Масех теракт йина Шемарчу Хомс шахьарахь. Оцу бохамехь 22 стаг кхелхина, I00 сов стагана чевнаш хилла. Царах дукхахберш маьрша нах бу. Теракташ ярх долу жоьпалла тIелаьцна «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша.
***
Шемахь долчу Россин тIеман кеманаша гIо а деш, оцу пачхьалкхан Iедалан эскарша тIаьхьарчу 4–5 дийнахь «Иблисан пачхьалкхан» террористашкара схьаяьккхина 30 гергга юрт.
***
Шемин хьокъехь долу дийцарш Женевехь 29-чу январехь дIадуьйладала дезаш ду. Цигахь дакъалоцуш хир бу Iедалан а, оппозицин а векалш.
***
ООН-н Кхерамазаллин Совето тIеэцна Колумбехь маслаIат дарна тIехь терго латторан комисси вовшахторан хьокъехь йолу резолюци. Иза къобалъеш тIеэцна оцу пачхьалкхан бахархоша.
***
Германис хIора дийнахь, шен махка ца воуьйтуш, дозанера юхахьажаво лаххара а ши бIе мигрант. Ткъа мигранташ Европин мехкашка схьаэцар соцуш дац.
***
Санкцеш дIаяхарх пайда а оьцуш, дуьненан экономикехь жигара дакъалаца йолаеллачу Ирано хIокху деношкахь 17 миллиард еврона барт бина Италин куьйгаллица.
***
Францехь забастовкаш еш бу таксисташ а, авиадиспетчерш а. И бахьанехь иттаннаш авиарейсаш ца еш йисина, урамашкахь таксисташца тасадаларш хилла полицин.
***
Россин Президента В.Путина стомара кхеташо дIаяьхьира коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран Советан декъашхошца. Цигахь дийцаре дира Совето 20I5-чу шарахь бинчу белхан жамIаш.
***
Россин Премьер-министра Д.Медведевс правительствон рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира инновацийн хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин Пачхьалкхан Думин Председатель С.Нарышкин коьртехь волу вайн мехкан делегаци Каирехь цхьаьнакхийтира Мисаран куьйгаллица. Цара дийцира шина пачхьалкхан зIенаш чIагIъяран некъех лаьцна.
***
Вайн мехкан промышленни дакъа кхиорна юккъе шен къинхьегаман хазна юкъаюьллуш йолчу «Автовазо» дIадаханчу шарахь машенаш йохкар 20 процентана лахдина хиллехь а, кху шарахь уьш йохкар дикка алсамдоккхур ду, цу юкъахь дозанал арахьа а.
№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо