Соьлжа-ГIалахь №18 йолчу школехь могашалла Iалашъяран хьокъехь кегийрхошца кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара регионин юкъараллин «Гроз Континент» организацин куьйгалхо Башаев СаьIид, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахой Тантулашев Адам, Газимагамаев Лом-Iела, Iабдулазизов Бислан.
Дахарна а, могашаллина а кхерам ца хилийта чIагIйина йолу некъийн бакъенаш кегийрхошна йовзийтар яра оцу цхьаьнакхетаран Iалашо.
Вайна гуш ду вайн республикин некъашкахь долу хьал Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а шен тидамехь латтош хилар.
Суьртийн слайдашца а йовзийтира некъийн боламан бакъенаш. Кегийрхоша жигара дакъалецира оцу цхьаьнакхетарехь.
Дешархой некъийн кхерамазаллина Iаморан балха тIехь регионан юкъараллин организацешна гIо-накъосталла до чоьхьарчу гIуллакхийн а, дешаран а, Iилманан а министерствоша.
– ХIара шо доладелчахьана хиллачул а жигарабаьхна оха цу декъехь беш болу белхаш. Дешаран учрежденешкахь дина а ца Iаш, кхечу меттигашкахь а до кху кепара гIуллакхаш, масала, берийн школал хьалхарчу дешаран учрежденешкахь а, бошмашкахь а. Некъийн бохамашкахь лазийначарна юкъахь 10 процент бераш хуьлуш ду. ДIадаханчу кIиранахь некъийн социйлашкахь а, иштта кхийолчу меттигашкахь а гIашлойн а, водителийн а тIе тидам гIур болчу кепара эзарнашкахь хаамийн кехаташ диттина дIа. КхидIа а дан лерина ду и тайпа гIуллакхаш Шелан а, Шелковски а, ТIехьа-Мартан а районашкахь. ХIунда аьлча, цигахь некъийн бохамаш къаьсттина дукха нислуш хиларна. Цул сов, Соьлжа-ГIалахь а, районашкахь а кегийрхойн организацешкарчу жигархошца цхьаьна «Некъашкахь тхо машарехьа ду» аьлла проект ян Iалашо а ю тхан, – дийцира Башаев СаьIида.
М.КАНТАЕВ
Авторан суьрта тIехь: Берашца цхьаьнакхетар
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо