Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин Правительствон Председательца Эдельгериев Абубакарца хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира кхачанан промышленность кхиоран гIуллакхаш.
А.Эдельгериевс билгалдаьккхира республикин кхачанан промышленность сиха кхуьуш хилар а, Нохчийчохь деш долчу кхачанан сурсаташка хьашт хилар денна лакхадолуш хилар а.
«Ахь тIедиллина ма-хиллара, масех шо хьалха дуьйна а жигарабаьккхина бара оха кхачанан промышленность кхиоран болх. Тахана, цкъа а ца хиллачу кепара, кхечу мехкашкара чукхоьхьучу сурсатийн метта вешан кхачанан продукци лело езаш хан кхаьчна. Иштта хьал тIехIоттарна гIайгIане довла ца дезаш, майрра дIаала йиш йолуш, кхачанан промышленностехь билггал кхиамаш баьхна вай. И дакъа вайн республикехь жигара кхуьуш ду, къаьсттина кхиамаш хаало котамийн жижигца кхачоярехь а, теплицийн бахамаш лелорехь а. Республикехь деш долчу сурсаташка бахархойн хьашт хилар оцу сурсатийн шайн барамал а алсам ду. КхидIа, вайн сурсаташ Россин регионашна доьхкина а ца Iаш, мехкан дозанал арахьарчу мехкашца а цхьаьна махлелор кхио дагахь ду тхо. Масала, Иране вайн котамийн жижиг кхачор долуш, ткъа цара вай долчу шайн меттигера стоьмаш а, хасстоьмаш а кхоьхьур болуш, барт бан билгалъяьккхина Iалашо ю», – элира Правительствон Председатела А.Эдельгериевс.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийн Республикехь ахархойн-фермерийн бахамаш а, иштта бахархоша шайн долахь даьхни, латта а лелор даьржина хилар. Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, фермершна массо а агIор гIо-накъосталла дан деза.
«ТIаьхьарчу хенахь вайна гуш дагна тамехь сурт ду: бахархойн юьртан бахамца бала хилар денна алсамдолуш ду. Вайн Iалашо ю, ницкъ ма-кхоччу, фермершна гIо дар. Къаьсттина тидам консалтингана тIебахийта беза аьлла хета суна. Пайдаоьцуш доцуш дуккха а латтанаш ду вайн, къаьсттина – ламанан районашкахь. Вайн латтанаша дуккха а таронаш луш а, царах шортта пайда болуш а хилар дIахаийта деза нахана, нийсачу новкъа хьовсо беза уьш. Оццу ламанан районашкахь а цхьаьна юьртан бахаман меттигерчу сурсаташка хьашт хилар алсамдер ду, хIунда аьлча республикехь туризм жигара кхуьуш ю», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
А.ХАСБУЛАТОВА
№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо