Вайн дегайовхонаш

608036897

Карарчу шарахь Бразилин яккхийчу шахьарех цхьаъ йолчу Рио-де-Жанейрехь дIахьур ду аьхкенан Олимпийски ловзарш. Муьлххачу а спортсмена уггаре а чIогIа сатуьйсург ду Олимпиадехь дакъалацар. Спортсменийн, церан тренерийн гIуллакх хилла а ца Iа иза – къоман дозалла хуьлий дIахIуьтту Олимпийски ловзарийн чемпионаш. Иштта, нохчийн къомо а дозаллица йоху Олимпийски  ловзарийн чемпионийн цIерш: Сайтиев Бувайсар, Сайтиев Адам, Бисултанов  Хьасан, Ирбайханов Рамзан, Альбиев Исламбек, Отарсултанов Джамал. Керла Олимпиада тIекхочуш церан могIарш дебаре сатосий а хуьлу вайх хIора а. Нохчийн спортсменех мила гIур ву Рио-де-Жанейро. Хьаьнца йоьзна ю вайн дегайовхонаш? Оцу хаттарша спортсменийн а, церан тренерийн а сагатдина ца Iа. Нийсса аьлча, аьхкенан Олимпийски ловзаршкахь дакъалоцуш мелла а алсам нохчийн спортсменаш хиларе сатесна бу вайн берриге а бахархой.

269900_640

Дукха хан йоццуш, «Грозный-информ» агентствон корреспондентана  ша еллачу интервьюхь Россин спортан хьакъволчу мастера, езачу атлетикехула Нохчийн Республикин вовшахтоьхначу командин коьртачу тренера Эдиев Асламбека цIерш ехира Олимпийски ловзаршка кхача таронаш йолчу нохчийн штангистийн: Аухадов Апти, Малигов Адам, Могушков Чингиз. Езачу атлетикехь дика евза оцу кхаа спортсменан цIерш. 2012-чу шарахь Лондонехь хиллачу Олимпийски ловзаршкахь дато мидал яьккхина а, дуьненан а, Европин а, Россин а чемпион ву Аухадов Апти. Россин чемпионатехь дашо а, Европин чемпионатехь дато а мидалш яьхна Малигов Адама. РогIерчу кхиаме кхечира иза 2015-г1а шо чекхдолуш Соьлжа-ГIалахь Россин Президентан Кубок яккхарна леринчу дуьненаюкъарчу турнирехь. Оцу  къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яккхарца ерриге а республикина юьхькIам бира цо. 2013-чу шеран Россин чемпион а, 2015-чу шарахь дIаяьхьначу Европин чемпионатехь шолгIа меттиг яьккхина а ву Могушков Чингиз.Adam_Maligov_ot_SHukran

Иштта, Олимпиаде уьш кхочург хиларх дегайовхо кхуллуш бу вайн тоьллачу штангистийн тIаьхьарчу шерийн кхиамаш, цундела ларамаза дацара Эдиев Асламбека церан цIерш яхар а, ткъа вайна дуьсуш дерг Рио-де-Жанейро мелла а алсам нохчийн спортсменаш кхачаре сатийсар ду.

 

АДАМОВ ДОВТ

 

№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: