экстремизмана дуьхьало ярехь Нохчийн Республикерчу
шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша хаамийн-пропагандин декъехь белхаш дIабахьарна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь терроризмана дуьхьало ярна леринчу комиссин белхан тобан цхьаьнакхетар хилира.
Цара дийцира регионехь дIаяхьа леринчу хамийн-пропагандин мероприятех лаьцна.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, цуьнан заместительша Гудаев Лоьмас, Элембаев Алихана, республикерчу муфтин заместитела Куруев Валида, ткъа иштта регионерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша, журналисташа.
Цхьаьнакхетар дIадолош Д.Умаровс йийцаре ян лерина тема билгаляьккхира, иштта, дан лерина гIуллакхаш Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Р.Кадыровга дIакхачориг хилар а хаийтира.
– Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон белхахой уггаре хьалха тидаме а, каде а хила беза экстремизман, терроризман декъехь долчу зуламечу хабаршна дуьхьало ярехь. И зуламе хабарш дуьйцучарна, яздечарна хаа деза шайн царех жоп дала дезий, – билгалдаьккхира Д.Умаровс.
Нохчийн Республикин зорбанан, хаамийн департаментан директора Вахидов Iилмана шен докладехь довзийтира терроризмана, экстремизмана дуьхьало ярехь Нохчийн Республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша хаамийн-пропагандин белхаш дIабахьа безаш хилар.
– Интернет сеташкахь а шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалийн белхаш жигарбахарна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанийн хаамийн министерствос къаьсттина тидам тIе бахийтина, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашна юкъара магораш кечдарна министерствон буха тIехь координационни мобильни туш схьаелларна, хIора кIирнах хаамийн гIирсийн мониторинган справкаш кечъярна (коьрта хаттарш билгалдохуш), – дийцира цо.
Иштта, юкъараллин хьал довзаран Iалашонца бахархошка хаттарш даран туш кхоллар, коьрта хаттарш зорбане дахар, кхин а дуккха а гIуллакхаш билгалдехира I.Вахидовас шен къамелехь.
Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин МВД-н кегийрхошлахь а, хаамийн майданахь а экстремизмана дуьхьало яран отделан куьйгалхочун заместитела В.Эльмурзаевс «Экстремизм а, интернет-майда а» аьлла йолчу шен докладехь билгалдаьккхира 2016-чу шеран 1-чу январехь дуьйна регионерчу прокурорашна экстремистски ларалуш йолу материалаш язъечарна тIехь терго латтор магийна хилар, хIунда аьлча, Россин Федерацехь экстремистски хьал уггаре а кхерамечарех ларалуш хиларна.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре мел дина гIуллакхаш а, уьш кхочушдаран жамIаш а тIейогIучу кхеташонехь довзийтар тIедиллира министра цхьаьнакхетар дерзош.
Хь.БАХТАЕВА
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо