Доккха маьIна долуш, жоьпалле болх бу хьехархочун болх, хIунда аьлча, къона тIаьхье кхиоран коьрта дукъ цунна тIехь ду. Собаре и хила веза, къинхетаме и хила веза, дешархоша шена бинчу цатомана къинтIера волуш и хила веза. Ткъа и сийлахь болх балур бац, нагахь цу балхе болу безам шен сица бацахь. Карарчу хенахь, Соьлжа-ГIаларчу №25 йолчу школехь болх беш волу Аржиев Бадрудди ву и говзалла хаьржинчех цхьаъ. КIеззиг дийца лаьа.
… Иза 1973-чу шеран 15-чу августехь дара. Iуьйранна 9 сахьт долуш ша дешначу (Шелан районерчу) Эвтарарчу №1 йолчу юккъерчу школин «учительски» чувелира жима стаг. Чохь хиъна Iаш вара гIеметтахIоьттина цхьа хьехархо. Леррина хьаьжча цунна вевзира иза. ЯлхалгIачу классехь иза доьшуш волуш царна ингалсан мотт хьоьхуш хилла волу Хасухаджиев ШаIрани вара иза. Цуьнан хаттаршна жоп делла ваьлча, школин директор волчу хьажийра цо кIант. ПIелг тоьхна, неI дIайоьллуш, Iуьйре дика еш, чоьхьа велира жима стаг. «Диканца дукха вехийла хьо а», – олуш, охьахаийра иза школин директора Султанов Махьам-Шерипа. Шегара «направлени»дIа а кховдош цо хаийтира цунна, университет чекх а яьккхина, математика хьеха ша хIокху школе хьажийна хилар. Ша хьенан, мила ву а хаийтира. Цуьнга цхьацца хаттарш дина Махьам-Шерипа элира: «Дика ду хьо вайн юьртара волуш, кхин а дика ду хьо математик хилар». Цул тIаьхьа, цо чукхайкхира школин секретарь. Цунна тIедиллира цуьнга заявлении яздайтар а, балха дIаэцаран омра кечдар а. ШолгIачу дийнахь, школехь хиллачу хьехархойн гуламехь белхахошна иза вовзийтира, хIетахь завуч болх беш хилла волчу Успаев Хьамада. Цо элира: «ХIара Аржиев Бадрудди ву. Вайна ваийтина математикин керла хьехархо». Цу деношкахь дешаран керлачу шарна беш кечамаш а, еш ремонташ а яра. Шега далуш долу гIо-накъосталла дан волавелира Бадрудди а.
27-чу августехь хиллачу педсоветехь 9«А» классана куьйгалла дар тIедиллира цунна. Шайн хааршца тIаьхьабуьсуш ца хиллехь а, низамца долу хьал ледаро хиллера классехь. Дешаран керла шо долалуш, хуьлучу классан гуламехь, тоьллачу берех жигархойн тоба вовшахтуьйхира Бадруддис. Церан болх жигарбаккхарца цхьаьна хаарца куьйгалла дарна, дешарца, низамца долу хьелаш шо юккъе долуш тоделлера. ХIетахь хIара къона вара, болх бан догдоуьйту хьелаш алссам дара школехь.
Дешаран шо юккъе дахча, шен дешархошца математикин суьйре ян лиира цунна. ХIетахь а, чIогIа кIезиг йора уьш школашкахь. Тахана-м уьш дагайогIуш цхьа наггахь волу хьехархо бен вац. Цуьнан лаам школин куьйгалло къобалбира. Университетехь ша доьшуш волуш язйинчу курсови белхан тема яра цо суьйренна хаьржинарг. Цуьнан цIе иштта яра: «Н.И.Лобачевскийн дахар а, кхоларалла а». Шина кIирнах берашца кечам бира и «суьйре» кечъеш.
«Н.И.Лобачевскийн дахар», – аьлла яра классан старостас Мадаев Мохьмада йина доклад. Гайрабеков Дукхвахас йинчу докладан цIе яра: «Аксиома параллельных». Шен заманчохь дуьненан бакхий Iилманчашна юкъахь къийсамаш латтийна теманаш яра уьш.
Гайрабекова Марета дIайийшира Лобачевскийна дукхаезаш хилла А.С.Пушкинан «В Сибирь» цIе йолу байт. Дуккха а дешархоша дакъалоцуш дIаяьхьира математикин лерина викторина. Суьйре ерзош,къамел дира Бадруддис. Чохь хиллачу хьехархоша, районера баьхкинчу хьешаша лаккхара мах хадийра цара вовшахтоьхначу гIуллакхан. Школин куьйгалло цхьацца совгIаташ дира, грамоташ елира дешархошна. Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, Шелан районан дешаран отдело «лаккхара хьехархо» аьлла йолу цIе елира математикин хьехархочунна. ШолгIачу шарахь болх кхин а жигарабаккхарна, математика хьоьхучу хьехархойн методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхо хIоттийра иза.
Билгалбаккха лаьа цуьнан белхан коьрта кхиам. Ша балха хIоьттина ах шо даьлча, цо вовшахтуьйхира математика езачу дешархойн кружок. Кружок вовшахтохаран коьрта Iалашо яра, ницкъ кхочучу барамехь, царех математикин хьехархой бар. Iалашо йоккха елахь а, лаам кхин а боккха бара. БархI дешархо вара цо билгалвинарг. Уьш къастош тидаме ийцира церан математике болу безам, иштта хьехархой хила церан лаам хилар. Цхьана шарахь эха шарахь хаддаза болх бира оцу дешархошца. Церан дай-наношца зIе латтайора. Школехь, иштта районехь дIахьочу олимпиадашкахь лаккхара хаарш гойтуш, толамаш бохура цуьнан дешархоша. Эрна ца хиллера хьегна къа. Царех 5 дешархо физико-математикин факультете деша вахара мехкан тайп-тайпанчу ВУЗашка. Кхо дешархо: Мадаев Мохьмад, Асаева Шайман, Сулейманов Джабраил – Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете, ткъа Гайтамиров Асланбек, Идрисов Iабдулбек – Калуга гIаларчу хьехархойн институте деша вахара. Шаьш дешна бевлча, шайн школе балха схьабаьхкира уьш. Иштта кхечира Аржиев Бадрудди шен дуьххьарлерчу белхан кхиаме. 42 шо ду цо хьехархочун болх бен. Шен дахарехь иза гIиртина вац яхалур йоцу лакхенаш яха. Массо хIуманал а мехала ду цунна, тахана шен бIеннаш дешархоша, церан дай-наноша олуш долу довха дешнаш, баркаллаш. Иза бу цуьнан бахам, иза ду цхьамма а цуьнца къуьйсур доцу дахаран ирс.
З.ШАЛИЕВА
Авторан суьрта тIехь: Соьлжа-ГIаларчу №25 йолчу школин математикин хьехархо Аржиев Бадрудди
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо