Нохчийн Республикин халкъан поэт Арсанукаев Шайхи вина 1930-чу шеран август беттан 15-чу дийнахь Веданан кIоштан Дишни-Ведана юьртахь. Дешна Семипалатинск гIаларчу финансийн техникумехь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь. Белхаш бина Веданан кIоштан финотделан заведующи, «Колхозан дахар» газетан редакторан заместитель, Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь редактор, «Орга» альманахан коьрта редактор, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Яздархойн союзан правленин председатель, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрин доцент волуш.
«Лаьмнашкахь Iуьйре» цIе йолу стихийн хьалхара гулар араяьлла 1965-чу шарахь. ХIетахь дуьйна цо арахецна стихийн, поэмийн ткъех гергга гулар. «Тимуран тур» стихашкахь повестан а, ткъа иштта нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь язйинчу «Кхолламан сизаш» романан автор а ву. 2009-чу шарахь зорбане яьлла поэтан хаьржинчу говзарийн ши том («Сийна гене», «Уьш хийца тарлуш дац»).
Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, 1980-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», 1989-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан поэт», 2005-чу шарахь «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин», 2007-чу шарахь «Нохчийн Республикин халкъан яздархо» сийлаллин цIершца а, 2009-чу шарахь «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца а совгIаташ дина поэтана. Кхалхар хилла 2012-чу шарахь.
Поэтан дешнашна даьхна дуккха а иллеш ду халкъо дезаш тIеэцна. Царах масех шун кхиэле дуьллу оха.
Нагахь хьан гIо
оьшуш…
Нагахь хьан гIо оьшуш
Велахь цхьаъ тахна,
Сихлолахь цунна тIе,
Кханеш ца йохкуш.
ХIун хаьа,
Кхана хьайн
Аьтто а боьхна,
Вуьсий хьо,
Цунна кхин
ГIо дан йиш йоцуш?
Довха дош аьлла, цхьаъ
Хьаста дог дагIахь,
Сихлолахь дIаала,
Кханеш ца йохкуш.
ХIун хаьа,
Кхана и дагара, далахь,
Я висахь, тIевахна,
Ала йиш йоцуш?
Зулам дан нагахь ахь
Леринехь цхьанна,
Варий, сих ца луш, и
Кханенга татта.
ХIун хаьа, кхана
Дог дасталур хьан а,
Я кхуьур важа а
Диканна гIатта?…
Лаьа суна…
Лаьа суна массо Iуьйре
Маьлхан нуьрца йогийла.
Лаьа, лаьа хIора суьйре
Безам хьоьстуш йогIийла.
Лаьа суна, бIаьсте йолуш,
Бай тIехь бераш ловзийла,
Лаьа, езар йолчу вогIуш,
КIанта зезаг дохьийла.
Лаьа суна гамо, хьагI а
Наха шайх дIайоккхийла.
Лаьа, лаьа хIора стаг а
Ирсе, гIоза вехийла.
Лаьа суна, наьIалт тIамна
Кхайкхош, массо гIоттийла,
Лаьа, халкъийн доттагIалла
Хестош, иллеш декийла.
Олхазар
ХIора а Iуьйранна сан коре догIий,
Хьо хIунда дека, хIай хьоза?
Мерзачу набарха сов хьалхе воккхий,
ГIаттаво хьан хазчу озо.
Дийцахьа, кIажъоьхуш, доьлу хьо стенна,
Лоькху ахь зевне йиш хьанна?
Хьо хIунда хьийза кху сан коре денна,
Гергарло соь хьедеш санна?
Алахьа, сан жима доттагIа, хьоза,
Со хIунда воьху ахь ара?
Доллий хьо со Iамо, хьуо санна, говза
Бакъ илли, дог гIаттош, ала?
ХIора а Iуьйранна сан коре долий,
Декалахь, декалахь, хьоза:
Хьан зевне аз хезча, самукъадолий,
Сан кийрахь дог долу ловза!
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо