Кинон шо беркате хирг хиларх теша

   Хууш ма-хиллара, 2016-гIа шо Кинон шо аьлла дIакхайкхийна ду Россехь. Цуьнца доьзна кинон шарна лерина проекташ йовза лиъна, Нохчийн Республикин пачхьалкхан кинематографин урхаллин директорца Терекбаев Бесланца цхьаьнакхетар хилира тхан. ДIадаханчу шарахь шаьш кхочушйинчу яккхийчу проектех а, кху шарахь кхочушдан дагалаьцначух а лаьцна дийцира цо.терекбаев

   «ДIадаханчу шарахь оха кхочушйинчу яккхийчу проектех цхьаъ ю, исбаьхьаллин «Деган аз» фильман хьалхара сери яккхар. 12 серех лаьттачу  фильман хьалхара сери йоккхуш дуккха а къахьегна оха. ХIокху шарахь керлачу проекташна тIехь болх бан дагахь а ду. ТIейогIучу хенахь «Деган аз» фильман кхин кхо сери йоккхур ю.

Тхан кинематографехь йолчу «Шаг» киношколин болх тобеш бу. Цхьана шарахь кхо тоба Iамор ю кхузахь. Ткъа дешаран хан (хьалха санна) кхо бутт ю. ДIадаханчу шарахь киношколехь актерийн хьуьнарш бен ца Iамадора къоначарна, ткъа хIокху шарахь дуьйна оцу школехь операторш а, режиссераш а, монтажераш а, кинон продюсерш а кечбийр бу. Билгалдаккха лаьа, «Шаг» киношколехь деша кхечу регионашкара кегийрхой а богIуш хилар. Масала, кху шарахь Москвара а, Ижевскера а, Дагестанера а, Ростовера а деша баьхкинарш бу», – дийцира Б.Терекбаевс.

20-чу февралехь дIадолор ду «Деган аз» исбаьхьаллин фильман 2,3,4-гIий сереш яхар. Уьш цхьана баттахь чекхъевр ю аьлла хета. Съемкаш чекхъевллачул тIаьхьа, республикин кинотеатрашкахь гойтур ю «Деган аз» фильм. Вайн республикин бахархойн май баттахь хьовса таро хир ю цуьнга.

ХIокху шарахь кхочушъян леринчу проектех ю «Къаьхьа де» цIе йолу  фантастикин комеди. «Чеченфильман» кинопрокатан отделан куьйгалхо а, продюсер а волу Головко Олег ву оцу проектан автор, сценарий язйинарш – Головко Олег, Ахтаханов Мовсар, генеральни продюсер Терекбаев Беслан ву. Комеди хиларе терра, беламе а, фантастика а йолуш ю фильм. Кху заманара ши кIант ширачу замане а кхочий, царна тIенислучу хиламех хир ю иза. Терекбаев Беслана дийцарехь, «Къаьхьа де» комедин съемкаш дукха лаьттар яц. Уьш чекхъевллачул тIаьхьа монтажан белхаш бийр бу. Март баттахь вайн таро хир ю оцу комедига хьовса. Цхьана сохьтехь ткъе итт минотехь лаьттар ю иза.

Мехала ду кинематографин куьйгалла бусалба динах лаьцна фильм яккха кечлуш хилар. 2016-гIа шо доладелчахьана дIаболийна цунна кечам.

Тхан таро хилира «Шаг» киношколехь «актерийн корматалла» хьоьхуш йолчу Шамхалова Рашанца а, оцу школин дешархошца а къамел дан.

«Суна уггаре а хьалха билгалдаккха луур дара, вайн нохчийн кегийрхошна юкъахь похIма долуш берш дуккха а хилар. Юьхьанца дуьйна похIма хиларца къаьсташ берш а хуьлу, иштта, деша баьхкина жимма хан яьллачул тIаьхьа шайн хьуьнарш гойтуш берш а хуьлу. Кхечу регионашка яхар нисло сан кест-кеста. Цхьаболчарна хета тарло, кинон хьаьрмахь болх бан муха Iемар ву йоццачу хенахь (кхаа баттахь), олий. Киношколе деша даьхкина бераш хьекъал, кхетам болуш, шайна хьоьхучух пайда эца хууш хуьлу. Оха цхьана шарахь арахоьцучу кхаа тобанехь 3–4 мукъане актер а, оператор а, звукорежиссер а хилла дIахIоьттича, иза боккха кхиам бу», – дийцира Шамхалова Рашана.

Киношколехь Хасаев Аюб доьшуш волу 2 бутт хан ю. Цуьнан 18 шо бен дац, цо юккъера школа чекхъяьккхина дукха хан яц. Кинон хьаьрмахь болх бан шен лаам хиларна, кхин цхьанххьа деша а ца воьдуш, киношколе Iама веана иза. Кху заманан кино йоккхучу тоьллачу гIирсашца Iамош бу уьш. Вай тешна ду царах дика говзанчаш хирг хиларх.

Шен къамел дерзош Терекбаев Беслана элира: «Карарчу хенахь «Деган аз» фильман рогIера сереш йохуш, ахчанан харжаш тIелаьцна, республикехь евзаш йолчу, махлелоран «Музаев» компанин директора Музаев Мохьмада. Тхуна даггара баркалла ала лаьа цунна». Муьлххачу а фильман, комедин, роликан цхьа кийсик яккха а дац атта. Ткъа кинематографин куьйгалло шайна хьалха хIиттийна Iалашонаш кIезиг яц. Цхьа а шеко йоцуш, Iаламат дукха къахьега деза церан уьш кхочушъян. Вай теша Кинон шо Нохчийн Республикин кинематографин урхаллина, церан белхахошна беркате хирг хиларх. Ткъа уггаре а коьртаниг кино яккха, къоман исторех, адамех дош ала вайна дуккха а меттигаш хилар ду.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: кинематографин урхаллин коллектив  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: