Дистина догIучу хино санна, чалхаш текхош питане йирзи-кх, гIоза ма хиларг, и интернет. Цхьана а кепара щеконаш йоцуш, мукъачу адамийн гIаддайна пал бара иза бан-м. Делахь а, даге ца лало вайнахана тIехьоькху нехаш цу чохь алсамъ яьхча. Азаллехь дуьйна декъаза къам ду нохчий.
Дукха баланаш лайна, Iийшина. Кхин хIумма а ца хилча а, ХХ-ХХI-г1а бIешераш хотталучу муьрехь вайна тIехь латтийнарг тоьар дара, кIорге ца кхийдича а. Уггаре а хьалха Веза-Воккхачу Делан къинхетам тIехьовзар бахьанехь, тIаккха Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) тIом сацор бахьанехь, бохамийн Iинчуьра хьаладовлуш дохкуш дара вай, оцу интернета чохь и питанаш марса ца дахахьара. Вайна диц ца делла нохчийн ярташна гуолаьцна лаьттина эскарш, цIенойн корашна хьалха лаьттина бронетехника, цIе-кIур дайна доьзалш, тIепаза байна кегий нах. ХIинца а боьлхучуьра сецна бац вайн наной, йижарий. Вайна Дала делла совгIат дар-кх Кадыров Рамзан. Нохчех къахеташ ма ца кегадо оцу интернета чохь и эладитанаш. Цунах кхета АллахI-Дала хьекъал, доьналла, собар лойла вайна.
А.Дачаева