Кадыров Рамзанан белхан лаккхара мах хадийра

   Ставрополехь кху деношкахь дIадаьхьначу Ерригроссин Къоман фронтан (ОНФ) цхьаьнакхетарехь дакъалецира Россин Федерацин Президента Путин Владимира. Цигахь дакъалоцуш 600 стаг хир ву аьлла, дIакхайкхийна хиллехь а, цига Путин Владимир вар бахьана долуш, цуьнца цхьаьна баьхкинера Москвара дуккха а хьаькамаш. ТIаьхьо бинчу хаамаша билгалдаккхарехь, ОНФ-н Ставрополерчу цхьаьнакхетарехь дакъалецира 1000 сов стага.7AdG_FETu70

   Шайн цхьаьнакхетаре Россин Президент вар, боккха кхаъ хиллачу цуьнан декъашхойн а, журналистийн а таро хилира В.Путине дуккха а хаттарш дан. Кризисца а, санкцешца а доьзна махкара хьал дуьйцуш, Россин Федерацин Президента Нохчийн Республиках масал а далош, Нохчийн Республикин Куьйгалхо кхиамца болх беш хьаькам ву аьлла, къастийра.

– Республикин бахархошна а, республикин хьалхарчу Президентана а, хIинцалерчу Куьйгалхочунна а баркалла. Иза кхиамца болх беш ву, – элира В.Путина ОНФ-н дуьххьарлерчу регионашна юкъарчу конференцин кхеташонехь.

Социалан сеташкарчу шен агIонашкахь Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан лерам барна баркалла элира Путин Владимирна.

«Россин цхьаалла ларъярехьа дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам латтош, шен дахар дIаделлачу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сий-ларам барна, Нохчийн Республикин къоман цIарах ас баркалла боху Путин Владимирна», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.

Иштта Нохчийн Республикин бахархошна лерина хаза дешнаш аларна а баркалла элира цо Россин Федерацин Президентана.

«Ас бинчу белхан Россин Президента мах хадоро со декхарийлахь во Нохчийчоьнан экономика, социальни дакъа кхиорехь кхин а алсам къахьега а, кхузара маьрша дахар, къаьмнашна юкъара барт, церан цхьаалла ларъярна а, кхиорна а. Россин къаьмнийн баьччас вай массара а берттахь бечу белхан лаккхара мах хадийна, цундела вай вешан Даймехкан дуьхьа кхин а жигара къахьоьгур ду!», – яздина Кадыров Рамзана.

И.ХАСАХАНОВ

№9, еара, кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: