цунах».
Джамбулата а, Юсупа а динчу къамелашна тIе а доьгIна, Н.Дарчиевс дийцира: «70-чу шерашкахь дуьйна тIемаш бу Герггарчу Малхбалерчу пачхьалкхашкахь. ХIунда бу? Джамбулата ма-аллара, динца доьзна дац иза. Ирак а, Шема а, Ливан а гуттар а пайдехьчу маьIданийн дика тIаьхьалонаш хилла меттигаш ю, масала, мехкадаьтта. Цундела хьалха дуьйна хилла бу цигахь тIемаш, таханлерчу дийне кхаччалц схьабогIуш а бу уьш».
Ерриге а дешаран заведенешкахь дуьйцуш ду цу тIамах хуьлучу зенах лаьцна. Баккхийчарна дагабогIур бу 20 шо хьалха вайн къомо лайна баланаш. Делахь а, таханлерчу кегийрхошна ца гина и хьал, цундела уьш ца кхета. Уьш кхеторан Iалашонца ерриге а социальни сеташ чохь беш болх бу. ХIора а да-нана декхарийлахь ду шайн доьзалшна нийсаниг дийца а, цара социальни сеташ чохь лелориг хIун ду хьовса а.
М.КАНТАЕВ
№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо