(ХIара 2014-чу шеран аьхка хилла ду)
«Аэрофлот» авиакомпанино денна а еш йолчу рейсех цхьаъ яра иза. ЯК-42 хIаваан кема Соьлжа-ГIалара Стамбуле доьдуш дара. Лайнеран салона чохь цхьа а паргIат меттиг яцара – нах луларчу пачхьалкхе шайн гIуллакхашка боьлхуш бара: йохк-эцарна арабевлла а, зераташка боьлхуш а, хьошалгIа кхайкхина а, шайн цIа баха бевлла а. Пассажирашна юкъахь бераш а, кегий нах а, мехкарий а, зударий а, божарий а, баккхийнаш а бара.
Кеманан моторийн цхьанаэшшара еш йолу гIовгIа, салонехь синтеме, паргIат хьал, пассажирийн хьашташка леррина хьовсу стюардессаш – цхьа а хьовзам боцуш, тийна дIадоьдура лайнер.
Дерриге а дIадоладелира, кема лаьтта охьахаа гергадахча. Иза жим-жимма охьалахлуш дара. Шайн гIенташкахь, доьхканаш дIа а тесна, кема лаьтта охьахааре хьоьжуш Iара пассажираш. Амма, цIеххьана цамоьттург хилира: охьахааран метта, лайнер хIаваэ хьаладирзира. Стиглахь боккха го а тесна, юха а охьалахделира кема, амма охьахаар ца хилира. ШолгIа а, кхоалгIа а, пхьоьалгIа а го тесира кемано, амма охьахаалуш дацара иза. Пассажираш боьхна хьаьвзира. Цкъа хьалха лохха, юха тIеттIа чIагIлуш, резабоцучу нехан аьзнаш хаза дуьйлира салона чохь. Наха вовшашка хоьттура: «ХIара хIун ду хуьлуш дерг? Вай охьа хIунда ца ховшу? Летчикаш а цхьа а хIума олуш ма бац!».
Ткъа кема юх-юха а лаьтта тIехула хьийзара, иза, хIуъа дича а, охьа ца хаалора. ЧIогIа карзахе хьал хIоьттира: наха маьхьарий хьоькхура, «Аэрофлотана» а, кеманан экипажна а неIалташ кхайкхадора, шайн метигашкара хьала а лелхаш а чухула дIасауьдура. Стюардессаш шайн ницкъ ма-кхоччу уьш тебан гIертара, пассажирашка охьаховша бохуш, дехарш деш, йиш хаьллера церан.
– Кема цхьана агIор дазлур ду, иза чIогIа кхераме ду! Совцахьара шу, хIинцца дерриге а дIанислур ду! – нахе хаддаза дехарш дора цара.
Амма, кхерамо Iадийначу нахана цара дуьйцург ца хезара. Царна билггал хуург цхьаъ дара – шайн дахар кхерамечу хьолехь хилар. Уьш карзахбевллера, цхьана а дега совцалур а боцуш. Кегийчу нехан цхьа тоба яра, пилотийн кабини чу а лилхина, и «писаш» хIун деш ю хьовса а, цаьрца дерг «къасто» а Iалашо йолуш. Амма, куьйгаш дIаса а даржийна, шайн декъеш тIехула бен кабини чу гIур дац шу аьлла, пен санна, дуьхьалбевлла стюардессаш а бара.
Салон чохь инзаре йоккха гIовгIа яьллера, баккхийчеран маьхьарех дIаийнера берийн делхар.
Адам оцу кIуркIаманехь бусалба нехан духар дуьйхинчу, цхьана зоьрталчу стеган онда аз дийкира:
– ХIай бусалба нах! Вежарий, йижарий! Кхера ма кхера – вайн дахар Веза-Воккхачу АллахIан карахь ду! Цунна тIебилла болх! ДоIа де, вай кIелхьардахар деха Цуьнга! Иза доIа дан хIоьттира. Цу стеган ондачу озо кхечеран маьхьарий дIахьулдира:
– АллахIу акбар! АллахIу акбар! АшхIаду ла иллахIа иллаллахI! АшхIаду анна Мухьаммадан РасулуллахI!
Кестта адамийн маьхьарий дIасевцира. Деле дечу доIанан дешнаша тIеIаткъам бинера царна. Жим-жимма меттабогIуш, доIа дечу стаге ладогIа хIиттира уьш.
Цу стага къинхетамечу АллахIе даггара доьхура шаьш кIелхьарадахар. Цуьнан доIанехь хаалора кхаьрга беана бала:
– Везан Дела! Берриге а Хьайн пайхамарийн а, эвлаяийн а дуьхьа, стигалан а, лаьттан а дуьхьа, бусалба умматан а дуьхьа хIокху кеманна тIехь болчу Хьайн мискачу лайшна кIелхьарбовлар лохьа, тхан Сийлахьа, Къинхетаме Дела! – доьхура цо.
Кийрара схьадуьйла цуьнан дешнаш буто ша башшол довха дара, Деле дечу цуьнан доIанехь цхьа шатайпа шовкъ а, лазам а хаалора.
ТIаккха гучубелира Делан доза доцу къинхетам. Цо жоп делира цу стеган доIина. РогIера го а баьккхина, охьалахделла кема, меллаша лаьттана герга кхочуш дара. Эххар а иза, цунах дIа а хьакхаделла, ша охьахиинчу асанна тIехула дIахахкаделира. Кестта аэропортана юххе дIадахийтира иза пилоташа. Хазахетаран маьхьарий, тIараш деттар, гIовгIа, адамийн делар – дерриге а цхьаьнаийнера цу миноташкахь кемана чохь. Нах вовшашна марабетталуш, шаьш кIелхьардовларца вовший декъалбеш бара:
– АлхьамдуллиллахI! Везачу Далла хастам бу! Цуьнан къинхетам боккха бу! – бохуш, хастамаш бора цара.
Юха шаьш холчухIиттина боьхна хьийзачу хенахь Деле доIанехь шаьш кIелхьардахар дехначу стагана баркаллаш баха хIиттира уьш. Ткъа важа, вист а ца хуьлуш, кора йистехь Iара, наха шена баркалла аьлча, дуьхьал корта а таIош. Цуьнан карахь суьлхьанаш дара. Схьахетарехь, кхечарна чул дика хаьара цунна мел боккха бу Везачу АллахIан къинхтем, мел хьоме бу Цунна Шен лайш.
М.АРСАНУКАЕВ
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо