Тхан дозалла ду хьо, Дада

Оха гуттар а дозалла дина тхайн дех. Дозалла дан хьакъ долуш вара иза. Оха Iадада олура цунах.  Кху дуьненчохь иза воцу (Дала гечдойла цунна) 40 шо ду, делахь а тхо, йиша-ваша вовшех моссаза кхийти, цунах лаьцна ца дуьйцуш, иза ца хьахош ца Iа. Иза ца хилла я инарла а, я Iилманча а, я яздархо а, я воккха хьаькам а. Иза вара тхо итт доьзалхочун: шина кIентан, бархI йоьIан Да.06

Шийтта шо кхачаза яра со иза бакъдуьнене  дIавахча. Тхан ойланехь гуттар а оьзда, дика, хьекъале, комаьрша, майра, къинхетаме хилла висна иза. ДагадогIу цо  «Бисмалла», «Атхьаг», «Къулха» Iамийна. Хьалха-МартантIехь эвлайистехь Iаш ду тхо. Со жима йолуш Роьшна-хи кест-кеста дестий догIура, догIа деъча. Цо гуттар а говрахь воьдий хил дехьа йисна  бежнаш сехьа йохура. Хино охьадаьхьча, тIай цо юха туьллура. Кхин а дагадогIу суна цо шен ворданахь бахьий жагIа а бухкуш, некъаш тодина. Эвххьаза цуьнгара говр-ворда йоьхура тхан лулахоша шайн хьашт хилча. «Шега балучу хенахь бен ца бо нахана дика болх»,  – олура цо. Сарахь тхо лечкъаргех ловзуш, геннара тхешан ден вордан гIовгIа хезий, дуьхьал довдура тхо «Iадада вогIу! Iадада вогIу!» олий. Тхан юккъехь мел долу берийн сур Iададин вордан тIе хаа лууш хуьлура, кхин а ворданаш йоллушехь. Тхан уьйтIахь кемсин рагIу дара. Цо йохий, кемсаш лора тхуна, тхаьшна яха лиъча, буха ворда а тоттий, тIедовла яьщка хIоттайора. Некъаца стоьмийн дитташ дугIура цо, сагIийна, тIера стом  нахе баийта, олий. 48 шарахь лаьттира цо дIадоьгIна бIаран дитт оха а, наха а рицкъ оьцуш. Цо гуттар а пайхамарех, эвлаяэх лаьцна хабарш дуьйцура тхуна. Дешначу нахаца чIогIа ларам бара цуьнан.

Ша дукха жима волуш виснера иза да-нана делла. Цуьнан цхьа а йиша а я ваша а ца хилла. Вайн махкахь граждански тIом болчу хенахь, 1919-чу шарахь дуьнен чу ваьллера тхан да Висханов Iабдул-Вахьаб. Массара а санна хало а, мацалла а лайра цо. Де-дийне мел долу гIеллуш, эшалуш волу шен вешикIант гича, цIа а еана, дейишас Iалашвеш хьалакхиийна иза.

1944-чу шарахь, махках дохуш, хи эца цIерпоштан тIера охьавоьссинчохь шен дейишех къаьстина, бархI бутт хан яьккхина цо хийрачу нахаца. Цигахь кIа а, мукх а тосуш болх беш хилла иза. Ша цIа моссаза вогIу, цхьацца буй хиллал ялта дохьуш хилла цо, гIовтал чухула белшах тесна жимачу тоьрмиг чохь. Цхьаммо  мотт тоьхна, и лаца тIаьхьабевллачарах ведда, кIелхьараваьлла. Ша Iачу хIусаме а ца воьдуш вехха лелла иза. Сахуьлучу хенахь вахна дIакхаьчча, хIусамдас тIоьрмига чохь кхунна яа сискал а, мекхан хьокхам а белла, новкъаваьккхина, шен нах лаха, кхузарчу Iедало лацахь, хан тухур ю хьуна, аьлла.  Эххар а шен дейишех дIакхетта.

Хьалха-МартантIехь цIейоккхуш хиллачу, юьртан къеда волчу, IабдулгIанин хIусамехь Iийна хилла иза цу бархI баттахь. Мерза гергарло лелийра цара.

Мел йоккха харцо, хало лайнехь а, оьгIазе я дера вацара Iадада. Цо Далла хастам бора массо а хIуманна. Хууш ма хиллара, нохчашна чIогIа веза кIант. Тхан дена а везаш хилла хир вара иза. Делахь а, цо тхан доьзалехь йоI дуьнен чу моссаза йолу олура боху: «АлхьамдулиллахI! Хастам бу Хьуна, Везан Дела, Ахь, цхьа а сакхт доцуш, могаш доьзалхо валарна!» –  олий. Тхо бархI йишех цхьа а яц я Сацита, я Тоита! Мелхо а, тIаьхь-тIаьхьа йинчунна хаза, еза цIе туьллура цо. Иштта ю тхан цIерш: Минга, Ваба, Ваид, Асет, Раиса, Айзан, Марьям, Амнат, Iайшат, ПетIмат.

Ша школехь ца дешнехь а, оха доьшийла чIогIа лаьара цунна. Цо ша-шена Iамийнера йоза-дешар. Дуьнен чохь хуьлучу массо а хIуманан духе кхиа гIертара иза. Къоламца хазачу хотIаца цо яздина йозанаш ду оха лерина лелош. Цу тIехь ду яздина: туьрко, акказино заза маца даьккхина, гIаргIулеш бовхачу махка дIа маца яхана, дуьххьара ло маца диллина, марха маца даьстина, гIурба маца дина, и. дI. кх. а.

Таханлерчу дийнахь тхоьх итт доьзалхочух цхьаъ вац:  шолгIа кIант Ваид (Дала гечдойла цунна).

Дуьнен чохь, цхьа пIелг санна, ша  цхьаъ висинчу тхан де итт доьзалхочун ткъе берхIитта доьзалхо ву, (царех цхьаберш шайн кхин а тIаьхьенаш йолуш бу). Царех цхьайтта хьехархо ву: нохчийн меттан а, математикин а, физикин а, химин а, историн а, географин а, ингалсан меттан а; виъ хьафиз ву; пхиъ вайн мехкан гIаролехь лаьтташ ву.

Дуьненан даьхни ца дитнехь а, шех яккха хаза цIе йитина цо. Оха хастам бо Везачу Далла тхан иштта да хиларна! Дуккха а хан дIаяьлла иза воцу, тхо а ду берийн бераш долуш, делахь а хIинца а вонехь-диканехь вовшахкхетча, цунах дийца дуккха а диканиг хуьлу нехан.

Нохчийн мотт хьоьхуш  Соьлжа-ГIаларчу №106 йолчу школехь болх беш ю со. Хууш ма хиллара, цхьадолу  бераш аьрха ду: дарс дIаяхьа ца юьтуш гIовгIа еш, харцхьа лелаш. Ахь аз айдина дов дарх пайда кIезиг хуьлу, «шиъ» дилларх кхин гIоле ца хуьлу, цундела тIаьхьарчу заманахь, сайн аз лахдеш, бехк боккхуш олу бере: «Хьажахь, Хьенех, хIинцца ворхI-бархI шо даьлча хьан кIант харцхьа лела, школе вола аьлча, хIун ала воллу хьо? Хьо дика лелара ала-м ца воллу хьо? Хьуна ца лаьа хьайн кIанта хьайх дозалла дойла?!»

Стохка, апрель баттахь, нохчийн меттан хьехархошна юкъахь хиллачу республикин конкурсехь толамхо хиллачу Цуцаев Iалавдис элира: «Ма тера а ю хьо хьайн дех, юьхьтIера а, амалца а. Эвлаяъ санна, дика стаг вара шун да, къамелана говза а вара. Цкъа эскаре бига гулбинчу кегийчу нахе цо хьехам беш тIекхечира со. Массо а вара цуьнга лерина ладугIуш, цхьа дагах кхеташ, хаза хьехам бира цо».

Ма чIогIа хазахийтира суна цо аьлларг, цул доккха совгIат хила йиш ярий!? Дуненахь уггар  доккха ирс хета суна  наха тхан да «бусалба дог долуш, оьзда стаг вара, комаьрша вара, къонах вара» алар а, и цIе ларъеш ваха  ницкъ кхачар а.

Даржаш а, еза цIерш дуккха а ю,

Царалахь сийлахь ерг адамалла ю…

Iадада, баркалла ас олу хьуна,

Дезаниг, сийлахьниг Iаморна тхуна!

ГАЙРАБЕКОВА Айза,

Соьлжа-ГIалин №106 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо 

Суьрта тIехь: Висханов Iабдул-Вахьаб

 

№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: