Уггаре а маьрша район

Бахархойн дахарна-балхана кхерам цахилийтарна кхачояран конкурсехь 2015-чу шеран жамIашкахула Нохчийн Республикин Гуьмсан муниципальни районо Къилбаседа Кавказехь шолгIа меттиг яьккхина.post20988

   Бахархой а, меттиг а чолхечу хьолех ларъяран гIуллакхаш пайдехь хилар лакхадаккхарна лерина йолу конкурс округан субъектийн муниципальни вовшахкхетараллашна юкъахь дIаяьхьира Россин МЧС-н Къилбаседа Кавказан региональни туьшо.

Комиссис конкурсантийн мах хадийра 20 гайтамехула: муниципальни бакъонийн акташ, граждански оборонин гIуллакхех лаьцна методически документаш, цIе йойъуш а, нах бохамах кIелхьарабохуш а болчеран дакъош белхан метте дахаран раж кечъяр, бахархой а, меттигаш а чолхечу хьолех ларъяр, цIе яларна а, хин объекташкахь адамашна кхерам цахилийтарна а кхачояр, цхьана юкъарчу гIазанчин-диспетчерски службо болх бар вовшахтохар, кхидерш а.

Конкурсан толамхошна совгIаташ дира 2015-чу шарахь Къилбаседа Кавказан федеральни округан РСЧС-о бинчу белхан жамIаш дечу хенахь. МЧС-н СКРЦ-н хьаькама Литюк Николайс диплом делира Нохчийн Республикехь чолхе хьелаш цахилийтаран а, дIадахаран а, цIе яларан кхерам цахилийтарна кхачояран а правительствон комиссин председательна Магомадов Iабдуллина.

 

С.ЛАЛАЕВ

№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: