Хьалхарчу сборийн тIаьххьарчу матчехь Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» доттагIаллин матч д1аяьхьира Мальтерчу Паола гIалахь «Хибернианс» командица. Аьхка дIадаьхьначу Чемпионийн лигин ловзаршкахь Тель-Авиверчу «Маккабис» эшийна болу футболисташ бара «Терекана» дуьхьал ловза майдана бевлларш.
«Терек»: Городов (Годзюр, 46), А.Семенов, Уилкшир, Айссати (Х.Кадыров, 84), О.Иванов (Кану, 75), Д.Кузяев, Моримото (Кацаев, 84), Г.Грозав (И.Лебеденко, 75), М.Митришев (А.Мбенг, 70).
Хьалхарчу таймехь «Терек» гIолехь ловзура майданан дайл. Матч йолаелла ткъа минот яьллачул тIаьхьа вайн футболист Иванов Олег гергга вара гол тоха. Цо мальтахойн командин кевнан лахарчу соне хьажийна тоьхна буьрка юхатуьйхира защитника. Кхин цхьана а командо кевна чу буьрка ца тухуш, садаIа бахара футболисташ. Вайн команда шолгIачу таймехь а гIолехь ловзура. Митришев а, Мбенга а гол тоха гергга вара, амма вратарь дика хьаьвзина кIелхьараяьккхира шен команда.
ШолгIа тайм чекхъяла пхийтта минот йисинчу хенахь юкъавелира Лебеденко Игорь. Цуьнан 78-чу а, 83-чу а минотехь ши гол тоха аьтто белира. Иштта, жамI 2:0 долуш, толам баьккхира «Терек» командо.
Дагадаийта лаьа «Хиберниансаца» ловзале масех де хьалха соьлжагIалахоша, жамI 4:1 долуш Словенера «Заврч» команда эшийна хилар.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо