Нохчийн Республикин Парламентан депутат, Парламентан АПК-н, экологин, Iаламан тIаьхьалонийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхо Таймасханов Хьусайн цхьаьнакхийтира республикин газетийн а, хаамийн агентствийн а белхахошца. Дийцира хьахийначу комитетан дIадолорца республикин Парламенто тIеэцна а, тIеэца билгалдина а долчу законех лаьцна.
– Тхан комитет кхо шо хьалха кхоьллина ю. Оцу кхаа шарахь оха беш болу болх бахьана долуш, Парламенто дуккха а мехала законаш тIеэцна. Масала «Нохчийн Республикехь гонахара Iалам лардар», «Нохчийн Республикехь латтаца йоьзна юкъаметтигаш», иштта кхидерш а, – дуьйцу Хь.Таймасхановс.
Карарчу шарахь, Хь.Таймасхановс дийцарехь, комитето кеч а дина, Парламентехь дийцаре дан кхин а масех мехала закон дIалур ду. Царна юкъахь ду, масала, «Ветеринари» а, «Латтанашна хиш дахкар» а, иштта кхин а масех закон.
– Республикин АПК-н, экологин, Iаламан тIаьхьалонаш ларъярна лерина законаш тIеэцна ца Iаш, федеральни законодательство хийцадаларца доьзна а масех шо хьалха тIеэцна хилла долу республикин законаш хийцарна тIехь а боккха болх бо оха, – боху Хь.Таймасхановс.
Кхузахь ала догIу, Таймасханов Хьусайна куьйгалла деш йолчу комитето кхаа шарахь республикин а, кхечу субъекташкара дахкийтина а 380 закон теллина хилар, царех 351 тIеэцна а, 7 къобалдаза а ду. Таллам бан елла хан чекхъялар бахьана долуш 22 закон а дисна.
Республикин АПК-н, экологин, Iаламан тIаьхьалонийн терго йина ца Iаш, Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерство а, Нохчийн Республикин бахаман, латтанан юкъаметтигийн министерство а, «Чеченмелиоводхоз» а, республикера «Россельхозцентр» а, «Росприроднадзор» а ю комитетан Iуналлехь.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: Таймасханов Хьусайн
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо