ДIадаханчу шоьтан дийнахь ТIехьа-Мартан районерчу ШаIми-Юьртан юккъерчу школехь дIадаьхьира Даймехкан Турслочун денна лерина цхьаьнакхетар. ХIара ворхIалгIа шо ду и школа шайн юьртахочун, Россин Турпалхочун Лорсанов Сайпуддин цIе лелош йолу.
Школин актови зала чохь дара Турпалхочун да-нана, йиша-ваша, ткъа иштта цуьнан гергарнаш а, цуьнца цхьаьна дешнарш, белхан накъостий, юьртахой а. Школин директоран дешаран а, кхетош кхиоран а балхехула заместительша Ибрагимова Бирланта а, Мадагова Марусас а, вовшахтохархочо Абуева Заргана а, юьртан культурин цIийнан директора Наурбиева Заирас а бинчу кхоллараллин белхан юьхькIам болу хаза гIуллакх хилира цунах. Цхьаьнакхетар дIахьочу 10-чу классан дешархочо Айдамирова Лайлас билгалдаьккхира:
– МогIарера гIуллакх дац вай тахана цхьаьнатоьхнарг – иза Даймехкан Турслочун денна, Даймохк ларбечу кIентийн денна, 23-чу февралана лерина ду. Ткъа муьлш бу Даймохк ларбийраш? Цуьнан турпала кIентий бу. Царах вара вайн юьртахо, Россин Турпалхо Лорсанов Сайпудди. Иза дагалаца а, цуьнан цIарца нохчийн къоман турпала кIентий дагалаца а гулделла вай.
Дешархошца а, юьртахошца а цхьаьнакхета веанера вевзаш волу яздархо, ШаIми-Юьртан хьовха, вайн республикин а къано Берсанов Хожа-Ахьмад а, Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон УГИБДД-н хьаькаман заместитель полицин полковник Танталашев Адам а, Турпалхо а, цуьнан да а, – милицин тIаьхьалонан полковник Лорсанов Шарпудди дика вевзаш хилла болу накъостий М.Ахметханов а, А.Гамчаев а, ТIехьа-Мартан районан культурин отделан куьйгалхо З.Эльмурзаева а, юьртан администрацин куьйгалхо Т.Агзаев а, иштта кхиберш а.
Цхьаьнакхетар дIадолош берийн хоро дIаэлира «Ас хастам бо вайн Далла» илли. Цул тIаьхьа Х.Берсановс дийцира Лорсанов Сайпуддих а, цуьнан дайх а лаьцна:
– Сайпудди Турпалхо хила хьакъ волчу дайх схьаваьлла ву, – элира цо, – цуьнан деда Керим дешна вара, советан Iедал тIедеача юьртарчу берашна йоза-дешар Iамош хьехархо вара иза. Цо Iамийна ву со а. Диканиг, хастамениг Iамадора цо шен дешархошна. Иштта вара цуьнан деда Шарип а, дуккха а шерашкахь юьртда вара иза. Боьхначу некъан а, тилла дезачу тIайн а, бахархошна хиллачу эшаман а бала кхочуш вара иза. Церан лорах ваханера Шарпудди а. Царах схьаваьлла Сайпудди царал соввалар а, турпалхочун дарже кхачар а лаа дац. Иза вайн республикин куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дика доттагIа вара. Ала деза, Рамзанан доттагIий мил-милла а хуьлуш цахилар а, цо тешам белларг дог майра а долуш, доьналлин а долуш, яхь, хьуьнар долуш дика кIант хила веза. Иштта ван а вара Сайпудди. Жима вара, ваха хан йолуш вара, амма шен халкъана паргIатонехьа са кхоор долуш а вацара.
Цул тIаьхьа вистхиллачу Танталашев Адама а билгалъяьккхира кIентан майраллин агIонаш:
– Шен денана а, кхин зударий а эцна юьрта чувогIучу Сайпуддина гина хиллера некъа тIехь лаьтташ дегIаца хьулдина герз долуш цхьа стаг. Цунах шекваьлла Сайпудди, зударий цIа а бигна, сихха юхавеанера. Машен йоьдуш а йолуш, цу чуьра охьаиккхинчу цо лаьцнера шен шеко хилларг. Иза-м мостагIа а, я зуламна араваьлла стаг а ца хиллера, амма иза иштта хиллехь, Сайпудди тIекхочучохь зуламхо кIелхьара вериг цахилар гайтира оцу гIуллакхо. Россин чоьхьарчу гIуллакхийн Лаккхарчу юридически школин курсантана тIера, Соьлжа-ГIалин Октябрьски районан чоьхьарчу гIуллакхийн отделан куьйгалхочун дарже кхаччалц, милицехь болх бира кIанта. Цигахь цо болх биначу кхаа шарахь 50-не кхочуш луьра зуламаш теллина, дан кечдинарш Iалашоне ца кхочуьйтуш юхатоха аьтто хилира. Жима воллушехь, болх вовшахтоха охIла волу куьйгалхо Сайпудди хилар дара оцу гIуллакхийн дика жамI хилар.
Сайпуддих ала дика дош а, синкъераме а, лазаме а дагалецамаш а бара цуьнан белхан накъостийн Арсамерзоев Салманан а, Назиров Хьасанан а, цуьнан бераллин доттагIчун Мехтиев Саламун а:
– Сайпуддин 17 шо а, сан 18 а дара тхойшиъ вевзинчу хенахь, – элира Саламус, – со атагIо ву, амма иза санна, тайпана нихло ву. Оцу гIуллакхо кхиазхойн хенахь ши гергара стаг вира тхойшиннах. Тамашийна амал йолуш вара Сайпудди, шен гергарнаш, тайпана берш дукхабезаш а, царах дозалла дан лууш а, шен ницкъ кхочу дика болх царна а, хьанна а бан лууш а хуьлура иза. Хьаьнггахь а диканиг довзарна а, иза дийцарна а тIера вара. Ала деза, тIех майра а, доьналла долуш а вара, муьлххачу а кхерамечу метте ша хьалхаволий гIур вара, ларвалар эхь ду моьттура. Дуьне цадезар а, дахарх Iабар а, я бIаьрзе майралла а яцара иза. Шех тешна, шена тIаьхьабевлла шен белхан накъостий Iалашбар, уьш ларбар дара. Царах цхьаъ къаьстина цуьнан дена, нанна, доьзална хьалха шен ваха дезар хиларан ойла йича, уьш берриге а шен букъ тIехьа лоций, хьалхаволуш Iедал дара цуьнан. Делан Iожалла сацалуш яц, цундела «вара», «хилла» баха деза-кх вайн, амма Сайпудди вевзинчунна цкъа а вицлур воцуш, хаза гIиллакх долуш, дика кIант вара.
2007-чу шеран 6-чу июлехь, юьртахой вовшахтоьхна доккха мовлад дешийтина, садаIа дагахь хиллачу Сайпуддин тIаьххьарчу хенахь эвхьаза бевлла зуламхой, цхьанхьа туп тоьхна Iаш бу аьлла, хаам беара. СадаIаран метта, сихха шен юьртахойн Iодика а йина, новкъа велира иза. Оцу дийнах а, вуьшта а Сайпудди лаьцна дош элира цхьаьнакхетарехь йистхиллачу Сайпуддин дейишас Лорсанова Тамарас:
– Хала денош а, хала зама а яра тIемаш дIабирзинчу муьрехь вайгахь хилларг – массо а меттехь посташ йолуш, ваха-ван маьрша доцуш.
Де-буьйса лерина доцуш болх бара Сайпуддис бийриг. Иза цIа веача, цуьнга садоьIийта йолчу Iалашонца цIахь вац олий а, веанчуьнга юхакхетахьара хьо олий а, нислора тхан. ЧIогIа ца дезалора цунна иза гIуллакх, оха динийла хиъча. «Сох бIобулуш, шен цхьа бала бохьуш вогIу и мегар дац шуна аш сох лачкъадахь», – олура. Цкъа цуьнан отделан белхахоша схьалаьцна цхьаъ буьйсанна сацийнера, цуьнан нана тIекхаьчна хиллера Сайпуддина. И зуда йилхинера, шен кIентан бехк а бацара, ша хала кхиийна, цхьаъ бен воцург а вара аьлла. «Иза оха толлур ду, вуьшта, сайн нана дукхаезаш а, цуьнца дерг лерина хеташ а ву со, муьлхха а нана йоьлхуш хезча, тоха са долуш а вац», – аьлла, кIант а эцна цIа хьажийнера цо и зуда.
Сайпуддех дийца дикаллин дукха масалш ду. Иза жима вара аьлла ца Iаш, муьлхха а гIуллакх къастош хилча, цунах дагабовлуш Iедал дара сан вежарийн. Ханна жима велахь а, хьекъална массо а хIуманна тIаьхьакхуьуш вара иза.
Турпалхочух, шайн юьртахочух лаьцна стихаш йийшира дешархоша Цуцугова Лайлас, Ибрагимова Марема, Саралиев Мохьмада, Наурбиева Iайшата, Дидаев Iабдул-Малика, Наурбиева Ясминас, Арсамерзоева Имана. «Тхан юьртара кIант» Усманов Iимранан дешнаш тІехь даьккхина илли дIаэлира Нохчийн Республикин сийлахь артиста Имазаев Саламус а, артиста Ясаев Ахьмада а. Лорсанов Сайпуддин дахарера цхьа хилам а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана цунна Турпалхочун сийлахь цIе тиллар дIакхайкхор а дуьйцу ролик гайтира дешархоша. Гитарица «ДIаоьху вай» цIе йолу илли элира культурин цIийнан белхахочо Мусаев Iумара.
Массарна а дагахкхеташ дара Турпалхочун шина йоIа Лолитас а, Меднис а (цхьаннан 7 шо ду, важа да кхелхинчул тIаьхьа дуьнен тIе яьлла ю) шайн дех аьлла дешнаш: – Тхан да мехкан Турпалхо хилла, ткъа тхуна и воцуш тхаьш муха дахадеза ца хаьа…
Цхьаьнакхетар дIахьочу 10-чу классан дешархоша Айдамирова Лайлас а, Цуцугов Ислама а билгалдаьккхира, Турслочун денна тIекхочуш школехь билггал болх дIабаьхьна хилар. Иза яра ерриге а классийн дешархоша дакъалаьцна «Сан юьртахой –Даймехкан турслой» цIе йолу конкурс. Кхаа декъехь дIаяьхьначу оцу конкурсан жамIашкахь билгалйинчу темина сочинени язъярехь толам баьккхинера 10-чу классан дешархоша Цуцугова Румисас а, Лорсанова Меднис а, оцу темина суьрташ дахкарехь толам баьхкира 3-чу классан дешархочо Арсамерзоев Мохьмада, пенан газета дарехь толам баьхкира 10-чу классан дешархойн Абдулвагапова Хадиштан а, Расуева Хьавас а. Дешархошна Сийлаллин грамоташ а, совгIаташ а дIаделира Турпалхочун дас Лорсанов Шарпуддис.
Цхьаьнакхетар дIадерзош юьртдас Агзаев ТIауса доккха баркалла элира хьешашна а, гулбеллачарна а, иштта гIуллакх вовшахтоьхначу школан коллективана, культурин цIийнан белхахошна:
– Вайн халкъан историна юкъайилла там болчу хазнех ю вайн юьртахойн, Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман дакъалацархойн цIераш а, церан турпаллин гIуллакхаш а, – билгалдаьккхира цо, – вайн жимачу юьртара 50-не кхочуш жима стаг хIоьттина Даймехкан тIаме, турпаллин хьуьнарш а гайтина цара. Хууш ма-хиллара, 20-х жима стаг висина тIеман арахь, цIа бирзинарш а хено а, ширачу чевнаша а дIабаьхьна. Церан турпалаллин гIуллакхийн новкъа вахана Сайпудди а. Тахана вайн махкахь дIахьочу къона тIаьхье Ийманехь кхетош-кхиорна леринчу концепцица догIуш ду Турпалхочун дахар а, турпалаллин хьуьнар а дешархошна довзийтар. Дела резахуьлда иштта дикачу гIуллакхехь дакъалаццчарна, Дала тIаьхье беркате йойла. Турпалхочун доьзалан а, йиш-вешин а цIарах баркалла элира Турпалхочун йишас Лорсанова Лианас.
Т.САРАЛИЕВА
Авторан суьрташ

