ХIокху деношкахь С.В.Михалковн цIарахчу республикин Берийн библиотекин ешархойн хьашташ кхочушдаран отделан библиотекара Домбаева аминас кегийчу ешархошца, ловзаран кепехь, некъийн бакъенаш йовзийтаран «Светофорца некъбар» аьлла дарс дIадаьхьира.
Иза ловзаран кепехь хиларх самукъадаьлла бара ешархой. Уггаре а хьалха, библиотекара некъийн хьаьркаш йовзийтира берашна. Цул тIаьхьа уьш кхетардолчу дешнашца некъийн бакъенех лаьцна а дийцира. Ша дийцинарг ешархоша муха дIалаьцна хьожуш, оцу темина хаттарш дира библиотекара Даибавева Аминас. Цара деллачу жоьпашкахь гуш дара, некъийн бакъенех уьш кхетта хилар.
Цул тIаьхьа хIетал-металш делира берашна. Царна мелла а чолхе гIуллакх дара иза. Цу тIехь царна гIо дира библиотекара. Ткъа светофоран беснаш а, некъийн хьаьркаш а берашна дика Iемира. Царна хазахетийта совгIаташ делира.
З.МИРЗОЕВА
Суьрта тIехь: дарсан дакъалацархой
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо